Бахам тобелла стаг вара Соьлжера совдегар Батукаев Чину-Хьаьжин кIант Махьмуд. Юьртахь, Соьлжа-ГIалахь цIенош дара цуьнан. Хохкуш пайтон яра. Соьлжа-ГIалахь, ГIизларехь, Мазлакхехь туьканаш яра. Доьзал бара хьалакхуьуш. Делахь а, цхьа сингаттам бара Махьмудан хаддаза садууш. Цхьа а кIант вацара доьзалехь. Дуьнен чу ваьлларг а баттахь ца вехара. Цундела, 1914-чу шеран 23-чу сентябрехь кхин цхьаъ а боьрша бер дуьнен чу даьлла, кхаъ шен лере кхаьчначу минотехь да хьакъикъатана кечам бан волавелира. Нохчийчохь цIе йоккхуш вевзаш волу Iеламстаг кхайкхина, мовлад а дешийтира, кIантана цIе тиллар оцу Iелам стагана тIедиллира цо. Харонал-Аль-Рашид яра кIантана тиллина цIе. Когавахар а, кхиар а советийн заманца хилира цуьнан. Революциша шовкъаца сийсачу 1920-чу шарахь Соьлжа-ГIаларчу цхьана школин хьалхарчу классе деша вахара. Цу заманца догIуш ма-хиллара, 1927-чу шарахь ворхI класс чекхъяьккхина балха вахара. Дуьххьара Батукаев ХIарон балха вахана меттиг Шелахь яра. КIоштан изба-читальня олучу меттехь ликбезан курсаш схьаелла декхарийлахь вара къона соьлжахо. Амма, ликбезехь болх барх тоам ца бира жимачу стага. Шелахь дуьххьара драматически кружок вовшахтоьхнарг ву ХIарон. Интермедеш, кегий сценкаш ша язйора къоначу жигархочо. Уьш Iаламат маьIне, чулацаме, самукъане нислора. Республикин конкурсашкахь даима хьалхара меттигаш йохура, ХIарона куьйгалла дечу артистийн тобано. Цунна къеггина тоьшалла ду комсомолан обкомо 1929-чу шарахь иза кхайкхина Соьлжа-ГIала схьавалавар. СоьлжагIалахойн белхахойн «ПРОЛЕТБАТ» цIе йолчу клубан куьйгалхо хIоттийра иза комсомолан обкоман дехарца, кегийрхойн халкъан театр кхоллар тIедуьллуш. Оцу декхарца дукха дика ларийра Х1арон. «Пролетбат» клубехь болх беш оьрсийн а, нохчийн а меттанашкахь язйора цо шен забаре скетчаш, интермедеш, цхьана актехь йолу пьесаш. Дийнахь репетицеш йора, ткъа суьйранна, диллинчу сохьтехь кирхьа дIасаузура, рогIерчу спектаклана кечлуш. Чу ца гIорталуш, дукха адам хуьлура клубан зала чохь. Массарна лаьара артисташка хьажа. Дукха хьолахь ишттачу спектаклашкахь ши-кхо роль ловзош ХIарон хуьлура. Эххар а Соьлжа-ГIалин КПСС-н горкоман бюрохь сацам бира иза Москва театральни институте деша вахийта. Иштта 1931-чу шарахь Анатолий Васильевич Луначарскийн цIарах йолчу Москварчу театральни институтан студент хилира нохчийн верхIитта шо кхачаза волу жима стаг.
Институтехь дика доьшуш вара ХIарон. Кхечу студенташка ладоьгIча шен хаарш мелла а ледара дуй хууш, ХIарона хаддаза книгаш йоьшура. КIорггера Iамийра оьрсийн, дуьненаюкъара литература. Наггахь буьйса тIех ца туьлуьйтура керлачу спектакле ца хьожуш. Сема ладугIура оьрсийн сценин говзанчаша йоьшучу лекцешка, ирс хетара гоьваьллачу оьрсийн актераца, я актрисаца къамел дан шен аьтто баьлча. И дерриге шена сутара чуузура цо, Нохчийчу цIа вирзича оьшур дуйла хууш. Гена ца хиллера и де а. 1935-чу шарахь Соьлжа-ГIала цIавирзира Батукаев ХIарон дипломни практике. «Майра Кикила» цIе йолу гуьржийн туьйра дара цо дипломни спектакль хIотто хаьржинарг. Вайнехан къоман театрехь хIоттош яра дипломни спектакль. Бакъду, ша-шеха тоам бина, дерриге а цхьана куьйга чекхдаккха-м ца гIиртира иза. Мукъамашца гIо дар Димаев Iумаре дийхира. Коьртачу турпалхочун иллина дешнаш яздар Мамакаев Iаьрбига дийхира. Ткъа актераша цIе яьккхича тоьар долуш, тIаьхьо къоман дозалла хилла дIахIиттина говзанчаш бара: Исаева Асет, Зубайраев ЯрагIи, Туликов Абухьаьжа, Ибрагимов ИсмаьIал, коьртачу ролехь – Бадуев Мовжди. Хьовсархоша езаш тIеийцира «Майра Кикила» спектакль. Цкъа хьаьжнарг шолгIа ца хьаьжча ца Iалора цуьнга. Оццул самукъане а, алссам забарш йолуш а яра спектакль. Москвара дуьйна хьовса баьхкинчу хьехархошна тайра къоначу режиссера бина болх. Дика мах хадийра цара Батукаев ХIарона бинчу белхан. 1936-чу шарахь тIаьххьара экзаменаш дIаелла Соьлжа-ГIала цIавирзира иза. Москвахь пхи шо даьккхина цIавирзинчу жимачу стеган цIе мелла а хийцаелла яра. Заманан лехамашна жоп луш санна хIинца цунах Гарун хиллера. Цул т1аьхьа и цIе лелийра нохчийн къоман дуьххьарлерчу режиссера. Белхан накъосташа, доттагIаша «хьуна тайнарг, тхуна аьхна ду» аьлла тIелецира режиссеран керла цIе. Цундела, массо документаш тIехь Батукаев Гарун Махмудович ву иза. Институт чекхъяьккхина цIавирзича Гаруна вайнехан къоман сцени тIехь хIоттийнарг «Колхозхойн деза де» цIе йолу спектакль ю. Спектаклан бухе йиллинарг Музаев Нурдис дуьххьара язйина изза цIе йолу пьеса ю. Цунах нохчийн дуьххьарлера водевиль ала мегар ду, алсам хелхарш, зевне мукъамаш долуш, Iаламат самукъане спектакль иза хиларна. Ловзарш, синкъерамаш, шовкъе хелхарш дукха дезаш болчу вайнаха боккхучу деган айъамца тIеийцира керла спектакль. Цхьадолчу декъана церан бехк бац. «Колхозхойн деза де» спектаклехь декначу зевнечу иллешна дешнаш яздинарг Мамакаев Iаьрби вара, ткъа мукъамаш даьхнарг, Димаев Iумар вара.
Нийса хир дацара Батукаев Гарунан чолхечу дахаран некъ даима ирсаца лепаш бара аьлча. Кхоьлина денош, беттанаш, шераш кIезиг ца хилла цуьнан дахарехь. Царах цхьадерш нохчийн къоман литературин бухбиллархочун Бадуев СаьIидан цIарца доьзна дара. 1937-чу шеран аьхкенан чаккхенехь Бадуев СаьIида «ПетIамат» цIе йолу драма еара театре. Пьеса еша а ешна и хIоттор шена тIелецира Гаруна. Муьлххачу пьесехь санна режиссерана товш дерг а, товш доцург а дара «ПетIамат» пьесехь. Репетицеш дIайолийча шайна хетарг актераша къададора. Массаьрга лерина ладугIура автора. Репетици дIайоьддушехь репликаш хуьйцуш, нисъеш меттиг йогIура. Амма, цу тIехь болх бар массарна тайнера. ХIораммо а дегайовхо кхобура «ПетIаматах» башха спектакль хирг хиларх. Амма, премьерин хан герга кхочуш 1938-чу шеран февраль баттахь шийла кхаъ кхечира театре: Бадуев СаьIид набахти чу воьллина. «ПетIаматан» премьера хуьлийла дац! Иштта къинхетамза вайнехан театран репертуарера дIаехира Бадуев СаьIида язйинчу пьесаш тIехь хIиттийна ерриге а спектаклаш. Национализман ямарт бен лерина вайнехан къоман театр а дIакъевлира. Иза къемат де дара говзалла шаръелла богIучу нохчийн актерашна, кхоллараллин хьалхара гIулчаш йохуш волчу нохчийн дуьххьарлерчу режиссерана. Бакъду, церан йоьхна ойланаш, къаьхьа синхаамаш тергал беш цхьа а вацара. Ур-аттал кхечанхьа болх нисбина а, цхьана а кепара гIо-накъосталла ца дира вайнехан театран белхахошна. Эха шарахь Iийра уьш цхьанхьа балхахь-некъахь боцуш. 1938-чу шеран аьхке чекхйолуш Нохч-ГIалгIайн Республикин Iедало бакъо елира театрана болх юха д1аболо. Нохч-ГIалгIайн драмтеатран коьртачу режиссера Ванштейна Владимира Вишневский Всеволода язйина «1919» цIе йолчу пьеси тIехь спектакль хIоттош дIаболийра театро шен болх. Иосиф Сталина 1919-чу шарахь гайтина майралла, доьналла, цуьнгахь хилла доза доцу революционни шовкъ юьйцуш яра спектакль. Ткъа уггаре а коьртаниг «1919» спектакло тоьшалла дора вайнехан къоман театр Iедална, цуьнан баьччина муьтIахь хиларна. Цул тIаьхьа болх д1аболийра Батукаев Гаруна. Музаев Нурдис язйина керла пьеса еара театре. Цуьнан цIе «Асет» яра. Цу пьеси тIехь болх бан волавелира режиссер. Советийн Iедалан сирлачу зIаьнарша зевнечу ирсе юьгу некъалар гайтина, цунах ца туьлуш муьлхха а халонаш лан кийча яра пьесин коьрта турпалхо Асет. И роль къоначу актрисех Алиева Тамарех тешийра режиссеро. Тамарас Iаламат дика иза ловза а йира. Оццу муьрехь хIоттийра Батукаев Гаруна «Зайнап» цIе йолу спектакль. Саидов Билала язйинчу изза цIе йолчу пьеси тIехь хIоттийна яра «Зайнап». Ший а спектакль хьовсархоша дика тIеийцира. Делахь а, режиссеран самукъа ца долура царах. Бакъдолчу дахарна уьш мелла а юьстаха хетара цунна. Iедална, компартина хастамаш бар алсам дара цу пьесашкахь, ткъа вайнехан гIиллакхаш, Iадаташ емал дар дукха нислора. Амма кхин пьесаш яцара, ткъа болх бан безара. Зама луьра яра. Лаамаш, таронаш гал-морзах лелхара. Цундела режиссер кхин гечонаш леха велира. Гуьржийн драматурган Мдивани Георгин «Честь» цIе йолу пьеса хIоттийра цо. Даймехкан маршонна гIаролехь лаьттачу къонахех дуьйцуш йолу. Патриотизмах ойланаш дебош йолу спектакль яра, хьовсархоша езаш тIеийцира. Амма, шен ховхачу лехамашна гIортор режиссерана генна дIаяханчу заманахь карийра. Пшавелла Важин новеллаш тIехь «Ламара» цIе йолу спектакль. Оьрсийн сийлахьчу поэтан М.Ю. Лермонтовн 125 шо кхачарна лерина «Бэла» спектакль хIоттайо цо. Бэлин роль ловзош Алиева Тамара яра. Григорий Александрович Печоринан роль Мальсагов Тапех тешийнера. Максим Максимычан роль ловзош Бадуев Мовжди вара. Ткъа Бэлин вешин Азаматан роль ловзош Батукаев Гарун вара. Цо кест-кеста хIоттайора и тайпа кеп; турпалхочун васт хьакъдолчу тIегIанехь кхолла актер шена билгал ца ваьлча и роль ша ловзайора режиссера. Иза тIехдика нислора. Иштта хилира «Бэла» спектаклехь. Нох-ГIалгIайн республикин культурин кхиам хилла ца Iаш, ерриге а Къилбаседан Кавказехь гIараяьлла спектакль хилира «Бэлех».
ГIараваьлла вевзачу нохчийн поэтаца Гадаев Мохьмад-Салахьца режиссера сцени тIехь хIотто кечдо вайнехан «Адин Сурхо» цIе йолу илли. Ехха лаьттира иза вайнехан театран репертуарехь. Дийца даьккхинчуьра аьлча, вайнах махкаха бахале хьалхарчу суьйранна театрехь гойтуш хилла и спектакль. Амма спектакль дIайолаеллачул тIаьхьа, театран директор Хамидов Iабдулла хьалха волуш, сцени тIе бевллачу НКВД-шникаша сацийна спектакль, кхойтта шарна дIакъевлина вайнехан къоман театр.
Казахстанехь Ленинагорске нисбелла БатукаевгIеран доьзал. Дерриге а халкъан а санна шело, гIело, мацалла лан дийзира кхеран а. Ткъе итт шо кхаьчна жима стаг вара Гарун цу муьрехь. Аьтто баьллачу минотехь кIора боккхучу шахте балха вахара иза. Болх хала бара. Амма, къаьхьачу харцоно кийрара дог Iуьйду бала кхин а чIогIа лазаме бара. Жима стаг ца кхетара Iедалан ямартлонах, нохчийн къомана тIехь латточу къизаллех. Делахь а, цкъа а Делан диканах дог-м ца дуьллура цо. Леринагорскехь шаьш дIатарделла масех шо даьлча цхьа аьрха ойла хьаьвзира режиссеран коьрте. Цунна спектакль хIотто дагадеара. Гаруне ца лалора шен декъаза къам гIайгIано Iаьвшина иштта доьхна, гIийла гуш. Цундела, Ленинагорске кхаьчна масех вайнехан актер вовшахтоьхна иза комеди тIехь болх бан волавелира. Нохчийчохь Iачу муьрехь хелхарча болх бина волу Садыков Iандарбек юкъаозийра. Цуьнан хIусамнана Ганукаева Йисита пондар лакха схьайийхира. ХIоттош ерг дуьненна гIараяьлла «Аршин-мал-Алан» цIе йолу комеди яра, ткъа иза музыкальни комеди ю, цундела, пондар чIогIа оьшуш бара кхузахь. Зударийн ролаш дукхахъерш Зубайраев ЯрагIис, Гаруна ша ловзайора актрисин къоьлла хиларна. Мел доккха совгIат хилира цу спектаклах вайнахана, Даймахках хьоьгуш болчу царна кавказхойн зевне мукъамаш хазар мерза кхаъ хилла дIахIоьттира. Хьовсархой юх-юха богIура клубе комедига хьажа, цкъа хьажарх кхачам хуьлуш цхьа а вацара. Эххар а гIараделира нохчий хIора суьйранна клубе гуллуш, Iаламат чIогIа боьлуш хилар. ХIун ду хиинчул тIаьхьа режиссере дехарш дира «Аршин-мал-Алан» Казахин маттахь хIоттаяхьара аьлла. Казахин маттахь хIоттийна спектакль а иштта боккхачу кхиамца чекхъелира. ТIаккха изза спектакль оьрсийн маттахь хIоттор тIедиллира режиссерана. Шахтехь бечу балхах мукъа витинера иза, адамийн самукъадаьккхичхьана тоам беш. Мелла а алапа дара луш. Оьрсийн маттахь хIоттийна «Аршин-мал-Алан» иштта боккхачу кхиамца чекхъелира. Цунах долу хабарш Джамбуле дIакхечира. Юьхьанца мелла а чаьмза даьккхина дIакхачийнера и къамел: хIора суьйранна клубе гулдеш нохчийн адамаш делош ву цхьа пелхьо, уьш стенах боьлу хууш цхьа а вац. Дагахь доцуш схьакхечира областера Iедалан векалш. Амма, спектакле хьаьвсинчул тIаьхьа цара Батукаев Гарун Джамбуле дIавийхира цигахь театр кхолла. Юьхьанца нанна ца лиира Гарун шех ваьлла цигахула дIавоьдийла. Амма Iедало юх-юха дехарш дина дIа-м вигира иза. Цундела, тахана вайн дозаллийца дийца йиш ю Джамбул областан драмтеатран бухбиллархо нохчи Батукаев Гарун хиларх. Театран коьрта режиссер волуш дIаболийра цо цигахь шен болх. Масех шо далале ерриге а Казахстанехь казахийн къоман театрашна юкъахь тоьллачарех цхьаъ яра кхуо куьйгалла ден театр. Балхана чувоьллачу Гарунна вайнахана цIадерза яьллачу бакъонах дерг тIаьхьо бен ца хиира. Цул совнаха, хIотто йолийна цхьаъ-шиъ спектакль яра цуьнан уьш йитина новкъа волийла дацара. Цундела, нохчийн дуьххьарлерчу режиссеран Батукаев Гарунан Даймахка цIа верзар 1958-чу шарахь хилира. Кхойтта шарахь ша сатийсина «ПетIамат», хьовсархошна чIогIа езаелла «Майра Кикила» спектаклаш юхах1иттаярца дIаболийра цо Соьлжа-ГIалахь болх.
Iедало тIеэцначу сацамца метта-м хIоттийнера 1957-чу шарахь Нохч-ГIалгIайн автономни Республика. Делахь а, нохчий цIа берзаре сатесна Iаш кхузахь цхьа а ца карийра вайнахана. Иштта, меттахIоттийна цIе йинера къоман театрана а. 1943-чу шарахь дуьйна иза Советийн Союзан турпалхочун Нурадилов Ханпашин сийлахь цIе лелош яра театран. Делахь а, ахчанца, барзакъца, реквизитаца паргIатонаш яцара. ХIоттош йолу хIора спектакль алсам харж ян езаш гIуллакх ду. Нохч-ГIалгIайн Республикин культурин министр Татаев Ваха вара. Цкъа мацах ша актер хилла волчу цо тесна ца юьтура къоман театр, шегахь йолчу таронца гIо-накъосталла дора. Цунах дагаваьлла хIоттийра Гаруна «Теркан тулгIенаш» цIе йолу спектакль. Спектаклан бухе йиллинарг изза цIе йолу Мусаев Мохьмадан пьеса яра. Фашизмана дуьхьал латтийначу Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIамах яра и спектакль. Цу тIамехь вайнаха гайтинчу турпалаллех дуьххьарлера говзар яра нохчийн литературехь Мусаев Мохьмада язйина пьеса. Цу муьрехь зорбане дийлинчу вайн махкарчу дерриге а газеташ тIехь хастаме рецензеш ю цу спектаклах довха дешнаш ца кхоийна режиссерана а. Фашизмана тIехь Советийн эскаро толам баьккхина 25 шо кхачарна лерина хIоттийна яра спектакль. 1960-чу шеран 18-чу июнехь арадаьллачу «Ленинан некъ» газета тIехь Нашхоев Руслана яздора муьлххачу драматургица болх бан хьуьнар долуш вайн махкахь режиссура, актераш кхиъна хиларх лаьцна. «Теркан тулгIенаш» спектакло яьккхина хастаме гIовгIа дIаерзале кхечу балхана тIеверза дийзира режиссеран. Нохчийн яздархочо Ошаев Халида театре еара керла пьеса. «Ахьмар-Хьаьжа» яра пьесин цIе. Пьесин сюжет заманан лехамашна жоп луш яра. Цхьана агIор серлоне гIерта комсомольцаш коммунизман бIарлагIашкахь ирсан заза тосаделла, ткъа вукха агIор халкъ боданера ара ца долуьйтуш мокхазан гIап хилла дуьхьал ваьлла хьажо а, цуьнан хьадалча ЧIаьнтиг а. ЧIаьнтиган