21-гIа ноябрь Телевиденин дуьненаюкъара де ду аьлла дIакхайкхийна ООН-н Генеральни Ассамблейс 1996-чу шеран декабран 17-чу дийнахь.
Таханлерчу дийнахь цхьа а пачхьалкх яц телевидени йоцуш. Хаамаш бовзийтарехь коьрта электронни гIирс хилла дIахIоьттина иза. Карарчу хенахь нуьцкъала гIирсаш болуш кхиъна ю вайн телевидени. Цуьнан кхиаран новкъахь къахьегна дуккха а наха.
Генарчу 1884-чу шарахь немцойн инженера Нипков Пауля бина болу телевизионни гIирс бахьанехь юкъаелира механически телевидени. Оцу хенахь телевиденин кхиар шина агIор дара – электронни, механически. Хьалхара передачаш хилира 1936-чу шарахь Великобританехь а, Германехь а, 1941-чу шарахь – США-хь. Хьалхара телевизорш юкъаевлира XX-чу бIешеран 30-чу шерашкахь.
СССР-хь XX-чу бIешеран хьалхарчу эхехь дIаболийна телевиденис шен болх. 1930-чу шарахь Москварчу Ерригроссин электротехнически институтан лабораторехь радиотулгIенаш тIехь суьрташ гайтаран механически гIирс кечбира. 1931-чу шеран 29-чу апрелехь а, 2-чу майхь а дуьххьарлера зеран передачаш йира, пачхьалкхехь бевзаш болчу гIуллакххойн а, артистийн а суьрташ гайтарца. Цу хенахь цхьана тулгIе тIехь суьрташ гойтура, вукху тулгIе тIехь аьзнаш хозуьйтура. Ерриге а пачхьалкхехь хьажа аьтто бара оцу передачашка.
1934-чу шарахь юкъаелира аьзнийн телевидени. Передачаш дIагайтаран керла гIирс бира Москварчу Никольски урамехь. Иза тIетесна бара шуьйрагайтаран шина радиостанцина. Хьалхара аьзнийн телепередача хилира 1934-чу шеран 15-чу ноябрехь. 24:00 сахьт даьлча СССР-на халкъан артиста Москвин Ивана Чеховн «Злоумышленник» дийцар дийшира 25 минотехь. Хьовсархошна озаца вевзара иза, юьхь дика къаьсташ яцара.
30-чу шерийн чаккхенехь телевидени электронни кепе йирзира. 1938-чу шеран мартехь Шаболовски радиостанцин буха тIехь дуьххьарлера телецентр йиллира, цо шен болх дIаболийра шо даьлча.
Сийлахь-боккха Даймехкан тIом болчу хенахь ханна шен болх юкъахбита дийзира телевиденин. 1945-чу шеран 7-чу майхь хьалхара передачаш хилира. Оццу шеран чаккхенехь Европехь хьалхарчарех шен болх дIаболийра телевиденис – кIирнах шозза передачаш ярца…
1951-чу шарахь Московски телецентран буха тIехь Центральни телевиденин студи кхоьллира. Хьалхара редакцеш йира – литературно-драматически, музыкальни, берийн, и.дI.кх. Ерриге а программаш дуьххьалдIа йолчу эфирехь еш яра. Передачаш дIаязъяр а, монтаж яр а тIаьхьуо юкъаделира. Шаболовкехь хилла хьалхара журналисташ бу: Фокин Юрий, Синицын Евгений, Белов Дамир, и.дI.кх.; дикторш – Кондратова Нина, Леонтьева Валентина, Шатилова Анна, кхиберш.
Телевиденин кхиар сиха дIадоьдуш дара. 1959-чу шарахь дуьйна спутникан гIоьнца гайта йолийра. 1967-чу шарахь дуьйна бос болуш яра гойтуш йолу передачаш. 1967–1970-чуй шерашкахь болх дIаболийра «Останкино» телевизионни технически центро. Цигахь кхоьллира «Экран» кхоллараллин цхьаьнакхетаралла…
80-чу шерийн чаккхенехь а, 90-чу шеран юьххьехь а авторийн телевидени юкъаелира. Царах яра «От всей души», «В мире животных», «Клуб путешественников», кхийолу передачаш. Россин 99 процент бахархойн хьовса аьтто бу телевиденига. Болх беш 3 200 сов телерадиокомпанеш ю, царах 10 процент – пачхьалкхан. Таханлерчу дийнахь вайн хьовса аьтто бу терахьийн телевиденига.
