Дукха хан йоццуш Пятигорскехь Россин Президентан юьззина бакъонаш йолу векал Меликов Сергей цхьаьнакхийтира Къилбаседа Кавказан федеральни округана чуйогIучу регионашкахь адамийн бакъонаш ларъяран векалшца. Цунна довзийтира хIора регионехь а адамийн бакъонаш ларъяран декъехь долу хьал, къастийна цхьалхадаха дезаш хьалха лаьтташ долу декхарш, пачхьалкхан Iедалан органашца йолчу юкъаметтигех дерг.
Цхьаьнакхетарехь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикехь адамийн бакъонаш ларъяран Векал Нухажиев Нурди а. Цо тIе тидам бахийтира мехкан Президентан векалца хилла къамел чIогIа мехала а, шайна пайдехь а хилла хиларна.
– Россин Президентан векала ша динчу къамелаца гайтира болх тобарна тIехьажийна йолу билггал предложенеш регионашкарчу векалша шена хьалха хIитторе иза хьоьжуш хилар, – билгалдаьккхира Нухажиев Нурдис. – Адамийн бакъонаш ларъяран векалан институтан мехалла билгал а йоккхуш, Цо хаийтира пачхьалкхан куьйгалла иза кхидIа а чIагIъян ойла йолуш хилар, Гражданийн бакъонаш ларъяран гIуллакхехь пачхьалкхан тешаме гIортор хилла дIахIотта езаш хилар. Цо схьахаийтира адамийн бакъонаш кIоршаме талхош хилла меттигаш шена йовза луург хилар, оцу декъехь къастоза долу гIуллакхаш цхьалхадахаран некъаш векалша довзуьйтийла шена луург хилар.
Нохчийн векал боккха там хилла вара цхьаьнакхетарехь Нохчийн Республикехь адамийн бакъонаш ларъяран Векалан институтан белхан, зеделлачун, цуьнан башхалла йолуш хиларан, тIаьхьало йоллуш дIахьош болчу белхан кепийн С.Меликовс лаккхара мах хадийна хиларх. Президентан векала хьалха хIоттийра округана чуйогIучу регионашкахь и зеделларг шуьйра Iамо а, цунах пайдаэца а безаш хилар.
Шен рогIехь Н.Нухажиевс гулбеллачарна йовзийтира Нохчийн Республикин бакъонаш ларъяран пачхьалкхан институт кхоллаяларан чолхе истори, ма-дарра дийцира балха тIехь тахана долуш долчу хьолах лаьцна. Цо дагадаийтира цуьнан юьхь Нохчийн Республикехь гражданийн бакъонаш ларъяран гIуллакхашкахула волчу Россин Президентан лерринчу векалан институт йилларан хьокъехь долчу РФ-н Президентан 2000-чу шеран мартехь арадаьллачу указна тIера дIайолалуш хилар. Доккха маьIна долуш хилира «Нохчийн Республикехь законность а, бакъонан къепе а ларъярна кхачоярехь кхитIе а дан дезачу гIуллакхийн хьокъехь» аьлла 2002-чу шеран 24-чу октябрехь Кадыров Ахьмад-Хьаьжас буха куьг яздина указ а.
Нохчийн векала къаьсттина билгалдаьккхира Ахьмад-Хьаьжас гIолацар бахьанехь Iедалан ерриге а органашкахь, юкъараллехь гражданийн бакъонаш ларъяран институтан ларам хиларна кхачойина хилар. Доккха гIо до цунна Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана а.
– ДIаяханчу хенан ерриге а йохаллехь оха жигара цхьаьнагIуллакхаш дора адамийн бакъонаш ларъяран дуьненаюкъарчу организацешца, Россехь болчу тхешан накъосташца, – кхидIа а дуьйцура Н.Нухажиевс. – Хьалха лаьтта декхарш дийцаре дарал совнаха стеган бакъонах, институт шаръеш-тоярх тхайна хеташ дерг довзуьйтура. Иштта, Нохчийн Республикехь итт шарахь кхочушйира тхан республикехула Россис а, Европин Совето а цхьаьнагIуллакхаш даран программа. Карарчу хенахь йоккхачу жигараллица дIахьош ду гражданашна шайн бакъонаш йовзийтаран регионан чубоьхкинчу Нохчийн Республикин бахархойн бакъонаш ларъяран, дешархошна шайн бакъонаш йовзийтаран, кегийрхойн бакъонаш ларъяран программаш кхочушъяр. И Iалашо йолуш ю оцу декъехь гIуллакх деш йолу подпрограммаш а.
Адамашна шайн бакъонаш йовзийтаран болх дIабахьарехь доккхачу маьIне гIуллакх лору векала оцу гIуллакхех лаьцна дуьйцуш йолу литература арахецар. Оцу тайпана йолу 14 книга арахецна республикехь, шайн юкъара тираж 30 эзар экземплярал сов а йолуш. И книгаш а, брошюраш а маьхза дIаелла республикерчу школашна, библиотекашна. Уьш иштта дIакхачайо бакъонаш ларъяран органашка, Россин ФСИН-н регионерчу урхаллин леррина йолчу учрежденешка. ХIора баттахь арадолуш ду газет, гIуллакх деш ю Векалан сайт. Боккха тидам тIебохуьйту шуьйрачу хаамийн гIирсашца латтош йолчу зIенашна. Ма-дарра аьлча, уьш хаддаза гIуллакх деш ю. Нухажиев Нурдис тIе тидам бахийтира и берриге а кхиамаш Нохчийн Республикин Куьйгалхочуьнгара Кадыров Рамзанера доккха гIо хилар бахьанехь хилла хиларна.
Цхьаьнакхетар чекхдолуш нохчийн векала Меликов Сергейна елира «В поисках национальной идентичности», «Депортация народов: ностальгия по тоталитаризму» аьлла шен книгаш а, ткъа иштта 2014-чу шарахь Нохчийн Республикехь адамийн бакъонаш ларъяран Векала бинчу белхан хьокъехь йолу доклад а. Граждански юкъаралла хIоттаран а, кхиаран а гIуллакхана юкъа йоккха хазна йилларна, гражданашна Конституцис елла бакъонаш ларъярна, къаьмнашна а, динашна а юккъехь барт, машар чIагIбарна, ткъа иштта граждански юкъараллина а, Iедалан органашна а юккъехь цхьаьнагIуллакхаш дар чIагIдарехь хьуьнарш гайтарна Нохчийн Республикехь адамийн бакъонаш ларъяран Векалан экспертни советан сацамца Россин Президентан Къилбаседа Кавказан федеральни округехь юьззина бакъонаш йолчу векална Меликов Сергейна совгIат дира Нохчийн Республикехь адамийн бакъонаш ларъяран Векалан «Граждански юкъаралла кхиорехь хьуьнарш гайтарна» аьлла йолчу 1-чу даржан мидалца.
Иштта цхьаьнакхетарш доккха маьIна долуш лерира регионашкарчу адамийн бакъонаш ларъяран векалша. Шайна оцу балхахь зеделларг довзийтира. Бакъонаш ларъяран болх керлачу тIегIане баккха цара гIо дийриг хиларх тешна а болуш цуьнан декъашхоша сацам бира иштта цхьаьнакхетарш тIейогIучу хенахь а дIадахьа.
Ведомствон сайтан хаамех пайда а оьцуш, зорбане кечйинарг – Л.АБУБАКАРОВ
№132, шинара, лахьанан (ноябрь) беттан 24-гIа де, 2015 шо