Нохчийн Республикерчу Курчалойн-Эвлахь хIокху деношкахь дIаяьхьира паргIатчу кепара охьатохархлатарехула кегийрхошна юкъахь хьалхеяккхаран Республикин турнир. Дакъалоцуш бара Нохчийн Республикин РЦДЮСШ-кара спортсменаш. Соьлжа-ГIаларчу, Шеларчу, Аргунерчу, Веданарчу, Нажи-Юьртарчу, Гуьмсерчу, Неврерчу, Хьалха-МартантIерчу, Курчалойн-Эвларчу спортан школийн векалш бара царна юкъахь. Къийсадаларш дIадаьхьира шина дийнахь. Шайн-шайн йозаллин категорешкахь толамхой хилира: Азерханов (63 кг) – ДЮСШ №7, Хьалха Марта, М.Базуркаев (63 кг) – ДЮСШ №14 – Курчалойн-Эвла Ш.Арсанукаев (48 кг) – ДЮСШ №15 Ведана, И.Саидов (54 кг) – ДЮСШ №16 – Нажи-Юрт, А.Ахматов (46 кг) – ДЮСШ №15 Ведана, Р.Масаев (50 кг) – ДЮСШ №8 Теркан, Х.Хариханов (42 кг) – ДЮСШ №12 Новр-ГIала, С.Самбиев (38 кг) – ДЮСШ №4 Соьлжа-ГIала, А.Хадисов (35 кг) – ДЮСШ №7 Хьалха-Марта, Д.Дубаев (29 кг) – ДЮСШ №17 Шуьйта.
– Йоккха спортивни говзалла, корматалла гайтира хIокху турнирехь вайн къоначу спортсменаша. Ларамаза дац хIора районерчу спортсмена хьалхара меттиг яьккхина хилар, – элира РЦДЮСШ-н хьаькама Чапаев Султана.
Нохчийн Республикин спортан министерствон куьйгалло толамхой лерринчу совг1аташца билгалбехира.
З.ШИШХАНОВА
№133, еара, лахьанан (ноябрь) беттан 26-гIа де, 2015 шо