Францехь забастовкашка арабевлла аэропортийн авиадиспетчерш. И бахьанехь иттаннаш кеманаш рейсашна юкъарадевлла.
***
Иракехь боевикаша тIелатар дина транспортан министерствона. Оцу тIелатарехь цара маьрша 18 стаг вийна. Чевнаш хилларш мел бу хууш дац.
***
Шемахь долчу хьолан хьокъехь дийцарш дIахьош йолчу агIонаша даре дина терроризмо махкана боккха бохам беана хилар.
***
Чехехь вовшахтоьхначу керлачу правительствехь оборонан министран дарж тешийна театран а, кинон а актерах.
***
Чинехь селхана даздира Керла шо. Оцу махкахь беттан рузманца Керла шо даздаран ламаст юкъадаьккхина уьншерашкахь дуьйна.
***
США-н лерринчу службин белхахо хилла волу Сноулден Эдвард хьалхатеттина Нобелан машаран совгIатна.
***
Украинан Парламенто (Лакхара Рада) тIеэцна урамашкахь хиллачу тасадаларшкахь дакъалаьцначарна амнисти кхайкхоран хьокъехь долу закон. ХIетте а митингаш совцош яц.
***
Россин Президента В.Путина дIахьедина хIусамийн-коммунальни хьашташ кхочушдарх ахча лахьоран бакъонаш массарна а кхеташ хила езаш хилар.
***
Вайн мехкан дешин-валютан фонд тIаьхьарчу кIиранчохь 2,1 миллиард долларна лахъелла.
***
Карарчу шарахь Россин Правительствос туризм кхиоран хьашташна 4,35 миллиард сом къастор ду.
***
Кху деношкахь цкъа хилла йоцу шелонаш хIиттина Россин дукхах йолчу регионашкахь, цу юкъахь Ростовн, Волгоградан, Астраханан областашкахь а.
***
Сочехь Олимпиада схьаелларна леринчу даздаршкахь дакъалоцур ду ФИФА-н президента Йозеф Блаттера.