роль ловзош, Дала гечдойла цунна, Дениев Iальви вара, ткъа Ахьмар-Хьаьжин роль ловзош Джабраилов Iабдул-Вахьаб вара. Режиссера шайна тIедехкина декхарш тIехдика кхочушдира актераша. Делахь а, хьовсархоша спектакль тIеэцар шийло дара. Бусулбан динна а, къоман Iадаташна а дуьхьал йолу спектаклаш халкъо даима дегаза тIеоьцура. Цунах дика кхеташ волу режиссер политика, атеизм кхин хье ца еш юьртабахаман тематики тIе велира. Цу могIарера ю цо вайнехан къоман театрехь хIиттина «Уггаре а хьоменаш», «Султанан некъ», «Кайсаран ловзар» цIе йолу спектаклаш. Билгалъяккха йогIу царна юкъара «Цхьана юьртахь» цIе йолу, спектакль. Мусаев Мохьмадан изза цIе йолчу пьеси тIехь хIоттийна и боккхачу кхиамца чекхъелира вайн махкахула. Кху спектаклехь а бара дIаяханчу шираллин бода коммунисташа схьакховдинчу идеологин серлонца къийсалуш. Амма и пьеса язйинчу авторна, спектакль хIотточо режиссерана лазаме йоцу кеп карийнера, вайнехан дахарехь нислуш йолу кIайдаргаш беламе яха. Коьртачу ролехь Зубайраев ЯрагIи вара. Ломарчу цхьана юьртахь колхозан председатель вара цуьнан турпалхо – Апти. КIоштахь тоьллачарех цхьаъ ларалуш ю цо куьйгалла ден колхоз. Председательна шен цхьаннан хьуьнарца кхаьчна моьтту колхозхой цу зовкхе. Цул совнаха, цхьа аьрта «сингаттам» бу Аптин садууш. ХIусамнанас бинчу йо1аршна чоь хьалаюзуш лаьтта, юкъахь цхьа а кIант воцуш. ТIаккха кхо «хала къахьегна» гулдинарг хьанна дита деза??? Совса ю кхуьнга сутара бIаьрг бетташ. Туй тесний бен бIаьра хьожур воцуш, нисъелла жеро ю иза. Цо кIант ван там бара Аптис ялийча… ХьаьжкIаш лелочу кегирхойн бригадин куьйгалхо йолчу Алпатуна куьзганахь санна гуш ю шалхонашца юьйцина председателан мекара ойланаш. Иза луьрачу къовсаме йолу ша-шех Iехавеллачу хьаькамца. Амма и дерриге самукъанечу забарца, бехке йоцчу Iиттаршца дIахьо сцени тIехь. Цундела, кIорда ца еш тIеоьцура «Цхьана юртахь» цIе йолу спектакль. Еххачу хенахь къоман театран репертуарехь лаьттира иза. Цу муьрехь Гаруна хIоттийначарех яра «Мекхаш-Мирза» цIе йолу спектакль а. 1939-чу шарахь нохчийн яздархочо Музаев Нурдис режиссера Вайнштейн Владимира гIо-накъосталла деш халкъан забарш тIехь язйина яра и пьеса. Цу хенахь вайнехан къоман театран коьрта режиссер хиллачу Вайнштейна хIоттийнера и спектакль. Хьовсархоша езаш тIелаьцнера. Бакъду, Батукаев Гарунна мелла а гротеск сов йоккхуш керла харш карийнера «Мекхаш-Мирза» хIотторехь. Цу тIе алсам керла актераш бара спектаклехь дакъалоцуш: Дениев Iальви, Дудаев Муса, Магомадов Сайхан, иштта дуккха кхиберш. Комеди даима дукхаеза вайнахана, ткъа «Мекхаш-Мирза» санна иза самукъанечу забарх Iанаоьхуш хилча ца езийла дацара. Цул совнаха, Мекхаш-Мирзин хелхаран йиш тоххара комедех схьакъаьстийна вайн дахарехь яха йисина.
