Дукха хан яц Джамбекова Маликас лоьран болх бен. Амма, иза хIинцале а шен дика цIе яккхийта ларийна. Гуш ду и болх безаш цо хаьржина хилар, муьлххачу дархочуьнца къамеле яла а, цуьнан сатедан а иза кийча хилар. 2002-чу шарахь Москва гIаларчу халкъан доттагIаллин цIарах йолчу лоьрийн институт, 2008-чу шарахь кхиамца чекхъяьккхина, интернатура а циггахь чекхъяьккхира йоIа гIалин №9 йолчу клиникин больницехь. Амма, цо тоам ца бира баьхначу кхиамех, карайирзинчу говзаллех. Цунна кхидIа а кIаргъян лиира дарба лелоран корматалла. Иштта кардиологан говзалла шаръян лууш кхечира иза Краснодаран крайрчу Очаповскин цIарах йолчу клиникин больнице. 2013-чу шарахь дуьйна Нохчийчохь лоьран болх беш ю Джамбекова Малика. Республикин диагностикин реабилитацин туьшахь хьанал къахьегарца билгалъяьлла иза. Цигахь терапин декъана куьйгаллехь ю лор. Цуьнан хьуьнаран доккха дакъа ду Нохчийчохь и дарбанан туш евзаш хиларан а, алсам дархой цига кхача лууш хиларан а. Маликехь долчу хаарша, цуьнан оьздачу гIиллакхаша, багара йолучу мерзачу Iаьнаро тIеийзабо дархой цIе яьккхинчу туьшана. ХIора дархочунна дагтIехь сирла лар, кханенах чIагIъелла дегайовхо йита ницкъ кхочу цуьнан. Цуьнца къамел даро мелла а хьаамбо дархошна. Муьлххачу стагана лоьралла цIенчу даггара до йоIа, цомгашчунна гIоли хуьлу агIо а лоху. Цуьнан эсала къамел, дарбане куьйгаш а тайна дукхах болчу цомгашчарна. Цкъа Маликица тасаделла гергарло дIа ца тосуш генна дIахьо дархоша. Боккхачу безамца йоккху цуьнан цIе. Ма дика ду иштта хьуьнаре лоьраш вайн махкахь болуш, оьшучохь вайна орцах бовла уьш кийча болуш. ХIора а дархочунна синтем бохьу церан дегнийн комаьршалло. Дала латтабойла вайна Джамбекова Малика санна кIорггера хаарш, дарбане куьйгаш долу лоьраш. Кхечу мехкашкарчу лоьрашка сатийса ца дезаш мелла а самалха дер дара вайн тIаккха.
А.АРАПХАНОВА
№133, еара, лахьанан (ноябрь) беттан 26-гIа де, 2015 шо