1958-чу шарахь Грозненски телецентран хьалхара тIулг биллар лору вайн республикехь телевидени кхоллаяларан хан. Соьлжа-ГIалин уггаре а хазачу меттигехь – Соьлжа-хин бердайистехь, С.М.Кировн цIарахчу культурин а, садаIаран а паркехь яра иза. Ши гIат долу гIишло йина елира 1959-чу шеран ноябрь баттахь. Оьшуш болу техникин гIирсаш эхашарахь дIахIиттийна бевлира. Цу хенахь уггаре а тоьлла гIирсаш бара уьш. Телецентр ярца цхьаьна Iамош бара журналисташ, режиссераш, операторш, техникин белхахой.
Вайн республикерчу телевиденис 1960-чу шеран 14-чу майхь дIаболийра шен болх. Еш йолу передачаш кхаа маттахь яра – оьрсийн (50 процент), нохчийн (30 процент), гIалгIайн (20 процент). Оцу кхаа маттахь редакцеш яра – юкъараллин-политикин, хаамийн, исбаьхьаллин, юьртан бахаман, кегийрхойн, берийн, спортан. Телевиденин дог лоруш яра передачаш арахецаран отдел. Иштта яккхий, бIегIийла, паргIата чоьнаш яра телевиденехь – дIаяздаран студеш, кинояккхаран цех, дикторийн чоь, актови зал, фильмаш а, суьрташ а Iалашдойла. Къилбаседа Кавказехь уггаре а яккхийчарах яра аппаратни, иза 200 квадратни метр яра.
1961-чу шарахь НГIАССР-н министрийн советан сацамца радиовещанин комитетан цIе хийцира – министрийн советехь йолу радиовещанин а, телевиденин а пачхьалкхан комитет аьлла. Цуьнан директор хIоттийра Абашидзе Георгий, коьрта инженер – Хациев Селим. Телевиденин дуьххьарлера коьрта редактор вара Гвоздиков Иван, Саламов Мохьмад-Салахь. ТIаьхьуо Муталибов Зайнди, Горемыкин Василий, Кусаев Iадиз, Хасбулатов Ямлихан, кхиберш.
Локхалла 120 метр йолу телевиденин станцин гIишлон аьтто бара ерриге а аренца йолчу ярташкахь передачаш гайта.
1965-чу шарахь ши радиостанци а, телевизионный центр а, дIасаяхьа аьтто болу телестанци а яра. 160 эзар радиоприемник а, телевизор а, 90 эзар радиотрансляцин станцеш. Вайн телевиденис еш йолчу передачашка хьажа аьтто бара республикин 80 процент бахархойн а, иштта Дагестанан, Къилбаседа ХIирийчоьнан, ГIебартойн-Балкхаройн цхьайолчу меттигашкахь а. Цу хенахь передачаш кIорггера кхетош-кхиоран маьIна долуш, лаккхарчу тIегIанехь еш яра.
1970-чу шарахь 350 радион станци яра. 1978-чу шарахь масех нуьцкъала ретранслятор йира. Оцу хенахь техникин таронаш ледара хиллехь а, телевиденис Казахстанца, ГIиргIизойчоьнца телепередачаш йора. Цара къаьмнашна юкъара доттагIалла чIагIдора. 1979-чу шарахь 3 гIат долуш керла гIишло йира телевиденина, иштта административни-редакцин а, телевизионни кинопроизводствон а гIишлош. Болх бан болийра видеодIаязъяран гIирсаша. ХIетталц (20 шарахь сов) дуьххьалдIа еш яра передачаш. 1980-чу шарахь телевиденин белхахой алсамбовлу – 200 сов белхахо а, юьртара корреспондент а. Оццу шарахь видеодIаязъяран хьалхара студи йо. 30 шарахь къахьоьгуш вовшахтоьхнарг 1990-чу шерашкахь хIаллакдан долийра…
…Таханлерчу дийнахь Нохчийн Республикин бахархойн хьовса аьтто бу «Первый канал», «Телеканал «Россия», Рен-ТВ, НТВ, «Спорт», «Культура» ерригроссин телепрограммашка. Иштта Нохчийн Республикин ГТРК «Вайнах», ЧГТРК «Грозный», «Некъ» каналашка.
Л.ДАУТОВА
№132, шинара, лахьанан (ноябрь) беттан 24-гIа де, 2015 шо