«СтелаIад» – 10

Октябрь беттан пхийтталгIачу дийнахь 95 шо кхаьчна нохчийн гоьваьлла драматург Хамидов Iабдул-Хьамид вина. Цунна леринчу агIонца дIайолайо «СтелаIад» журналан рогIера номер. Драматург дагалацаран дешнашца цхьаьна кхузахь ялийна I-Хь.Хамидовн «Терк» стихотворени:

 

Цу Iаннийн кIоргенехь мохь-цIогIа детташ,

Бос Iаьржа хин верта тулгIеша техкош,

Мокхазан хин бердаш тулгIешца огуш,

Шерачу ара хьо гIовгIанца кхочу.

 

Хьо стенга уьду, Терк, садаIар доцуш,

Некъаца нисделларг ца хьоьстуш, отуш?

Тийначу бердашна ма е, Терк, гIело.

Хьайга бIаьрг бетташ верг ма гIерта кхеро.

 

Хьо карзах ма дийла, оьгIазе гIергIаш,

Ножан дитт гуьйренца эшо ма гIерта.

Хьайн новкъа дIагIо, Терк, аренца сетташ,

Дашочу гуьйренал тола ма гIерта.

Бераша хазахетарца доьшур ду «Элан йоI» цIе йолу халкъан туьйра а, Тапалаева Аминатан «Сулима чIогIа летара», Шамсуддинов Маккхалан «Даггара доттагIалла» дийцарш а, Макалов Шамсуддин, Тагаев Сайд-Хьасанан, Абубакарова ПетIаматан байташ а. Журналан хIора номерехь хуьлу берийн ловзарех дийцарш. ХIокху номерехь дешархошна довзуьйту «Гали чу когаш а боьхкина, вадар» ловзар. Ишттачу ловзарша берийн дегIера гIора, тIахъаьлла хилар, хьуьнар кхиадо.

«Берийн кхолларалла» рубрикехь зорбане даьхна Халадова Селимин, Хасухаджиева Маккин, Байсангурова Хадижин, Исаева Мареман суьрташ, Даудов ЖовхIаран, Аутиева Зураан байташ. Къоначу авторшна боккха кхаъ хир бу шайн говзаршца «СтелаIад» журналехь дуьххьара зорбане бовларх.

Дешархошна ца девзачу дешнийн маьIнаш туьду «СтелаIодан дошам» агIон тIехь. Масала, гара, гIикх, зийза, кож, куц-кеп, къахк, лаппагIа, пекъар, токхо, хьех, цIей, эсарш, иштта кхин а. Берийн тидамза юьсур яц «Бераш, шуна хоийла, аш диц а ма дойла!» агIо. Кхузахь далийна кицанаш, хIетал-металш, чехкааларш.

Шеко йоцуш, берашна кхаъ хир бу шайна дукхадезачу журналан рогIера номер шайга кхачарх. И кхаъ цаьрга дIакхачоран гIайгIа бан беза хьехархоша а, дай-наноша а.

Хь.АБАЕВ

 

№134, от, лахьанан (ноябрь) беттан 28-гIа де, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: