Нохчийн яздархочух Нохчийчоьнан Яздархойн союзан председательх Ибрагимов Кантах Дельвиг Антонан цIарах долчу Ерригроссин совгIатан лауреат хилла. 500 эзар соьман барамехь долу ахчанан и совгIат цо хала цамгар токхуш долчу берана дарба лело сагIийна дIалур ду, телефонехула Москвара ИТАР-ТАСС-н корреспонденте хаам бира яздархочо.
«Литературин газетан» таханлерчу номерехь зорбатоьхна ю Дельвиг Антонан цIарах долчу совгIатан лауреатийн цІераш. Сан сий хилла царна юкъахь хила, – элира Ибрагимов Кантас. – Москвахь Пушкинан цIарах йолчу музейн атриумехь суна дато мидал а луш, ахчанца совгIат дийр ду оьрсийн художникан Захаров Петран биографи а, кхолларалла а шуьйра йовзийтарна а, литературехь интернационализман гIиллакхаш чIагIдарна а».
«Ас сацамбина 500 эзар сом ахча хала цамгар токхуш йолчу йоIана сагIийна дIадала, – элира яздархочо. – Дуккха а хан ю суна и доьзал бевзаш болу. Цуьнан таро яц механа деза долчу дарба лелорах мах бала. Цундела со воккхавеш ву цунна гIо дан сайн таро хиларх».
«Литературин газетин» хьалхарчу редакторан Дельвиг Антонан цIарах долу совгIат диллина хIора шарахь луш долу Россин къоман юкъара совгIат хиларе терра 2012-чу шеран 1-чу октябрехь.
Конкурсехь билгалдина ду Дельвиган дашо мидал а луш, 1 миллион соьман барамехь кхоъ хьалхара совгIат а, 500 эзар сом а, дато мидал а луш, шолгIа ялх совгIат а, 250 эзар сом а луш, «Дебют» аьлла долу кхозлагIа диъ совгIат а.
Захаров Петр кхо шо хан йолуш инарлас Ермолов Александра Дадин-Юьртара дIавигина вара. Шен 27 шо кхаьчча суьрташ дахкаран академик хилира цунах. Художник доттагIалла лелош вара Лермонтов Михаилца. Цхьаболчу говзанчашна хетарехь, М.Лермонтовн «Мцыри» поэмехь ерг П.Захаровн истори ю. П.Захаровн суьртийн лаккхара мах хадабо Малхбузехь. Цо диллина Краевскийн сурт 2012-чу шарахь Sotheby’s аукционехь цхьа миллион стерлингийн фунтал а сов ахчанах доьхкина.