Цхьа-ши дош…

  «Иблисан пачхьалкхан» гIеранийн тIеман чIагIонашна, мехкадаьтта доккхучу меттигашна денна бомбанаш, ракеташ етта Россин 60 сов кемано.

***

   Шемин Президента Б.Ассада дIахьедина: «ИГИЛ-н» тIеман ницкъашна США коьртехь йолчу коалицис цхьана шарахь динчул алсам зен дина Россин кеманаша шина баттахь.

***

   «Иблисан пачхьалкхана» герзашца а, патармашца а, кхечуьнца а гIо деш ю лаххара а 40 пачхьалкх. Цу юкъахь ю террористашна дуьхьал къийсам дIабахьа беза бохуш кхайкхамаш беш ерш а.

***

   Малайзин Куала-Лумпурехь дIаяьхьначу Х-чу Малхбалеазиатски форумехь дакъалоцуш хиллачу Россин Премьер-министран Д.Медведевн цхьаьнакхетар хилира ООН-н генеральни секретарца Пан Ги Мунца.

***

   Малин пачхьенерчу цхьана хьешацIенна тIелатар дечу хенахь террористаша байъинчарна юкъахь Россера ворхI стаг ву.

***

   Иордан хинан малхбузе агIор Израилан полицин белхахоша кхо палестинхо вийна маьршачу нахана тIелата гIоьртина хилар бахьана долуш.

***

   Мьянмехь токхамаш хиларца доьзна бIе гергга стаг кхелхина, кхин а бIе стагах хилларг цкъачунна хууш дац.

***

   Финляндехь доккха ло диллина, мехаш а хьоькхуш. И бахьанехь токан серий а хедда, 55 эзар цIа электросерло йоцуш дисира.

***

   ГIиргIизийчохь мохк бегийна. Iаламан бохамо бахархойн диъ эзар цIа дохийна. Даккхий зенаш дина 50 сов школина, больницина.

***

   Аргентинехь президентийн харжамийн шолгIа тур дIаяьхьира. Оцу турехь дакъалоцуш хиллачу кандидаташна юкъахь яцара мехкан таханлера президент. Харжамийн жамIаш тахана-кхана девзар ду.

***

    Иран а, Росси а космосан декъехь цхьаьнагIуллакхаш дан лерина ю. Цу хьокъехь болчу бартана куьйгаш яздина шина пачхьалкхан векалша.

***

   Леррина операци дIахьочу хенахь кIирандийнахь ГIебартойн-Балкхаройчохь хIаллакйина шена юкъахь 14 террорист волу зуламхойн тоба. «Иблисан пачхьалкхан» гIолоцуш хилла уьш.

 

№132, шинара, лахьанан (ноябрь) беттан 24-гIа де, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: