Нохчийн Республикин Куьйгалхочун, Правительствон Администрацехь хилира «Меттигашкахь шаьш урхалла даран законодательствон баххаш» аьлла долу гIуллакх дийцаре дарна лерина йолу семинар-кхеташо.
Цигахь дакъалецира Администрацин куьйгалхочун заместитела Бисултанов Яхьъяс а, ткъа иштта пачхьалкхан Iедалан, муниципальни вовшахкхетараллийн органийн векалша а.
Семинар-кхеташонехь дийцаре дира муниципалитеташ кхиоран некъийн а, ткъа иштта меттигашкахь шаьш урхалла даран органийн жоьпалла а, церан таронаш а дIасанисъярехь Россин Федерацин Президентан Путин Владимиран тIедахкарш кхочушдаран а хьокъехь долу г1уллакхаш.
Докладийн коьрта тема яра муниципалитеташ а региональни министерствошца цхьаьна гIуллакхаш дар а, бюджетан ахчанех санехь хуьлучу кепара пайдаэцар а.
Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Р.Кадыровн тIедахкарш кхочушдарна тIедоьгIна, пачхьалкхан Iедалан, муниципальни вовшахкхетараллийн органийн векалша дийцаре дира меттигашкахь шаьш урхалла даран органийн бюджеташ вовшахтохарехь дотацин дакъа лахдаран некъаш.
Я.Бисултановс билгалдаьккхира меттигашкахь шаьш урхалла даран органийн куьйгалхойн а, векалийн а корматалла лакхаяккхарна лерина йолу иштта семинараш тIейогIучу хенахь а дIахьуриг хилар.
«Республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан тIедахкарш а, Россин Президентан Путин Владимиран указаш а кхочушдеш, вай тахана дIаяьхьна меттигашкахь шаьш урхалла даран органийн болх тобарна лерина йолу хьалхара семинар. Билгалдеш ду муниципалитеташна методически материалашца кхачоярна а, церан болх шарбеш-тобарна а лерина долу иштта гIуллакхаш тIейогIучу хенахь а шен-шен хенахь дIадахьар», – билгалдаьккхира Я.Бисултановс.
Нохчийн Республикин Куьйгалхочун,
Правительствон пресс-служба