йолу Iилманан-практикин конференци дIаяьхьира Соьлжа-ГIаларчу Зорбанан ЦIийнехь
ДIадаханчу еарин дийнахь Соьлжа-ГIаларчу Зорбанан ЦIийнехь дIаяьхьира коррупцица къийсам латто Іаламан Iилманан-практикин конференци. Иза вовшахтоьхнера Нохчийн Республикин экономикин а, юкъараллин а кхерамзаллин совето а, Коррупцин проблемаш Iамочу а, толлучу а къоман академино а.
Цуьнан балхехь дакъалецира Нохчийн Республикин экономикин а, юкъараллин а кхерамзаллин советан секретаран заместитела Мацуев Лаудина, Академин векалша, пачхьалкхан а, муниципальни а органийн гIуллакххоша, журналисташа.
Гулбеллачарна коррупцица къийсам латторан болх муха дIабахьа беза дийцар Iалашо йолуш Москвара баьхкинера Коррупцин проблемаш Iамочу а, толлучу а къоман академин векалш.
Конференцин болх дIаболош, Мацуев Лаудина гулбеллачарна цхьаьнакхетар хIун Iалашо йолуш ду а хайтина, хьеший, Академин белхахой, бовзийтира.
Ерриге а Россехь кху тайпа конференцеш а, семинараш а еш, лекцеш йоьшуш, боккха болх бо коррупцина дуьхьал къийсам латторан академино. Таханлера болх а, цхьа а шеко йоцуш, вайна пайдехь хир бу, тIечIагIдира цо.
Академин президента, вайн махкахочо, Садаев Мусас шайн балхах лаьцна дийцира. Цо билгалдаьккхира шаьш беш болу болх пачхьалкхан а, муниципальни а органийн гIуллакххойн коррупцех долу хаарш алсамдахарна а, цуьнца къийсам муха латто беза хаийтарна а лерина хилар.
Академин Президента довзийтира Россехь коррупцица доьзна хьал. Цо дийцарехь, пачхьалкхан дуккха а гIуллакххой, лаккхарчу даржашкахь болу чиновникаш, дозанал арахьа, кхечу пачхьалкхашкарчу банкашкахь ахчанаш латтош а, уьш цига дехьадохуш а бу. И дарца цара доккха зен до Россин экономикина. Тахана цара лачкъош дерг вайн ахча ду. И къола деш хиларна вайн алапаш лахара ду, бахархошна социальни гIодар а кхачам болуш дац.
Академино дуккха а предложенеш ялийна пачхьалкхан Iедалан структурин болх тобарна а, коррупцица къийсам латторан болх жигарбаккхарна а лерина, элира Садаевс.
Цул тIаьхьа къамел динчу экономически Iилманийн кандидата, Академин лакхарчу хьехархочо Филлипов Валерийс довзийтира махкахь коррупцица къийсам латторах дерг. Коррупци кхоллаелла дукха хан ю, элира цо, тахана цунна тIехь буьззина толам баьккхина цхьа а пачхьалкх яц.
Уггаре хьалха цо бохьуш болу бохам могІарерчу гражданашна кхочу, церан дахар дика а, токхе а хила ца дуьту коррупцино. ХIунда аьлча коррупци бахьанехь товарийн мехаш лакхара хуьлу, бахархойн хьашташ кхочушдар а хIора шарахь дазлуш схьадогIу.
Коррупцица къийсам латторан гIуллакх вайн махкахь цкъачунна ледара ду. Иза тодаран керла некъш лахар ду вайн коьрта декхар, элира Филлиповс.
Профессоро, экономически Iилманийн доктора, Академин белхахочо Салихов Забира, ша къамел дан волалуш, нохчийн халкъехь шена дика хеташ дерг хIун ду хаийтира. Нохчийн гIуллакхаш, оьзда лелар, баккхийнаш ларар тайна шена, бохура цо.
Шен лекци ловзаран, самукъанечу кепехь, юкъа кест-кеста забар а ялош, интерактивни уьнах пайда а оьцуш, дIаяьхьира.
Коррупци кхоллаяларан орамаш мичара схьадовлу, цу зуламечу гIуллакхна юккъе тIеттIа алсам нах муха боьлху гайтира цо.
Академин хьехархочун Бураев Кириллан лекци бюджетан декъехь коррупцица къийсам муха латтабо дуьйцуш яра.
Конференцин болх чекхбаьлча, цуьнан балхехь дакъалаьцначарна Коррупцин проблемаш Iамочу а, толлучу а къоман академин цIарах сертификаташ делира, лекцешка ла а доьгIна, керла хаарш схьаэцаран хьокъехь.
АРСАНУКАЕВ Муса
Магомаев Артуран сурт