Белхазалла хаъал лахъелла

 Нохчийн Республикин къинхьегаман, нах балха нисбаран, социальни кхиоран министерствон хаамашца, 2014-гIа шо доладелчахьана белхазхойн барам 128 960 стаг хилла болу, хIинца 87 666 стагана тIекхаччалц лахбелла.14072015

Вайн республикехь белхазалла лахъяларан хьал довзийтира республикин къинхьегаман, социальни кхиоран министерствон бахархойн белхазаллин гIуллакхашкахула йолчу департаментан директоран заместитела Абдурахманов Хож-Баудис: «Карарчу шеран январь баттахь дуьйна белхазалла лахъяларан процент 19,9 тIера 15,4 процентана тIекхаччалц охьаяьлла. Белхазалла лахъяларехь Россехь уггаре а лакхара процент ю вайн республикехь».

Дукха хан йоццуш Россин Федерацин Президента Путин Владимира регионийн куьйгалхошца дIаяьхьначу кхеташонехь билгалдаьккхира: «Ала догIу, белхазалла лахъярца доьзна декхарш кхочушдеш делахь а, терго яза дисина кхин а дуккха гIуллакхаш хилар. Уггаре а лазамечарех ду, цу декъехь кхин а дуккха а къахьега дезаш хилар. Цундела, сан дехар ду, цу тIехь мало а ца еш болх дIабахьар».

Цуьнца доьзна, Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана къинхьегаман, нах балха нисбаран, социальни кхиоран министерствона, тIедиллина белхазаллин барам лахбарна тIехь доггаха къахьегар, пайдаэцаза йолу тIаьхьалонаш балхана юкъаялор.

– ТIейогIучу хенахь вайн республикехь промышленность а, лаьмнийн туризм а кхиоран декъехь яккхий проекташ кхочушъяр бахьана долуш эзарнашкахь белхан меттигаш хир ю, и бахьана долуш белхазалла кхин а лахлур ю. ХIинцале а, регион кхиоран декъехь лаккхара корматалла йолу говзанчаш кечбеш бу. Кхин а цхьана пхеа шарахь белхазалла 5 проценте кхаччалц лахлур ю регионехь, – билгалдаьккхира шен къамелехь Р.Кадыровс.

Таханлерчу дийнахь долу вайн республикерчу бахархойн къинхьегаман статистикин терахьаш довзийтира лакхахь хьахийначу министерствехь: 2015-чу шеран январехь дуьйна белхазхойн барам 95 444 стагана тIера 87 666 стагана тIекхаччалц лахбелла.

Хь. БАХТАЕВА

 

№133, еара, лахьанан (ноябрь) беттан 26-гIа де, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: