Нохчийн пачхьалкхан университет похIма долчу кегийрхойн культурин туш хилла дIахIоьттина
«Арт Квадрат» республикин фестивалан шолгIа мур чекхбаларца доьзна Къилбаседа Кавказан кегийрхойн культурин фестиваль хилира университетехь.
Нохчийн пачхьалкхан университетан кхоалгIачу корпусехь даздаран хьолехь фестиваль схьайоьллучохь вовшахкхийтира СКФО-н университетийн векалш.
Уггаре а похIма долчу студенташа шайн хьуьнарш гайтира: «музыка», «хелхар», «визуальни искусство», «мода», «кино» номинацешкахула.
Кегийрхойн кхузаманан хелхарш, духарш, видеороликаш, вокал студентийн-хьовсархойн а, жюрин декъашхойн а тидам тIеозош хаза кечйина яра.
Нохчийн къоман хелхар дIадолийча, цул хаза, чехка, дог-ойла гIаттош хIумма а дан а дуй те аьлла бисира хьеший.
Къилбаседа ХIирийчоьнан пачхьалкхан университетан кегийрхойн политикин а, социальни хьаштийн а урхаллин векала Лолаева Иринас билгалдаьккхира: «Фестиваль похIма долчу студентийн хьуьнарш гучудаха а, церан кхолларалла кхион а дика майда ю. Шатайпа культурин уьйр кхоллаелира студентийн тобанашна юкъахь. Тхуна хазахетар динчу фестиваль вовшахтоьхначарна а, дакъалацархошна а даггара баркалла ала лаьа».
Фестивалехь музыка а, хелхарш а туьйлира. Дагадаийта лаьа студентийн цхьаьнакхетараллаш кхиорехь кхочушъеш йолчу пачхьалкхан программин гурашкахь «Арт Квадрат» фестиваль 2015-чу шарахь шолгIа дIахьош хилла хилар.
Таронаш шуьйра ю ишттачу фестивалан. Ерригроссехула культурин а, искусствон а декъехь похIма долу кегийрхой билгалбахарна а, царна гIодарна а лерина ю иза.
Фестиваль дIаяьхьира Россин Федерацин дешаран а, Iилманан а министерствон а, Ерригроссин исбаьхьаллин кхоллараллин туьшан а гIоьнца.
З.ЭЛЬДЕРХАНОВА
№134, шот, лахьанан (ноябрь) беттан 28-гIа де, 2015 шо