Лулахошкара хаамаш

Инарлина Петрусевична хIоллам

ЧЕРКЕССК.  Кхарачойн-Чергазийн Республикин коьртачу шахьарахь даздаран хьолехь дIахIоттийра оьрсийн инарлина Ретрусевич Николайна лерина болу хIоллам.

Эльбрусски тIеман округана а, Баталпашински уездана а Петрусевич коьртехь лаьттира XIX-гIа бIешо чекхдолучу хенахь. Амма цо дина дика гIуллакхаш тахана а дицдалаза ду халкъалахь. Цуьнга ларам бара иза нийсо езаш, цунна тIегIерташ хилла хиларна. Цо Iамийнера кхарачойн а, чергазийн  а  меттанаш. Адамашца парггIат къамел а дора церан маттахь.

 

Коьрта рынок тоеш ю

НАЛЬЧИК. ГIалин рынок тоеш махлелоран комплексехь билгалдина 200 машен дIахIотторна меттигаш яр. Иштта шордийр ду уллорчу ураман цхьа дакъа. ДIаяха билгалдина бакъо йоцуш хIиттийна баккхалш,  цхьацца хийцамаш хир бу рекламица а.Белхаш дIахьочу хенахь къаьсттина тидам тIебохуьйту историн маьIна долчу гIишлойн сибат ца хийцарна. Некъаш шордар а, машенаш дIахIитто лерина йолу меттигаш а йийр ю шайх пайдаоьцуш йоцу гIишлош дIаяхаран чоьтах.

 

Хаамаш кечбинарг – Л.МАГОМАЕВ

№132, шинара, лахьанан (ноябрь) беттан 24-гIа де, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: