ТIедогIучу шарна – керла школа

Нохчийчохь конституцин къепе дIахIотторан шерашкахь мехкан ерриге а инфраструктура йохийна яра. Цу могIарехь нисъеллера ерриге школаш а. Тахана махкахь машар хIоьттинехь а, мохк кхуьуш богIуш белахь а, школаш цатоаран хьал цкъачунна хаалуш ду. Цундела боккха кхаъ хуьлу керла цхьа школа  ян йолийна аьлча.IMG_9301

   Грозненски районерчу Чечанахь а ю еш керла школа. Цигахь йолу ши школа тоьаш яцара, денна а шорлуш йогIучу юьртана. Иштта чолхе хьал хилар шена хиъча, Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана юьртахь керла школа яйтарехь гIо-накъосталла дар шена тIелаьцнера. Цул тIаьхьа Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу регионан юкъараллин фондан чоьтах болийра гIишлошъяран белхаш. Биъ баттахь йина яьлла школин гIишло. Чоьхьара хьахаран белхаш бу хIинца цу чохь дIахьош.

480 берана лерина ю керла школа. 7 435 квадратан метран лаьтта тIехь йина ю иза, ткъа ша гIишлоно дIалоцуш ерг 4 018 квадратан метр ю. Кху шеран декабрь баттахь гIишлошъяран берриге а белхаш дIаберзо безаш бу. Школа еш болчара дийцарехь, цара хазахетарца бо шайн болх. Уьш баккхийбе шайн юьртахь керла школа хирг хиларх а,  иза ярехь шаьш дакъалоцуш хиларх а.

 М.КАНТАЕВ

Суьрта тIехь: Грозненски районерчу Чечанахь еш йолу керла школа.

№132, шинара, лахьанан (ноябрь) беттан 24-гIа де, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: