Даль Владимир дагалецира

   Карара шо Литературин шо ду аьлла д1акхайкхийна хиларца доьзна, Серноводскерчу некъийн техникумехь книгийн гайтам хилира. Лексикограф Даль Владимиран 214 шо кхачарна лерина бара иза.

     Оцу гайтаман коьрта Iалашо  Даль Владимиран кхолларалла студенташна йовзийтар а, цуьнан книгаш кхузаманахь мехала хилар дIахаийтар а яра.

Техникуман библиотекара Нажаева Амната студенташна дийцира Даль Владимиран дахарх а, кхоллараллех а лаьцна. Цо элира:

«Вайн таханлера цхьаьнакхетар лерина ду оьрсийн мотт толлуш  ваьхначу Даль Владимирна. Цхьана декъехь похIма хилла ца Iара иза. Иза хирург а, хIордахо а хилла вара, иштта, Iилманча санна а гайтира цо ша. Цул сов, ша дуьненахь мел веха  оьрсийн дешнаш гулдина цо».

И гайтам бахьана долуш, студенташна дуккха а пайдехь дерг девзира. Даль Владимира бевзаш болчу яздархошца В.Жуковскийца, И.Крыловца, А.Пушкинца, Н.Гогольца гергарло лелийна хиларх  лаьцна а дийира. Иштта, цуьнан повесташ, дийцарш, очеркаш евзира. Цуьнан дахарехь уггаре а коьрта хилларг, оьрсийн меттан дешнийн маьIна даран дошаман иза автор хилар а, цо 30 130 кица гулдина хилар а хиънарш бара студенташна юкъахь.

З.ХАСИЕВА

 

№134, от, лахьанан (ноябрь) беттан 28-гIа де, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: