Безаман а, Машаран а болам дIабахьарна – кечам

ГIезалойчоьнан Машаран а, Бартхиларан а «Тарик аль-Кадыр» боламан (Марш Мира и Согласия) кхочушдаран комитето Казахстанан кхечу мехкийн гIуллакхийн министерствон гIоьнца кечбеш бу Безаман, Машаран, Бартхиларан дуьненаюкъара гIаш болам. Иза дIахьур бу Европин а, Азин а мехкашкахула 2016-чу шеран аьхка.

Боламан Iалашонашна юкъадогIу халкъашна юкъахь машар а, динашна юкъахь барт а хиларе кхайкхар, боламан некъана юкъабогIучу мехкийн дуьненан юкъараллехь дика цIе яккхар чIагIдар, синъоьздангаллин а, могашалла тояран а декъехь дуьненаюкъара туризм кхиор, къаьмнийн культурин тIаьхьалонан а, кхоллараллин а кхиамаш вовшашна бовзийтар, царех пайдаэцар, Iаламца а, нахаца а дика юкъаметтигаш лело езар, могашаллина зенехь долчу хIуманех лардала дезар кхайкхор. Цул сов, боламан балхана юкъадогIу музыкин марафон вовшахтохар а, дIахьош болчу некъана юкъайогIучу гIаланашкахь «Культурин а, машаран а, барт хиларан а денош» дIадахьар а.

Боламан некъ иштта хир бу:

– автобусашца  – Астана, Алматы, Москва, Рига, Варшава, Берлин, Амстердам, Брюссель, Париж, Бордо, Сантьяго-де-Компастела гIаланашкахула;

– гIаш – Сантьяго-де-Компастела, Сантадер, Сарагоса, Барселона, Монпелье, Марсель, Сан-Ремо, Генуя, Ливорно, Гроссето, Рим (Ватикан) гIаланашкахула;

– автобусашца юхадерзар – Венеция, София, Салоники, Стамбул, Тбилиси, Владикавказ, Магас, Соьлжа-ГIала, Махачкала, Астрахань, Атырау, Уральск, Актобе, Шымкент, Алматы гIаланашкахула;

Оцу гIуллакхан дуьненаюкъара маьIна тидаме а эцна, Нохчийн Республикин векалша а дакъалоцур ду Безаман, Машаран, Бартхиларан дуьненаюкъарчу боламехь.

А.СУЛИМАНОВА

 

№133, еара, лахьанан (ноябрь) беттан 26-гIа де, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: