Вайн тIаьхье. Кхана цуьнга дIакховдор бу вай дахаран мукъ, мехкан хиндерг. Нагахь тахана цунна хьакъ боллу бух билла, къона чкъор ийманехь, оьзда, махкана муьтIахь кхио ницкъ кхачахь, буьззинчу барамехь кхочушдина лара мегар ду вай вешан коьрта декхар. ХIунда аьлча, оцу тIаьхьенан карахь хир ду дайн ламасташ муха лардийр ду, шен мохк муха ларбийр бу, иза муха дебор бу бохург.
Хаддаза лехамехь хилар лоьхуш болчу оцу атта боцчу балхана хьакъ йоллу хазна юкъа юьллу республикехь шен башхачу гIуллакхашца билгалъяьллачу эколого-биологин туьшан коллективо. Иза къеггина гойту цо хIора дийнахь деш долчо, берашца беш болчу доккхачу жоьпаллин балхо. Шен къастамалла йолуш бу иза. Районашкахь долчу шен дакъошца цхьаьна туьшо коьрта тидам тIебохуьйту берашкахь Iаламе болу безам ма-хуьллу алсамбаккхарна, нохчийн халкъан ламасташ, гIиллакхаш довзийтарна, церан маьIнех, чулацамах кхеторна, Iалам лардаран гIуллакхашкахь цIарна доцуш, билггал гIо дан Iаморна. Цу тIехь коьрта лара догIу туьшан куьйгаллина а, белхахошна а Iалам даггара дезаш, цуьнан хиндолчух дог лозуш берш, ойланаш шайчаьрца цхьаьнайогIуш берш алссам карийна хилар, цхьаьний дIахьош болчу балхо билггал тIаьхьенаш луш хилар.
– Цунна кхин цхьа къеггина тоьшалла хилира, – хаам бира регионан эколого-биологин туьшан директоран заместитела Идрисов Ислама, – Теркан, Грозненски, Гуьмсан, Курчалойн районийн станцийн, Аргун гIаларчу къоначу натуралистийн а, экологийн а туьшан кхитIе а дешаран хьехархоша, методисташа дакъа а лоцуш, кхитIе а дешаран учрежденин декхарш шена тIехь долчу Шелковски эколого-биологин станцехь дукха хан йоццуш дIаяьхьна семинар а. Дийцаре дан юкъадехкинчу гIуллакхаша шаьш а гойтура цуьнан мехалла – «Экологи Iамор а, нохчийн халкъан гIиллакх-оьздангалла а». Цо къеггина гойтура семинаран декъашхоша шайна хьалха хIоттийна билггал Iалашо а: шаьш дехачу регионан башхаллаш хьесапе а оьцуш, экологи Iаморан дикалла лакхаяккхар.
Кхин цхьаъ а дара оцу гIуллакхан мехалла билгалйоккхуш – районехь оцу балхана боккха тидам тIебохуьйтуш хилар. Цундела ларамаза дацара семинаран балхахь дакъалоцуш Шелковски муниципальни районан администрацин куьйгалхочун заместитель Арсанукаев Шамхан, циггарчу дешаран урхаллин говзанча Алимсултанова Хьавраъ, Шелковски лесничествон директоран заместитель Чечулаев Висали, Харьковски юьртан администрацин куьйгалхо Махтиева Баната, районан куьйгаллера кхин а цхьамогIа векалш дакъалоцуш хилла хилар.
Дукха хан яц цигахь станци схьайиллина. Амма оцу йоццачу хенахь дешаран кепаш а, хорманаш а юкъаялорехь, царах хаарца пайдаэцарехь дуккха а дан кхиъна коьртачу декъана къоначу хьехархойх вовшахкхетта йолу цуьнан коллектив. Районера ерриге а школаш юкъалоцу цара. Вовшахтоьхна 48 тоба, шайна юкъавогIуш 600 гергга дешархо а волуш.
«КхитIе а долчу дешаран учрежденешкахь экологин декъехь кхетош-кхиор» аьлла йолчу шен докладехь станцин методиста Набиева Маринас тидам тIебахийтира дешаран-талламан а, Iалам лардаран а болх вовшахтохарехь оцу гIуллакхо берашна хьалха яккхий таронаш схьайоьллуш хиларна. Дешар дIахьочу хенахь церан таро ю шаьш стенна хьуьнаре ду бохучунна зен, шаьш IаIийначу зеделлачух пайдаэца, кхоллараллин хьуьнарш гайта, толаман марзонан чам баккха. Аьлча а, станцин болх тIехьажийна бу дешархошкахь экологин культура кхиорна, Iалам лардаран гIуллакхашкахь дахаран жигара юкъаметтиг кхолларна.
Ткъа регионан эколого-биологин туьшан методистана Дидиева Фатимина хетарехь, бераш кхетош-кхиорехь, царна шайн мехкан гIиллакхаш а, ламасташ а, халкъан фольклор а йовзийтарехь билггал йолу меттиг дIалаца декхар ду шен мехкан экологин гIуллакхаш довзаро. Иза тешна ю къона тIаьхье кхетош-кхиорехь халкъан барта кхоллараллех алссам пайдаэцаро беран син-оьздангаллин дикаллашна билггал Iаткъам бийриг хиларх.
Берашкахь нохчийн халкъан гIиллакхашна, ламасташна тIехь экологин культура кхиоро, уьш кхетош-кхиоран балхана боккха Iаткъам бийриг хиларх, районан станцин директоран заместитель Газиева Деши тешна хилар, гуш дара цо семинарехь динчу къамелехь.
– Шайн юьртан исторех хьакхалуш дерг вовшахтохарца, цуьнан дийнаташ, ораматаш йовзарца кхуьу берех шайн Даймехкан бакъболу патриоташ, – бохура цо. – Ишттачу дикаллаша гIо до царна билггал долу хаарш карадерзо, шайгахь къинхетам кхио, гонахара Iалам лардан, дебо болу лаам кхолла.Станцин коллективо оцу декъехь динарг кIезиг дацахь а, дан дезаш хьалха лаьтташ кхин а дукха ду.
Практикин декъехь мастер-класс дIаяьхьначу кхитIе а дешаран хьехархочо Алихаджиева Мархас гулбеллачарна йовзийтира вайн мехкан исбаьхьаллаш. Ша аьлча, дийцира Терках, Къоьзан-Iомах, аренан жовхIар ларалуш болчу Чубутла Iомах семинаран декъашхошна хIинццалц девзина доцчух. Иштта довзийтира вайн регионан хиш чохь хуьлуш долу тайп-тайпана чIерий, лаьтта тIехь йолу текхаргаш. Иза дарца хьехархочо хаарца пайдаоьцура Нохчийн Республикин ЦIечу книгех а, тайп-тайпанчу слайдех а.
Шен къамелехь районан администрацин куьйгалхочун заместитела Арсанукаев Шамхана а дийцира къона тIаьхье кхетош-кхиорехь шаьш долчохь дечу гIуллакхех, уьш хаддазчу тергонехь латтош хиларх лаьцна. Цо гулбеллачеран тидам тIебахийтира тIаьххьарчу шина шарахь районехь берийн технически кхоллараллин цIа а, эколого-биологин станци а схьайиллина хиларна, кхитIе а долчу дешаран учрежденин болх берашна юкъахь деш долу ийманехь, оьзда, г1иллакхе кхетош-кхиоран гIуллакхаш жигарадахарна тIехьажийна хирг хиларх ша тешна хилар дIа а хаийтира. Къамел дечо иштта дIахаийтира Iаламат мехалчу оцу гIуллакха тIехь тIейогIучу хенахь а семинаран декъашхойн кхиам хуьлийла шена лууш хилар.
Къона тIаьхье кхетош-кхиоро лун болу пайда билгал а боккхуш, семинаран белхан жамIаш деш къамел динчу республикин эколого-биологин туьшан куьйгалхочо Нухигов Рамзана районан станцин хьехархойн коллективана баркалла элира цхьаьнакхетар иштта лакхарчу тIегIанехь вовшахтохарна а, дIадахьарна а. Иза тешна вара шаьш долчохь юкъадало пайдехьниг семинаран декъашхошна карийна хиларх а, шайн районашкахь цунах санехь пайдаоьцург хиларх а.
Семинаран болх чекхболуш цуьнан дакъалацархошна концерт хIоттийра.
Л.АБУБАКАРОВ
№133, еара, лахьанан (ноябрь) беттан 26-гIа де, 2015 шо