Белхазалла дIаяккхарехьа гIуллакхаш до

Нажи-Юьртан районан бахархой балха нисбаран туьшехь (директор – А.Т.Сапаев) жигара дIахьо балхахь боцчу нахана белхан меттигашца кхачояран болх. Районехь цхьаболу нах пенсе бахарца доьзна паргIатъевллачу меттигашка дIаоьцу къона белхахой.

Районехь 300 гергга предприяти а, организаци а ю: школаш, библиотекаш, яртийн клубаш, иштта кхин а. Цара хIора дийнахь туьше хаам бо паргIат йовлучу белхан меттигех лаьцна. Коьртачу декъана корматаллин говзанчаш оьшу районан дешаран учрежденешкахь. Таханлерчу денна паргIат ю белхан 75 меттиг, царах 62 меттиг хьехархой, 7 – лоьраш оьшуш ю. Школашна коьртачу декъана оьшуш берш кхечу мехкийн меттанийн, цул тIаьхьа оьрсийн меттан хьехархой, физикаш, математикаш бу. Корматаллаш караерзоран Iалашонца Соьлжа-ГIала деша вахийтина 2 стаг.

– Карарчу шеран 1-ра ноябрь тIекхочуш туьшехь дIаязвина ву 3 361 белхазхо, – дуьйцу А.Сапаевс. – ПаргIатъевллачу меттигашка оха дIаэцна 168 стаг. Кхо стаг Соьлжа-ГIалахь балха вахийтина. Билгалдаккха деза дешна боцу, я оьшуш йолу корматалла йоцу болх беш боцу нах балха дIанисбан чIогIа хала хилар. Республикин дозанал арахьа болх бан баха луурш вайн боцуш бу, хIунда аьлча вайн бахархой шайн хIусамех, лаьттах чIогIа боьлла хиларна. Тхан белхахоша районан школашкахь дIахьо корматаллаш йовзийтаран, Iаморан болх. Школаш чекхйохуш болчарна цара дуьйцу районехь оьшуш йолчу говзаллех лаьцна, гIо до деша баха меттигера вузаш, техникумаш харжарехь. «Нах балха нисбаран хьокъехь» долчу законаца а, «Нах балха нисбарехь гIо даран хьокъехь» йолчу республикин программица а нийса а догIуш, болх беш боцу бахархой оха церан лаамца корматаллаш Iамо бохуьйту, я уьш белхазхой а лорий, царна белхазхойн ахча ло.

З.ФЕДОРОВА

 

№132, шинара, лахьанан (ноябрь) беттан 24-гIа де, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: