Вайн махкахой ерригроссин турниран толамхой хилира

Москвахь «Котельники» цIе йолчу спорткомплексехь Россин таIзарш кхочушдаран федеральни службин (ФСИН) леррина хьашташ кхочушдаран отделаш кхоьллина 25 шо кхачарна лерина спецназан «Факел» кубкан къийсадаларш дIадаьхьира. Цигахь дакъалоцуш вара 29 командера 130 сов спортсмен. Уьш берриге а Россин тайп-тайпанчу регионашкара бара. Россин таIзарш кхочушдаран федеральни службин Нохчийн Республикехула йолчу урхаллин леррина хьашташ кхочушдаран отделан «Грозный» тобанан хьалхара меттиг яккха аьтто белира.

Леррина хьашташ кхочушдаран отделан белхахоша дашо 4 мидал яьккхира. ДегIан йозалла 75 кийла йолчу категорехь Расуев Мохьмад-Эмис, 80 кийла дегIан йозаллин категорехь – Тураев Аюба, иштта дегIан йозалла 90 а, 70 а кийла йолчу категорешкахь Тураев Яхьяс, Джамбураев Мохьмада яьккхира.

Россин таIзарш кхочушдаран федеральни службин Нохчийн Республикехула йолчу урхаллин хьаькаман заместитела Гелагаев Iаднана даггара декъалбира спортсменаш баккхийчу кхиамашца. Иштта цо билгалдаьккхира, леррина хьашташ кхочушдаран отделан белхахоша хIоразза а шайн толамашца самукъадоккхуш хилар.

Шен къамел дерзош, спортехула кхидIа а церан баккхий кхиамаш хуьлийла шена лууш хилар хаийтира Гелагаев Iаднана.

М.МАХМАЕВ

 

№133, еара, лахьанан (ноябрь) беттан 26-гIа де, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: