ВорхI доьзалхочух къастар лайна

    Нажи-Юьртан районерчу Зандакъахь ехаш йолу Гайсуллаева Зита ханна йоккха яц, амма шена тIеIиттаделлачу вуонаша хеназа къанйина иза. Шен 7 доьзалхочун тезет лан дезна цуьнан. Карарчу хенахь иза ехаш ю шен висинчу бархьалг1ачу доьзалхочуьнгахь дуьненан марзо карийна. Царах дуьххьарлера доьзалхо кхелхаш, ша а бер дарий-те аьлла, жима яра иза (18 шо бен дацара цуьнан хIетахь). Шен кхолламехь хала беана мур дагалоьцуш, хилларг ма-дарра дийца атта дац цунна.Ворх1 доьзалхочун

   1993-чу шарахь кхоьллира цо доьзал. Шо а кхачаза йолу шен дуьххьарлера йоI лазаро хьовзийча, иза лоьрана гайта яханера Зита. Цигахь лоьро дог хьаьстира ненан: «ЙоI, Дала мукъ лахь, толур ю», – аьлла. Амма йоI а эцна иза цIа йоьдучу хенахь (некъ беха бара), нана кхийтира йоьIан гIуллакх ледара хиларх. Цу минотехь къилбехьа йирзира Зита, Деле шена собар доьхуш… Кхуьнан карахь кхелхира цуьнан дуьххьарлера доьзалхо.

Вайн махка хала хенаш яьхкича, ма-хетта хьелаш дацара. Цамгар кхетта волу 3 бутт кхаьчна шен кIант больнице вига аьтто ца хилира цуьнан. Зитас дийцарехь, цомгаш долу бер дига больница а, оцу бере хьажийта лоьраш а бацара. Цуьнан шозлагIа кIант а шо а кхачале лазаро хьовзийра. Хилларг хIун ду ца хаьара цунна. Шен цхьана доьзалхочух яьлла йолу Зита чIогIа кхераеллера. Иза тешара, кIантана гIоли хирг хиларх. Кхечу юьртахь волчу моллина тIевигира нанас кIант, цуьнца цуьнан марнана а яхара. Бехха некъ бира цара гIаш. Арахь шийла яра, хала а, атта а дIакхечира уьш молла волчу. ХIорш дIакхаьчча, маьркIажа хан  яра. Цара дика тIелецира шайна тIебаьхкинарш.  Моллас шайгахь буьйса йоккхуш саца, ша Iуьйранна кIанте хьожур ву аьлла хиллера. Iуьйранна ламазана молла кхойкхучу хенахь кIант садоьIуш цахилар хааделира нанна. Иштта бакъдуьнене вирзира кIант а.

«ХIетахь дIасаваха машен а ца хуьлура, чIогIа хала а дара. Велла волу кIант, мара а воьллина, гIаш дIавахьа дийзира сан, масех юрт хадош. И некъ болчул а эзарзза бахбеллера суна …», – дуьйцура Зитас.

КхоалгIачу йоьIан могашалла шена ледара хетча, кхин ойланаш ца еш лоьрана гайта йигира нанас. Лоьро, хьажа а хьаьжна, ша сарахь цIа вогIур ву бере хьажа аьлла цIа яхийтира Зита. ХIорш цIа кхачале дIаелира йоI. Деле шена собар дийхира Зитас. ХIара цIа кхочучу хенахь лулара зударий дуьхьал кхийтира цунна: «Муха ю йоI? ХIун элира лоьро?»  – аьлла хаьттира цара цуьнга. Церан а дог ца дохон: «Дика ю боху», – аьлла, жоп делира цо. Шен бала царна дIа ца гайттал собар хилира цуьнгахь. Цул тIаьхьа дуьнен чу ваьлла воьалг1а  доьзалхо – кIант а кхелхира, шен цхьа шо а кхачале, шелонах цомгаш а хилла. Цхьана доьзалера ворхI бер кхалхар баккъал а лан хала хIума ду. Хьаьнг-хьаьнгга а лалур долуш хIума а дац иза. Ткъа Зитин ийман тоьира иза лан. Кхелхинчу шен хIора доьзалхочух лаьцна дийца ницкъ ца кхечира цуьнан  бIаьргех хи лиэшаш, хорам хилла.

Виъ доьзалхо дIаверзийначул тIаьхьа, кхин а кхо доьзалхо дуьнен чу велира цуьнан. Бакъду, оццу лазамца царах къаста дийзира декъазчу ненан. Царах хIора а доьзалхо цхьа шо я ши шо кхачале вирзира бакъдуьнене. Уьш дукха хьолахь шелонна цомгаш а хилла кхелхира.

Цхьаверг бIешаре ваьлча бен ца хуьлу наха «ма халонаш гина хир ю цунна» олуш, ткъа наггахь  къона  а хуьлу кийра буьззина бала хьулбина вехаш. Ийман  долу нах кIезиг бац вайна юкъахь. Цаьрга деанчу вуонаша дайдо хьуна хьайгахь хало ю моьттина кегий хIуманаш. Дерриге а Делера ду. Шен бархI доьзалхочух йисинчу цхьана йоIах ирс оьцуш еха иза тахана. Иза цунна дуьненан меха ю. Нохчашна юкъахь  даима а хилла доьналла долу зударий. Зита а ю баккъал а доьналла долу зуда.

 

КАДИСОВА Заира,

Корреспондентийн школин дешархо

Авторан суьрта тIехь: Гайсуллаева Зита   

 

№134, от, лахьанан (ноябрь) беттан 28-гIа де, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: