2015-чу шеран 17-чу ноябрехь Соьлжа-ГIаларчу Нохчийн Республикин халкъан яздархочун Айдамиров Абузаран цIарах йолчу къоман библиотекехь гулделла дукха адамаш дара. Керлачу книгин презентаци яра дIахьош. Книга 2013-чу шарахь зорбане яьлла Москва гIалахь.
Вайн махкахь иза шуьйра йовзале мелла а хан яьллера. Книга ледара йолуш ца нисделла иза иштта. Едда йоьдучу заманан сихаллехь кхидолу гIуллакхаш хьалха довларна нисделла хир ду-кх. Книгин цIе «Чеченский этнос сегодня: черты социально-психологического портрета» ю. Москварчу хьехархойн Университетехь доцент, педагогикан Iилманийн кандидат ю книгин автор Павлова Ольга Сергеевна. Iаламат чулацаме болх бу цо бинарг. Ткъа уггаре а коьртаниг; нохчийн къам дезарца, цуьнга ондда сий-ларам хиларца язйина ю книга. Йоьшучунна кхета аттачу маттахь, схьаэца алссам пайдехь дерг карор долуш ю. Цунах лаьцна дуккха а къамелаш дира презентаце гулбеллачара. Царна юкъахь бара: Нохчийн Республикин пачхьалкхан Университетан психологин кафедрин профессор, педагогикан Iилманийн доктор Мусханова Йисита, Нохчийн Республикин хьехархойн институтан политологин, философин, социологин кафедрин куьйгалхо, профессор, философин Iилманийн кандидат Гадаев Ваха, Нохчийн Республикин пачхьалкхан Университетан педагогикан, социологин кафедрин доцент, педагогикан Iилманийн кандидат Бехоева Асет, оццу кафедрин доцент Миназова Венера, иштта дуккха а кхиберш. Цара цхьана озехь билгалдаьккхира Павловас язйина книга мехала хилар, цуьнца доккха беркат хилар. Дерзоран къамелехь Павлова Ольгас дийцира вайнах бевзина ша Iаламат ирсе хиларх, вайн хазачу гIиллакхаша ша йийсаре лаьцна хиларх. Къоман библиотекин директор Исраилова Сацитас хьешашна шун хIотторца дIадирзира и мехала цхьаьнакхетар.
ГАЗИЕВА Аза
№134, шот, лахьанан (ноябрь) беттан 28-гIа де, 2015 шо