Къанойн гIайгIа бо

  Къаношна хала ду шаьш цхьана бисар лан. Уьш кхечаьрца йолу уьйраш лахъелла бисаран бахьана ду хIусамда я хIусамнана кхалхар, еххачу хенахь цомгаш меттахь висар, корматаллин, юкъараллин балхах къастар.Director

  Стаг къанвелча, цуьнан цамгарш,  алсам йовлу. Баккхийнаш цомгаш хилар къонанаш хиларал  шозза лакхара ду, ткъа къенанаш – 6-зза. И цамгарш дегIан меженийн хуттургашца а, дагца-пхенашца а хуьлуш ерш ю, иштта лерса а, бIаьрса а лахдалар а ду, иштта дIа кхин а. Дукха хьолахь баккхийнаш цомгаш хуьлу, шайн хьашт шайга кхочуш а ца далуш. Уьш дийнахь а, буса а тIехь Iуналла оьшуш хуьлу.

Баккхийнаш хаддаза сагатдеш хуьлу шаьш кхачам боллуш материальни кхачо йина цахиларна. Ойла ян езаш хуьлу ечу харжийн а, уьш уггаре а хьалха оьшуш долчунна хьажоран а.

Цундела, баккхийчеран а, заьIапхойн а, дахаран чолхечу хьелашка нисбеллачу цхьаццаболчу кхечу бахархойн  а кхитIе а долу хьашташ кхочушдеш ю Алпатовски социально-могашалла тояран туш. Иза 20 меттиг йолуш ю. Кхузахь бехачу бакхийчарна а, заьIапхошна а, церан хенашка а, могашаллин хьелашка а хьаьжжина, бегIийла хьелаш кхуллуш ю туьшан белхахойн коллектив, церан могашалла тоярна гIуллакхаш до. Уьш Iалашбо, вовшахтуху церан садаIар, мукъа хан, кхидолу гIуллакхаш а до.

Туьшехь дика хьелаш кхоьллина баккхийчеран а, заьIапхойн а дахарна. Дикачу говзанчаша муьлххачу хенахь а медицински а, психологически а гIо до.

– 2015-чу шеран кхоалагIачу  кварталехь 153 стеган хьашташ кхочушдина кхузахь, кхачанца а, дахаран-Iеран хьашташ кхочушдарца а, садаIа хьелаш кхолларца а кхачо яр 29 239-за хилла, медицински хьашташ кхочушдар – 13 421-зза, физиотерапевтически хьашташ – 255-зза, иштта дIа кхин а, – билгалдаьккхира туьшан директора Т.Пашаевас.

Р.ЮНУСОВА

 

№133, еара, лахьанан (ноябрь) беттан 26-гIа де, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: