Хонкаран тIеман кемано ракета тоьхна дохийна Шемахь тIеман операци кхочушъеш долу СУ-24 кема. Цу тIехь хиллачу шина пилотах цхьаъ вийна, шолгIачух хилларг цкъачунна хууш дац.
***
Россин кема дохорца доьзна В.Путина дIахьедина: «Иза терроризман гIолоцуш болчара букъа тIехьахула дина тохар ду. Россис бекхам боцуш дуьтур дац и зулам, вуо тIаьхье хир ю цуьнан.
***
Россин кхечу мехкашца долчу гIуллакхийн министр С.Лавров 25-чу ноябрехь Хонкара ваха лерина вара. Оцу пачхьалкхо динчу зуламца доьзна тIаьхьатеттина цига вахар.
***
США-н куьйгалло дIахьедина Хонкаро диначунна декъехь ша цахилар.
***
Iамаркехь цхьаьнакхийтира Францин а, США-н президенташ Ф.Олланд а, Б.Обама а. Цара дийцаре дира терроризмана дуьхьал къийсам дIабахьаран хьокъехь долу гIуллакхаш.
***
Тунисехь эккхийтина эскархой тIехь болу автобус. Цигахь 12 стаг кхелхина, 18 стагана чевнаш хилла.
***
Техасерчу тIеман базехь вертолет доьхна, стиглара чудеана. Цу тIехь хилла виъ стаг кхелхина.
***
КIира ду Брюсселехь (Бельги) терроризман кхерамца доьзна чрезвычайни хьал дIакхайкхийна. Тахана а болх беш яц школаш, берийн бошмаш, метро.
***
Евросоюзо къобалдина Желтойчоьнан экономика кхиорна 2 миллиард евро кредит даларан хьокъехь долу гIуллакх.
***
Чикаго (США) шахьарахь доккха ло диллина. ТIаьхьарчу 120 шарахь оццул доккха ло диллина дацара цигахь.
***
Португалехь хIокху деношкахь керла премьер-министр хаьржина парламентехь. Кхул хьалха хаьржинарг 11 дийнахь бен ца витира оцу даржехь Iедална оппозицехь йолчу партийн декъашхоша.
***
Сочехь Россин Президент В.Путин цхьаьнакхийтира Иорданин паччахьца IабдаллахI ШолгIачуьнца. Цара дийцаре дира шина пачхьалкхан юкъаметтигаш чIагIъяран хьокъехь долу гIуллакхаш.
№133, еара, лахьанан (ноябрь) беттан 26-гIа де, 2015 шо