Муьлххачу режиссерана ондачу зерех чекхвалар ду дозанал арахьарчу драматургица болх бар. Батукаев Гарун даима кхиамца чекхвийлина цу зерех. Вайнехан къоман театран сцени тIехь цо хIиттийна Мольеран, Шекспиран, Шиллеран пьесаш. Уьш даима лаккхара мах хадош тIеэцна хьовсархоша. Амма, цкъа а цхьанна а дага ца деанера Батукаев Гаруна къилба Африкерчу яздархочун Питер Абрахамсан романа тIехь «Тропою грома» спектакль хIоттор ю аьлла. Цо хIотта-м йина иза, чекхдаьллачу ХХ-чу бIешеран 60-чу шерийн юьххьехь. Спектакль «Тропою грома» цIе йолчу роман тIехь Мюфке Карла йинчу инсценировки тIехь хIоттийна ю. Нохчийн маттахь «Ткъес деттачу новкъа» яра спектаклан цIе. Къилбаседа Кавказехь евзаш спектакль хилира цунах. Луларчу республикашкара, Москвара, Ленинградера дукха хьеший хилла премьере баьхкина. Цунах лаьцна хаамбо 1963-чу шеран 4-чу октябрехь арадаьллачу «Комсомольское племя» цIе йолчу газетан агIонаш тIехь.
50 сов спектакль хIоттийна Батукаев Гаруна вайнехан театран сцени тIехь. Чекхдаьллачу ХХ-чу бIешеран 70–80 -чуй шерашкахь тайнигин театрехь болх бина нохчийн къоман режиссуран бухбиллархочо. 1995-чу шеран январь баттахь динчу авиатохарша цуьнан х1усам чохь хилла цIа дIашардира. Нохч-ГIалгIайн Республикин халкъан артист, Нохч-ГIалгIайн культурин хьакъволу гIуллакххо Батукаев Гарун кхин цхьаммо а тергал цавеш, шолгIа тIом а герга гIоьртира. 1999-чу шеран сентябрь баттахь тIамах вадийна цуьнан кIенташа гIалгIайн махка дIавигира иза. 85 шо дара цуьнан тIаьххьара махках волуш. Къаналло, сингаттамаша, лазарша йийсаре лаьцнера. Делахь а, театраца йолу марзо дIаялаза вара нохчийн режиссурин къано. Сирла сатийсам бара цуьнан дахаре берзо дегайовхо кхобуш. Цунна чIогIа лаара Шекспиран «Отелло» трагеди вайнехан къоман театран сцени тIехь карлаяккха. Амма и сатийсам цуьнан кхочуш хила боьгIна ца хиллера. Махках ваьлла бутт балале 1999-чу шеран октябрь баттахь дIавелира Батукаев Гарун. Циггахь гIалгIайн махкахь Троицкое юьртахь дIавоьллина нохчийн къоман дуьххьарлера режиссер. Дала декъалвойла иза. 50 шарахь гергга шен чолхечу дахарехь луьста нислуш йолу халонаш иэшош хьанал къахьегна, махкахойн самукъадаьккхина стаг вара иза. Цундела, даха дисина цуьнан сирла васт къоман иэсехь.
А.ГАЗИЕВА
№133, еара, лахьанан (ноябрь) беттан 26-гIа де, 2015 шо