Ноябрь беттан 24-чу дийнахь белхан гIуллакхашца Соьлжа-ГIала веанера ГIезалойчоьнан Президент Минниханов Рустам.
«Грозный» аэропортехь хьаша тIеийцира Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана, Россин Пачхьалкхан Думин депутата Делимханов Адама, Нохчийчоьнан Парламентан Председатела Даудов Мохьмада, Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин куьйгалхочо Кадыров Ислама.
Хьешан лаамца, аэропортера Хоси-Юьртахь долчу Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин коша тIе бахара уьш. А.-Хь.Кадыровс шен махкахь нийсо, машар барехь, Россин Федераци ларъярехь доккха дакъалаьцна хилар билгалдаьккхира Р.Миннихановс: «Ахьмад-Хьаьжа вайн пачхьалкх нийсачу хорша ерзийначарех ву. Цо нохчийн къоман истори а, культура а ларйина. Тахана и некъ дIакхоьхьуш Кадыров Рамзан а ву».
Къилбаседа Кавказан федеральни округан Iеламнехан кхеташонан председатела Кадыров Хож-Ахьмада баркаллин дешнаш элира Р.Миннихановна цо хIоттийначу гIиллакхна а, иштта Нохчийчоьнна, ГIезалойчоьнна юкъахь доттагIаллин уьйраш латторна а.
– Дела реза хуьлда, кхуза варна а, иштта тхоьца гIиллакх лацарна а. Тхуна Iаламат мехала ду вайн субъекташна юкъара уьйраш хIора денна чIагIлуш йогIуш хилар, – элира цо.
Билгалдаккха догIу, Р.Минниханов Нохчийчу моссазза вогIу уггаре а хьалха Кадыров Ахьмад-Хьаьжин коша тIе воьдуш хилар.
Цул тIаьхьа, Соьлжа-ГIаларчу Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу «Нохчийчоьнан дог» маьждигна хьалхарчу майданахь дIабаьхьначу «Камаз» спецтехникин гайтамехь дакъалецира Кадыров Рамзана а, Минниханов Рустама а. 8 тайпана техника яра гайтамехь, царех 7 ГIезалойчуьра ялийна яра. Гайтаман дакъалацархой хьешашца цхьаьна техникин керлачу моделашка хьовсуш чекхбевлира. «Камаз» техникин юкъараллин коьртачу директора Когогин Сергейс хIора а моделан билгалонаш, башхаллаш йовзийтира.
ГIезалойчоьнан экономика, медицина, дешар дика кхиъна догIуш хилар, цу тIехь царех масал эца дезаш хилар билгалдаьккхира Р.Кадыровс.
Вайн республиках лаьцна шен дикачу агIор кхоллаелла ойланаш йовзийтира Р.Миннихановс а. Иштта цо а билгалдаьккхира, Нохчийчохь масал эца хьакъ долуш дуккха а хIума хилар.
Хь.ЭЛЬБЕРТОВА
№133, еара, лахьанан (ноябрь) беттан 26-гIа де, 2015 шо