Берашна шайн бакъонаш йовзийтира

«Россин Федерацехь маьхза юридически гIо» Федеральни закон кхочушдарна т1ехь терго латточу Правительствон комиссин сацамца ноябрь беттан 20-гIа де Россехь Берашна бакъонаш йовзийтарехь гIо даран де санна даздеш ду.берашна2

   Оцу денна лерина, Россин Федерацин Юстицин министерствон Нохчийн Республикехула йолчу урхаллин а, дешаран, Iилманан министерствон а, «Россин юристийн ассоциаци» Ерригроссин юкъараллин организацин а, Нохчийн Республикин Адвокатски, Нотариальни палатин а векалша а берашна маьхза юридически гIо даран Iалашонца цхьаьнакхетарш дIадаьхьира республикин пачхьалкхан учрежденешкахь.

Республикин районашкахь буоберашна а, ден-ненан Iуналла доцуш дисинчу берашна а, церан верасашна а маьхза бакъонаш йовзийтаран гIоьнан пункташ яра болх беш. Цул сов, оцу пункташкахь шайн бакъонаш заьIапчу берашна а, церан дай-наношна а, буобер шайн доьзале схьаэца луучарна а йовзийтира.

Берашна а, церан дай-наношна а бакъонаш йовзийтаран Iалашонца лелаш тоба а яра. Тобанна юкъабогIуш адвокаташ а, нотариусаш а, суьдан пурстоьпаш а, верасалла дIакхехьаран органийн говзанчаш а бара. Цара дуккха а дай-нанойн аьтто бира шайн берийн а, цаьрца йоьзна шайн а бакъонаш йовзийтарехь.

– ТIех хала хаттарш ца дора наха, амма билггалчу говзанчаша жоьпаш дала дезаш дуккха а нислора уьш. Суна хетарехь, уггаре а дукха хаттарш тхоьга медицинин квотийн хьокъехь делира. Оха иза тидаме а эцна, Нохчийн Республикин могашаллаIалашъяран министерствоца бертахь цу тIехь болх а беш, тхайга деллачу хIора а хаттарна жоп лохур ду, – элира Россин Юстицин министерствон Нохчийн Республикехула йолчу урхаллин хьаькаман гIоьнчас Исаев Iалихана.

И.ХАСАХАНОВ

Авторан сурт

№132, шинара, лахьанан (ноябрь) беттан 24-гIа де, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: