Нохчийн Республикин лаккхарчу дешаран заведенеша Iуналла дийр ду юкъарчу дешаран учрежденешна.
Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министр Байханов ИсмаьIил оцу гIуллакхан хьокъехь леррина цхьаьнакхийтира Нохчийн пачхьалкхан университетан а, Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университетан а, Соьлжа-ГIалин пачхьалкхан мехкадаьттан технически университетан а куьйгалхошца. Оцу цхьаьнакхетарехь дийцаре дира пачхьалкхан жамIашдаран аттестаци яр, «Ас ЕГЭ дIалур ю» проект а, выпускной классашкахь бинчу диагностикийн белхийн жамIаш а. Министерствос дешаран тIегIа лакхадаккхаран Iалашонца кхочушъеш йолчу программийн мехаллах а, Дешаран мах хадоран Туьшан а, дешаран белхахойн говзалла лакхаяккхаран балхах лаьцна а дийцира цхьаьнакхетарехь.
Иза дирзира оцу кхаа лаккхарчу дешаран заведенино республикин школашна Iуналла дар тIелацаран хьокъехь барт беш. Иштта, Нохчийн пачхьалкхан университето Iуналла дийр ду Соьлжа-ГIаларчу №3, №14 йолчу гимназешна а, Республикин №1 йолчу математикин школина а, Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университето Соьлжа-ГIалин №8, №18 йолчу школашна а, №14 йолчу гимназина а Iуналла дар тIелаьцна, ткъа Соьлжа-ГIалин пачхьалкхан мехкадаьттан технически университето Соьлжа-ГIалин №42, №56, №60 йолу школашна Iуналла дийр ду.
Выпускникийн дешаран кхиамаш тидаме а оьцуш, оцу тIехь оьшуш долу гIо дан дош делира университетийн куьйгалхоша. Оцу зIенийн, Iуналлин коьрта беркат хир ду университеташкахь говзанчаш кхиочара оцу выпускникашна говзалла харжарна тIехь гIо дар а, дешархойн хьуьнаре, похIме хьаьжжина деша бахарна тIехь царна накъосталла дар а.
З.ХИЗИРОВА
№133, еара, лахьанан (ноябрь) беттан 26-гIа де, 2015 шо