Россин СУ-24 кема Хонкаран кемано дохоран хьокъехь
Бомбанаш етташ долу Россин СУ-24 кема Хонкаран кемано дохорах лаьцна шена хетарг элира Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана.
«Сан цхьа а шеко яц, Хонкара, ша диначунна, кхин а ехха дохкоюьйлуш Iийриг хиларан. ХIоразза а доттагIалла, цхьаьнагIуллакхаш дар дуьйцучара иштта тешнабехк бойла дацара», – яздина Р.Кадыровс инстаграмерчу шен агIон тIехь.
Иштта республикин Куьйгалхочо къобалдира Россин Президента Путин Владимира оцу хиламах «букъа тIехьашхула тохар» аьлла хилар. Ша цуьнан муьлхха а омра кхочушдан кийча хилар а хаийтира цо.
«Со дика кхеташ ву хIинцалерчу хьелашкахь Россин Президентан Путин Владимиран экономикин, социальни проблемаш дIаяхарехь, дуьненаюкъарчу терроризман кхерамах мохк ларбарехь, кхерамазалла латторехь бан безаш дуккха а болх хиларх. Цундела, сайн декхар хета суна, со а, Нохчийн Республика а, нохчийн къам а муьлхха а омра, тIедиллар (иза мел хала делахь а) кхочушдан кийча хилар дIахаийтар. Цу гIуллакхана тхан лаам а, дог-ойла а, ницкъаш а, дика кечам а бу, эзарнаш нах а бу, шайн лаамехь гIо дийр долуш. Тхо гуттар а кийча ду! Шуна гур ду, Россин бакъболчу патриоташа омра кхочуш муха до», – чIагIдира Кадыров Рамзана.
Билгалдаккха деза, Р.Кадыровс и къамел дале хьалха, Хонкаран кемано Россин кема чудаийтар емалдеш Владимир Путина къамел дина хилла хилар.
«Оцу бохамо Россин Хонкаран юкъаметтигашна вуочу агIор боккха тIеIаткъам бийр бу, вуон тIаьхьалонаш а хир ю цуьнан. Вайна Хонкара уллера лулахо хетта ца Iара, гуттар а доттагIаллин пачхьалкх лерина яра иза. Цул сов, Россин куьйгаллица маслаIат лахаран я шаьш динчух жоп даларан метта, Хонкаран Iедалша сихонца НАТО-га дIахьедар дина гIо-орца дехна», – элира Россин Президента.
Цу тайппана дерг вайн махкаца чекхдериг цахилар дIахаийтина Россин куьйгалло а, Россин оборонан министерствос а.
А.ХАСБУЛАТОВА
№133, еара, лахьанан (ноябрь) беттан 26-гIа де, 2015 шо