Эскаре – даздаран хьолехь

Нохчийн Республикин тIеман комиссариатан кертахь масех де хьалха даздаран хьолехь эскарехь гIуллакхдан новкъаяьккхира Нохчийн кегийрхойн тоба. Нохчийн халкъа юккъехь даима а сийлахь а, деза а лерина бIаьхаллин декхарш кхочушдар. Тахана кхин а чIогIа лакхабаьлла бIаьхаллин декхарш кхочушдаре, бIаьхочуьнга болу сий-ларам. Ткъа оцу дийнахь эскарехь гIуллакхдан новкъавоккхуш верг 80 жима стаг вара. Цара гIуллакх дийр ду Россин къилбехь долчу эскаран дакъошкахь.

Хинболу бIаьхой декъалбан а, цаьрга вистхила а, царна хьехар дан а веара Нохчийн Республикин Парламентан Председатель, Россин Турпалхо Даудов Мохьмад. Нохчийн Республикин Куьйгалхочун нуьцкъаллин блокехула волу гIоьнча Мартынов Даниил, Нохчийчоьнан тIеман комиссар Джайрханов Ахьмад.

Эскаре баха новкъабовлуш болчу кегийрхошна Даудов Мохьмада дийцира эскарехь гIуллакхдар къонахчун декхар хиларх, бIаьхаллин духар тIедухарца царна доккха жоьпалла тIедужуш хиларх лаьцна. Цо царна тIедиллира Даймохк ларбархочун сийлахь декхарш хьакъ ма-дду кхочушдар, шаьш нохчийн къоман векалш хилар цкъа а диц ца дар. Баккъал а шен Даймохк, шен халкъ лардарал сийлахь декхар хуьлийла а дац. Цундела хирг-хир ду-кх вайн кегийрхой эскарехь гIуллакхдан лууш хилар.

ХIара шо чекхдалале вайн республикера 500 жима стаг гIур ву эскарехь гIуллакхдан. Дагадаийта лаьа, 2014-чу шарахь Нохчийчуьра кегийрхой эскарехь гIуллакхдан кхайкхар сацийна хилла хилар. Кадыров Рамзанан цу хьокъехь къамел хилира Россин оборонан министраца Шойгу Сергейца. Цул тIаьхьа федеральни министра шен лерринчу омрица бакъо елира Нохчийн кегийрхошна эскарехь гIуллакхдан. Иза мехала гIуллакх ду. Иза билгал а доккхуш, Даудов Мохьмада цаьрга дийхира шайн дайн, халкъан юьхь ларъяр. Иштта дIахаийтира бIаьхаллин декхарш кхочушдарехь церан баккхий кхиамаш хуьлийла шена лууш хилар. Шен къамел дерзош цо шен а, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан а цIарах некъ дика баран дешнаш элира кегийрхошка.

Царна хьехамаш беш, бIаьхаллин декхарш кхочушдарехь церан аьтто хила шайна лууш хилар хоуьйтуш къамелаш дира Джайрханов Ахьмада а, Мартынов Даниила а.

С.ХАСАНОВ

 

№132, шинара, лахьанан (ноябрь) беттан 24-гIа де, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: