Вайн республикин кегийрхой а, кхиазхой а экстремизмах, терроризмах, наркоманех, иштта кхидолчу вуочу хIуманах ларабалийтаран Iалашонца Нохчийн Республикин кегийрхойн «Ахмат» боламан декъашхоша дийнахь а, буса а кхетош-кхиоран белхаш дIахьо тайп-тайпанчу учрежденешкахь, предприятешкахь, организацешкахь.
«Ахмат» организацин хIора районерчу жигархоша, кегийрхойн «Путин» боламан декъашхошца а, районийн Администрацийн векалшца а цхьаьна тайп-тайпана гIуллакхаш дIахьо. Цара леррина болх бо экстремизман, терроризман тобанаша интернетехула кегийрхошна тIеIаткъам ца байтарехьа. Кегийрхой царах ларабалийта, цу хьокъехь Iеламнахе хьехамаш байта схьагулбо кегийрхой а, кхиазхой а. Наркотикаша, могашалла талхочу кхечу хIуманаша шайл тIаьхьа доккха зулам дуьту, кегийрхошна юкъахь даьржинчу «энергетически» олучу маларша кегийрхойн могашалла х1аллакйо. Царах ларбаларе а кхойкху цара кегийрхой. Иштта, некъан бакъенаш йовзийтарна тIехь болх бо боламан декъашхоша.
Буьйсанна арахь долу хьал толлуш, рейдаш дIахьо. Кафешкахь, кхийолчу самукъадаккхаран меттигашкахь хуьлучу кхиазхошна, кегийрхошна тIехь терго латтош, цаьрца кхетош-кхиоран белхаш дIахьо.
Хь.УМАРОВА
№133, еара, лахьанан (ноябрь) беттан 26-гIа де, 2015 шо
Дала Аьтто бойла шуна.
Иза чIогIа оьшуш а хьамма бина, цхьамма бан безаш болх бу, Нагахь вайн тIекхуьуш йолу тIаьхьенан кханенна вай гIайгIа беш далахь. Ширачу заманахь, кIант пхийттара ваьлча, къонах ву, стаг хилла оли шена ма-хетта шен дахар дIакхехьа марша вуьтур. Таханалерчу дийнахь дукха хIума ду денна хийцалуш. Вуонаш дукха ду. Ур-атталла, гIен метта хIоьттина стагна аьтта сацам балур боцуш вуон кхачам болу хIуманаш сов даьлла тIаьхьарчу заманахь.
Ларамца
Районерчу (кIоштерчу ??11
Учреждение (гIулкхант) ??!!