ХIокху деношкахь Серноводскерчу Автонекъийн техникумехь, хIора шарахь дIахьош йолу, «Дашо гуьйре» конкурс хилира. Техникуман студенташа хазахетарца дакъалецира цигахь. Адамашкахь Даймахке а, Iаламе а безам кхоллар а, вовшашца гергарло лелор а, вовшашна гIодар марздар а яра конкурсан коьрта Iалашо.
Шаьш дехкина суьрташ а, куьйга бина белхаш а бара конкурсе чубелла. Цул сов, оцу конкурсана юкъайогIура кхин а масех конкурс: «Визитка», «Музыкин-исбаьхьаллин калейдоскоп», «Театр-миниатюр». ХIора а конкурсехь жигара дакъалецира студенташа.
Иштта, цара гуьйренах лаьцна чулацаме байташ а йийшира, иллеш а элира. Конкурсан дакъалацархоша шайн куьйгашца бинчу белхашка хьаьжча хаалора, царна тIехь цара дикка къахьегна хилар. ХIора сурт а, куьйгаца бина болх а шена тIе тидам бохуьйтуш бара.
ЖамIаш динчул тIаьхьа билгалбевлира толамхой. «Банкийн гIуллакх» говзалла караерзош болу 1-чу курсан студенташа хьалхара меттиг яьккхира, шолгIа меттиг – медйижарийн №6 йолчу тобано, изза говзалла караерзош болчу студентийн №5 йолчу тобанна елира кхоалгIа меттиг.
«Вайна юкъахь цхьа а хир вуй-те гуьйре хаза ца хеташ? Оцу кеппара, шатайпа хаза мур бу гуьйре. Цунна хир ду-кх, «Дашо гуьйре» конкурсах студентийн къаьсттина самукъадалар. ХIара конкурс хIора шарахь дIахьош йолушшехь, дуьххьара иза хуьлуш санна хазахета хIоразза а», – элира конкурс дIахьош хиллачу Байкаев Беслана. Цу тIехь берзийра «Дашо гуьйре» конкурсан болх.
З.ЛОРСАНОВА
Суьрта тIехь: конкурсан дакъалацархой
№133, еара, лахьанан (ноябрь) беттан 26-гIа де, 2015 шо