Зуламхой бехкебо дерриге а халкъо

   Нохчийн Республикин Куьйгалхочун, Правительствон Администрацин динан а, юкъараллин а организацешца зIенаш латторан департаментан директорца Дадаев Ризванца кхеташо дIаяьхьначул тIаьхьа вайн регионера кегийрхойн юкъараллин организацийн векалш хIокху деношкахь цхьаьнакхийтира Соьлжа-ГIаларчу кегийрхойн цIийнехь. Уьш вовшахтуьйхира лакхахь хьахийначу департаменто а, Кегийрхойн гIуллакхашкахула йолчу министерствос а, республикерчу лаккхарчу дешаран заведенеша а, юкъараллин организацеша а. Кегийрхой цигахь вовшахкхеттера эвлаяан Дохтукаев Янгулби-Хьаьжин зерат дагийначара диначунна шаьш реза цахилар дIахаийта, царна неIалт  ала.postup

    Дадаев Ризвана шен къамелехь аьлла ма-хиллара Майртуьпарчу оцу зуламдайша ерриге а республика гIайгIане йожийна, юьхьIаьржа хIоттийна. «Нохчийн халкъо массо а заманахь сий а, ларам а бина эвлаяийн, шайхийн, устазийн. Вай цIенчу даггара ТIарикъатан некъаца схьадаьхкина, Устазийн весеташ кхочушдеш, хьехамаш ларбеш хилла дара. Вайн дайша хала лардина дара эвлаяийн зераташ. Уггаре а Iеса яьхкинчу хенашкахь а ца кхевдинера зераташ тIе цхьа а. Тахана динна маршо йолчу хенахь зератах цIе тесна Делан а, нехан а неIалт хиллачу оцу кегийрхоша. Царна шайн хьакъ доллу таIзар хир ду. Ткъа вай дерриге а дийр ду кхул тIаьхьа и тайпаниг Нохчийчохь цахилийта. Вай цхьа а кхуьйдуьйтур вац зераташна тIе», – чIагIдира цо.

Оцу кегийрхоша шайгара далийтинчу инзарчу зуламо оьгIазвахийтинчу, карзахваьккхинчу Нохчийчоьнан муфтис Межиев Салахь-Хьаьжас дийцира интернетехь «хьехамаш» бечу цхьана нахе ла а доьгIна, цара дуьйцург схьа а лаьцна Курчалойн-Эвлара Шайхан Янгулби-Хьаьжин зератах цIе тесна хиларх лаьцна. Оцу сийлахьчу эвлаяан зерате эхар ширк  а лерина дина цара и боьха зулам. Иза диначарна ца хаьа ширк хIун ду а, хIун дац а. (Ширк – Делаца накъост лацар – авт.)

Межиев Салахь-Хьаьжас дийцира шайн дикачу Iамалшца, Iибадаташца Далла герга бахана хиллачу, Дала шен караматаш делла хиллачу эвлаяийн, шайхийн лерам бар, сий дар АллахIан лерам бар, сий дар хиларх лаьцна. Ткъа царна дуьхьал валар, царна тIом хьебар Деле тIом хьебар ду. Ша дуьйцуш дерг тIечIагIдеш Пайхамаран (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) хьадисаш а, Къуръана тIера аяташ а далийра муфтис.

Цхьаьнакхетарехь дакъалоцуш хиллачу юкъараллин организацийн, дай-нанойн союзан векалша, студенташа дIахайтира шаьш оцу зуламхоша диначунна реза цахилар а, цара дерриге а халкъ юьхьIаьржа хIоттийна хилар а, царах къинхетам бан меттиг, некъ, бахьана цахилар а.

Иштта цхьаьнакхетарш дIахьош ду ерриге а ярташкахь, рузбанийн маьждигашкахь, дерриге а халкъо неIалт олу зуламхошна.

Д.ХУСЕЙНОВ

 

№132, шинара, лахьанан (ноябрь) беттан 24-гIа де, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: