Проект къобалйира

«Къоман тайнигаш».Иштта яра кху деношкахь Айдамиров Абузаран цIарахчу къоман библиотекехь йовзийтинчу проектан цIе. И цхьаьнакхетар лерина дара Берийн дерриге а дуьненан денна. Иза вовшахтоьхнера Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а, динан а, юкъараллин а организацешца зIенашлатторан департаментан гIоьнца Нохчийн Республикехь берийн бакъонашларъяран векала Хирахматов Хьамзата а, Нохчийн Регионан кегийрхойн «Диалог» юкъараллин боламан  председатела Аюбова Лайлаа а. МММ

     Цхьаьнакхетарехь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а, динан а, юкъараллин а организацешца зIенашлатторан департаментан  директор Дадаев Ризван, Нохчийн Республикин юкъараллин палатин председателан заместительш Хаджимурадов Мохьмад, Муцаев Мами, «Женское достоинство» организацин куьйгалхо Базаева Либхан, яздархо Минкаилов Эльбрус, Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министерствон векал Эдисултанов Хизир, тайп-тайпанчу кегийрхойн организацин векалш, журналисташ кхиберш.

Цхьаьнакхетар долош «Къоман тайнигаш» проект а, дозанал арахьарчу пачхьалкхаша кечъечу мультикийн турпалхой чохь болчу мультикаша берашна вуон тIеIаткъам барх лаьцна йолу ролик а йовзийтира Хирахматов Хьамзата а, Аюбова Лайлаа а.

Цуьнга бIаьрг тоьхча гуш дара ролик боккха чулацам болуш хилар. Баккъал а, бераш оцу мультикаша шайн къоман гIиллакхашна хердеш хиларан а, царна  вуон тIеIаткъам беш хиларан а цхьа а шеко яц. Цунах лаьцна дийцира Дадаев Ризвана:

–  Тахана вайн бераша ловзош йолу тайнигаш а, цара гулдеш долу журналаш а вайна гуш ду. Стаг ву, я зуда ю, я акхаро ю а ца хууш, цхьанна а хIуманах тера доцу суьрташ ду вайна гуш дерш: «Бэтман», «Человек паук»,  дастаме духарш тIехь долу, «Барби» тайниг, иштта  вайна ца девзаш а дуккха а ду уьш. Тахана вайн берашна шайн гергарчеран цIерш а ца хаьа иштта дика. Уьш церан турпалхой бу. Мультикашка хьаьвсина а ца Iаш, цара школе кхоьхьучу тIоьрмига тIехь а, тетрадаша, линейки тIехь а ду церан суьрташ. Уьш тIехь долу хIуманаш леррина гулйо цара. Ткъа цхьадолчу берийн чохь церан суьрташ а хуьлу д1адиттина. Бер хьовха, воккханиг а кхералур волуш суьрташ ду уьш. Тахана муьлххачу бере хьуна хьанах тера хила лаьа аьлла хаттар дича, вай лакхахь хьахийначу «турпалхойн» цIерш йоху цара. Иза доккха зиэн ду вайн юкъараллина. Цаьрга а хьуьйсуш, бераш вайн къоман гIиллакхашна херлуш лаьтта, шайн къоман турпалхой ца бевза. Вайн берийн дай-наноша и тайпа мультфильмашка хьовсарх лардеш делахьара, дика хир дара. «Наьртъаьрстахой», «Таймин Бийболат», иштта   вайн кхечу турпалхойх лаьцна туьйранаш доьшуш хилча, цаьрга болу безам чIагIлур бара, – элира цо.

Цхьаьнакхетар дерзийра «Могаш-маьрша» телепередачин декъашхоша иллеш олуш, хелхарш деш.

З.САГАЕВА

Суьрта тIехь: цхьаьнакхетаран дакъалацархой

№133, еара, лахьанан (ноябрь) беттан 26-гIа де, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: