Лараме школахо!
Тхо шуьга кхойкху «Дикачу гIуллакхийн» конкурсехь дакъалацаре! Конкурсехь дакъалоцуш, хьан таро хир ю гIалахь (юьртахь), районехь долу хьал тодаран хьайн проект кечъян. Тоьлашха йолчу проектийн ахчанца а, вовшахтохараллин а гIолоцур ду, хьайн проект дахарехь кхочушъян хьан таро хилийтархьама.
Конкурсан совгIатан фонд 300 эзар сом ю.
Уггаре а алсам баллаш кхаьчначу ялх проектана иза кхочушъян 50 эзар соьмал алсам доцуш ахча лур ду.
Конкурсан хьокъехь болу хаам http://anocdt.org/ сайта т1ехь бу.
Конкурсехь дакъалацархьама заявка язъян еза. Электронни кепехь йолу заявка кху электронни адресца дIаяхьийта еза: ano.cdt@gmail.com, копи – yarmarka.proektov@mail.ru адресца. Билгалъяккха еза кехатан – хааман тема: «Дика гIуллакхаш» конкурс.
Заявкин кеп: иза тхан http://anocdt.org/ сайта тIера схьаэца таро ю.
Заявкаш дIаоьцу 2015-чу шеран 7-гIа декабрь кхаччалц.
Конкурс дIахьо меттиг: Нохчийн Республика.
Конкурсан дакъалацархой: 7–10-чуй классийн дешархой.
Заявкаш яларан хенаш: 2015-чу шеран 1-чу сентябрера 7-гIа декабрь кхаччалц.
Проект кхочушъяран хенаш: 2016-чу шеран апрель–май.
Заявкаш еллачеран методически гIолацар: Конкурсан дакъалацархочунна консультацеш яла тарло хIокху телефонехула: +7(928) 888-02-03. Консультацеш лур ю Москван хенаца 11 сахьт даьлчхьана 15 сахьт даллалц.
№133, еара, лахьанан (ноябрь) беттан 26-гIа де, 2015 шо