Билгалбехира шеран тоьлла студенташ

Айдамиров Абузаран цIарахчу къоман библиотекехь дIадаьхьира «Шеран тоьлла студент» цIе йолчу Республикин II-чу конкурсан толамхошна совгIаташ далар. Иза лерина яра Дуьненаюкъарчу студентийн денна. Вовшахтоьхнера «Нохчийн Республикин интеллектуальни туш» региональни юкъараллин организацис.IMG_8465

    ПохIме а, хьекъале а студенташ 4 номинацехь билгалбехира: «Дешарна тIехь кхиамаш бахарна», «Iилманан декъехь кхиамаш бахарна», «Вузан дахарехь кхиамаш бахарна», «Вузан тоьлла студент». Шайн хааршца билгалбевлира Вараев Зубайр (математикин а, компьютеран а технологийн факультет), Абаева Есита (биологин-химин факультет), Муртазов Зураб (медицинин институт), ткъа «Вузан тоьлла студент» номинацехь «Датон бухIан» лауреат хилира пачхьалкхан урхаллин факультетан студент, кегийрхойн Россин юкъараллин «Россин студентийн, студентийн цхьаьнакхетараллийн ассоциаци» цIе йолчу боламан Нохчийн региональни отделенин председатель  Бишаев Сулим.Дипломаш а, дагалецаман совгIаташ а делира царна.

З.ЛЕЧИЕВА

Авторан сурт

№133, еара, лахьанан (ноябрь) беттан 26-гIа де, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: