Нохчийн халкъан гулам д1абаьхьира ноябрь беттан 23-чу дийнахь Соьлжа-Г1аларчу Пачхьалкхан театран-концертийн зала чохь. Цигахь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан, бусалбанийн динан урхаллин куьйгалхо Межиев Салахь, республикера министраш, депутаташ, яртийн, г1аланийн, дай, бевзаш болу нохчийн 1еламнах, яздархой, иштта кхиберш а.
Гулам вовшахтохаран 1алашо яра, дукха хан йоццуш, Курчалойн-Эвлахь веа к1анта Делан гергарчу стеган Янгулби-Хьаьжин зерат дагоран хьокъехь вовшашца дагадовлар а, и тайпа х1ума кхин цахилийта х1ун дан деза дийцар а.
Цхьаьнакхетар д1адолош вистхилира Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан. Цо элира: «Нохчийчоьнан халкъо дуккха а халонаш лайна, хийла къиза хан а еана, делахь а, х1инца санна цатам хилла бацара суна. Делан гергарчу стеган зерат дагор – иза Далла дуьхьалвалар санна ду (Дала лардойла вай цу тайпанчу х1уманах)». Цул т1аьхьа цо кхузахь дакъалоцуш болчу 1еламнахе а, иштта кхечаьрга а хаьттира: «И санна долу х1ума т1едеача вай х1умма а цахилча санна х1унда 1а, ара а девлла, и санна долу х1ума ца далийта х1унда ца хьовсу?», – аьлла.
Нохчийн Республикин муфтис Межиев Салахьа элира: «И зуламхой шаьш нийсачу новкъа доьлху а моьттуш, бусалба динна генабевлла нах бу. Кхидолу х1уманаш ца дийцича а, вайна гуш ду Делан гергарчу стеган зератана т1е а кхевдина, тахана вайн къомана цара бина болу цатам. Тахана схьалоьцуш болчу кегийрхойн бехк а бац берриге а, вай ваьш а ду цу балхана бехке, х1унда аьлча вайн т1аьхье ю иза, вайн чуьра доьзалш бу уьш».
Гуламехь доккхачу маь1не къамелаш дира Пачхьалкхан Думин депутата А.Делимхановс, Нохчийчоьнан Парламентан Председатела М.Даудовс, кхечара.
Иштта Нохчийн Республикин Куьйгалхочун хьехамча Шахидов Адам.
Шен къамел д1адолийра Делан гергара нах муьлш хилла а дуьйцуш, церан зератана т1екховда ваьхьна волу стаг, иза бусалба динна генаваьлла стаг вуй а хоуьйтуш. «Цу тайпанчу нахана уггаре а луьра та1зар дан дог1у, амма вай х1умма а цахилча санна 1ахь, вай церан тобанах хуьлуш ду. Вайх х1ора а декхарийлахь ву зуламхошна дуьхьал болх бан», – аьлла ч1аг1дира цо.
Зулам даллалц а ца 1аш, терго ян еза х1ора а дас а, нанас а шен доьзалан. Дукха хьолахь социальни сеташкара дуьйна д1адолалуш ду и тайпа х1ума, шайн бераша оцу социальни сеташкахь а, интернет чохь а стенах пайда оьцу хьовса беза дай-наной.
М.КАНТАЕВ
Авторан сурт
№133, еара, лахьанан (ноябрь) беттан 26-гIа де, 2015 шо