Лоьмаршца бу моьтту хьуна?
Шен хIусамнана Москва яхча, иза сецначу хьешацIийне телефон тоьхна БаIиса?
– Алло, алло, хьешацIа дуй хIара?
– Ду.
– Сан хIусамнана телефоне кхойкхур яцара ахь?
– Кхойкхур ю. ХIун ю цуьнан лоьмар?
– Ахь хIун дуьйцу? Хьо хьера-м ца ваьлла? Сан зуда лоьмар тоьхна ю-м ца моьту хьуна? – тIечевхина БаIис.
Хи тоха
– Ялохьа, Заббари, хIокху телевизорна хьалха а ца хьийзаш, араялий, наьрсашна хи тохий а, цхьаъ дехьа.
– Ахь хIун дуьйцу, стаг? Арахь тIетоьхнна догIуш догIа ма ду.
– Делахь, таж а эций гIо хьо, – аьлла БаIиса, цо аьллачун кхин ойла а ца еш.
ДIаяздинарг – С.ХАСАНОВ
№134, от, лахьанан (ноябрь) беттан 28-гIа де, 2015 шо