Язвала-м везара. Хьо ца язвелча, со ца язвелча, мила язлур ву цуьнга? Нохчийн газет ма ду иза, нохчийн маттахь арадолуш. Вайн дакъазаллина, кхин дан а дац. Нохчаша лар ца дича, кхин мила ву и лардан? Бакъду, газет яздайтар хIора стеган а шен гIуллакх ду, нуьцкъах тIедожийна хила а ца деза. Оцу бакъдолчуьнца а ца къуьйсу оха. Яздайта ца луучунна эзар бахьана а карадо: почто шен хеннахь цIа ца дохьий, тIехь деша пайде хIума даций, гIалаташ дукха хуьлий, иштта дIа кхин а, кхин а. Амма цхьаммо а хаттар ца хIоттадо: сайн къоман маттахь долу газет кхин а дика хилийта ас хIун дина, кхин хIумма а ца хилча, цуьнга язвелла а? Яздайта луучунна и яздайта эзар бахьана а карор дара. Коьрта бахьана «Даймохк» нохчийн маттахь хилар ду. Нохчийн маттахь газет хилар нохчийн йозанан мотт хиларан цхьа билгало ю. Хаамийн гIирс хилла ца Iаш, мотт кхиоран, ларбаран, баржоран мехала гIирс хиларехь ду цуьнан коьрта маьIна. И бахьана а тоьар дара ша нохчи ву бохург цуьнга язвала.
Цундела оха кхайкхам бо министерствийн, ведомствийн, гIаланийн, районийн куьйгалхошка – шайн тидаме эцахьара аш бахархой газете язбалар. Шун дош лараме а, деза а хир дара, шун даше наха ла а дугIур дара. ХIара кхайкхам баран коьрта бахьана ду газетан агIонаш тIехь республикин таханлерчу дахарх, бусалба динах, нохчийн гIиллакхех, къоман турпалхойх, дешарх, культурех, спортах лаьцна тхаьш яздийриг мелла а шуьйра дIакхача лаар.
Вайх цхьаммо ца яздича а, газет арадер ду. Республикин куьйгалло Iуналла а деш, пачхьалкхан чоьтах арахоьцуш ду иза. Лууш дерг нохчийн мотт баржорехь, къона тIаьхье ийманехь кхетош-кхиорехь цуьнан маьIна айъар дара.
Кхин цхьа бахьана а ду оха хIара кхайкхам баран. Луларчу къаьмнашца а, церан журналисташца а яхь яра тхан. ЧIогIа лаьар-кха вай вешан меттан а, оцу маттахь долчу газетан а сий-пусар деш хилар дуьненна а гайта.
«Даймохк» газетан редколлеги
№133, еара, лахьанан (ноябрь) беттан 26-гIа де, 2015 шо