«ДIаяхна и хаза зама,
Юхаерзо сан йиш хилча,
Хир яра сан Нана
Даима со хьан когашкахь,
Ткъа тахна, со йина,
Хьомсара сан Нана!
Ас Деле хьо йоьхур ю,
Гечдехьа, бохуш!»
Уггаре а нуьре дош лоьхуш, ойланаш дIаяхча пана, массо а дашал нуьре лепаш, карадо вайна «Нана» дош. Бер – ненан сих са хуттуш, дагца дог нисдеш, бIаьр-нуьрца нур кхоллалуш, цуьнан цIийх схьадаьлла ду. Шен дегIан са а берал мерза хир дац нанна. Ша мел сиха, мел генахь хиларх, юькъачу гIовгIанашкахь ялларх, беран аз кхочу ненан лера.
Берана шен нана – дуьненан марзо, бIаьрган серло, деган йовхо ю. Нана, беро ша дуьххьара дуьнен чу долуш, шен хуучу маттахь шега гIо дехнарг ю. Цундела, ненан, беран марзо йоккха ю, дуьненан массо а исбаьхьаллел.
«Бажа дIабахале хьалагIатта, хи дан деза. Де дохдалале асаран мур баккхий вай, нанас иза баьхна хан – ма хаза хиллера!» Иза кхин юха йогIур яц! Ненан куьг цхьа шатайпа беркате аьхна ду, ерриге а хIусам цо хьосту. Массо хIума ше-шен метте юьллуш, нана Iуьйранна гIаьттина хьийзаш – сурт дуьхьалтуьйсу суна. Тоххарехь етт оьзна а яьлла, бажа ларбина, етт дIа а лаьллина, кхехко чай а диллина, и массо а хIума дина яьлча, суна тIееана, сан юргIа тодина, шен ховха куьг хьаькхна, хьаьстина – ирсечу хенан сурт дуьхьалхIуьтту. Iа со, хьо дагалоьцуш, хьан юьхь-сибат, ойланашца хьоьстуш, ахь дийцинарг, хилларг, лелларг дагалоьцуш. Нагахь сан амалшца, леларца, сан яхарца диканиг делахь, дукха-х долчу декъана хьо ю-кха цунна бехкениг, нана.
Нана, мел чIогIа оьшу хьо, дахаро човхийча, доьхна дог хьаста, хьайх дагаяла, къевлина хьо мара а йоьллина, дуьненахь йоллушехь, ялсаманин чам баккха. ХIора дийнахь балха мосазза йоьду дагадогIу, ахь дина хьекъале хьехарш! «ЙоI, хIокху дуьнен чохь кура ма хилалахь. Суьрта тIех дехьа яьлча, юха а хьаьжна, хила еза кура. Стеган гIиллакх а, оьздангалла а цуьнан сица а, цIийца а хуьлу хьуна. ДIабахарх а, дIадийцарх а хуьлуш дац хьуна Iилма, ша стага и схьалоцуш ца хилча. Варийлахь, берашца кIеда-мерза хилалахь, церан амалшка а, хьекъалан бараме а хьажжий делахь къамел…».
Нана дIаяьлча, хьан дуьненан серло цо дIахьош хиллера, билггал дужуш хиллера даг тIера ирсан зезаг. Суна хетарехь, муьлххачу ненан дахар а берана диканиг доьхуш, Деле деш долчу доIанех лаьтташ ду.
Иштта бу-кх вайн наной! Вайна да а, ваша а, йиша а еза, амма де эшча, нене бен ца кхойкху. Собар, доьналла, яхь-юьхь ненехь ю, таханлерчу дийнахь вайн махкахь дукха наной бу майралла, хьекъал, кхетам болуш къонахий кхиийна. Вайн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана церан сий-ларамбо. Дела реза хуьлда цунна! Вайн Даймохк ларбина, къоман сий дина, тIекхуьуш долу чкъор лардина, шайн синош дIаделла къонахий ма бу уьш. Муха дийр дац церан сий? Сан йижарий, сан вежарий, хьасталаш шайн нана – жима бер санна. Ца Iебаш, къовлалаш шайн Нана мара, ма дайъалаш шайн нанойн сий. Суна чIогIа хазахета ден-ненан терго еш доьзалхо хилча. И шиъ къанделча а ца кIордош, дог оьцуш хилча. Мел яздарх, мел дийцарх, Ненан марзо йийцина вер а вац. Нана, со хьуна санна, Дела а хуьлда хьуна реза! Хийла ийши суна сайн дахарехь ахь соьга дийцинарг, Iамийнарг.
Суна хиъна цуьнан мах. Ас байташкахь дерзо хьийзина могIанаш а:
«И милла елахь а, халкъо
Зуда вай лоруш ю – нана.
Ткъа цуьнан сий ца дан бакъо,
Хилла яц цхьанне а адаман.
Дуьнен чохь оьздалла мел ю,
Дахарехь къонахий мел бу,
ТIекхуьуш вайн бераш мел ду,
Вай динчу нанойн сий хуьлда!…»
АБДЫРАШИТОВА Маьлх-Аьзни,
Шелара №9 йолчу школин нохчийн меттан хьехархо, Нохчийн Республикин хьакъйолу хьехархо
№134, от, лахьанан (ноябрь) беттан 28-гIа де, 2015 шо