Муьлххачу нанна а лаьа ийманехь, халкъана а, махкана а пайдехь шен доьзал кхион. Соьлжа-ГIалахь «Ипподромни» «микрорайонехь ехаш йолчу Халиева Амната вайн къомана юьхькIам болуш, дуьненан виъ чемпион кхиийна.
Цуьнан доьзалех лаьцна дийцале, Амнат йовзийта луур дара. Казахстанерчу Джамбул гIалахь боккхачу доьзалехь йина а, кхиъна а ю Амнат. Цуьнан ялх ваша а, йиъ йиша а яра. Амнатан да молла хилла. Бералла Казахстанехь дIаяхана цуьнан. 1973-чу шарахь церан доьзал Нохчийчу цIа бирзира. Соьлжа-ГIалин «Ипподромни микрорайонерчу №15 йолу школа чекхъяьккхира Амната. Иштта, школехь дешна яьллачул тIаьхьа, Нохчийн пачхьалкхан университетан кхечу къаьмнийн меттанийн факультете деша яхара иза. Цигахь хьалхарчу курсехь дешна яьллачул тIаьхьа, заочни отделене дехьаелира Амнат.
1981-чу шарахь доьзал кхоьллира цо. Цуьнан пхиъ кIант ву: Аслан, Рустам, Адам, Хьасан, Хьусен. Шен доьзал дешна хуьлийла лаьара Амнатна. Цунна дагахь а дацара, шен доьзалша спортаца шайн дахар дузург хилар. Аслан доьзалехь вокхахверг хиларе терра, даима а нанна гIодеш, цуьнан накъост хилла лаьттина. ШолгIачу кIентан Рустаман 8 шо дара, цунна дуьххьара спорт марзлучу хенахь. ХIетахь, хала хенаш хиларна, спортехь къахьега башха таро ца хилла. Царна гена воццуш Iаш волчу тренера Абалаев Анзора спортаца гергарло дезаш болу кIентийн тоба вовшах а тоьхна, Iамийра уьш. Рустам Iамон волийча, тренер кхийтира, иза баккъал а похIма долуш хиларх. Иштта, спортан тайп-тайпанчу къийсадаларшкахь дакъа а лоцуш, толамаш бохуш, дIаболийра цо ша хаьржина некъ. Дукха хан ялале цуьнан вежарий а буьйлабелира спортехь къахьега. 18 шо кхаьчна волчу Рустамах дуьненан чемпион хилла хиларх лаьцна Амната иштта дийцира:
«Вайн республикехь хала хенаш яьхкича, Ч1уьлга-Юьрта дIадахара тхо. Цигахь а тесна ца йитира цара спорт, къаьсттина Рустама. ХIетахь Сочехь тхэквондохула дIахьочу дуьненан чемпионатехь дакъалаца вахара Рустам воккхахволчу Асланца цхьаьна. Цунна спорт езарна вахийтира ас иза цу чемпионате. Суна дагахь а дацара, цунах дуьненан чемпион хир ву бохург. Цуьнан латарш долчу дийнахь цхьаьнгга а йист хилар доцуш, массарах д1ахаьдда де даьккхира ас. Хала дара суна генахь волчу цунна сагатдан, синтем бацара цхьана а меттехь. Кхин Iан а ца елла, тхайна гена йоцчу переговорочни яхара со, воккхахволчу кIанте телефон тоха. Телефон етташ ерг со юй хиъча: «Нана, вайн Рустамах дуьненан чемпион ма хилла…!», – аьлла хаза кхаъ баьккхира соьга кIанта. Хиллачух цатешаш цхьа пхи минот хан елира. Цу толамца цIавогIуш волчу Рустамана лерина тхан лулахоша доккха ловзар хIоттийра, царна мерзачу даарийн стоьлаш хIиттийра оха. Иштта билгалбаьккхира оха цуьнан дуьххьарлера толам».
Хууш ма-хиллара, кIентий кхион атта дац. Амната шен бераш кегий долуш дуьйна царна ламаз Iамийна, цаьрга марханаш кхабийтина. Уггаре а коьрта ду, цо цаьргахь нохчалла кхиийна хилар. 2000-чу шарахь цуьнан кхолламехь хала мур беара. Уггаре а халчу хенашкахь цунна уллехь лаьттина волу хIусамда, меженаш а севцца, меттахь висира. Масех шарахь цуьнга хьаьжира иза. Доьзалш, Аслан воцург, даима аьлча санна кхечу гIаланашкахь а, дозанал арахьа а къийсадаларшкахь хуьлура. Иштта, иза меттахь Iуьллуш а волуш, Аслана телефон а тоьхна цIа кхайкхира виъ кIант. Наггахь бен цIахь хуьлуш а боцуш болу шен доьзалш цхьаьна гина, хазахетар совделира церан ден. ХIетахь меттара хьала а гIаьттина, Iасанашца волавелира иза. Оцу хазахетаро оццул Iаткъам бина хиллера цуьнан могашаллина.
2004-чу шарахь Соьлжа-ГIала цIабирзира уьш. Цхьана кIантах дуьненан чемпион хиллачул тIаьхьа, вукха кхаа кIентан а аьтто хирг хиларх дог тешара Амнатан. Рустама шен мукъа хан хилча, вежаршна спортан цхьацца къайленаш Iамайора. Соьлжа-ГIала хIорш цIабаьхкича, Старопромысловски районерчу «Новая остановка» куьпахь баха хевшира уьш. Оццу районна гена йоцуш йолчу «Турбина» поселкехь «Байсангур» цIе йолчу спортан клубехь Iемира уьш кхидIа. Амната дийцарехь, цу клубехь царна хьоьхуш хиллачу тренера Хациев Хаважас спортан декъехула кIорггера хаарш делира царна. 2005-чу шарахь Рустамал жимахволчу Адамах а хилира кикбоксингехула дуьненан чемпион. Адам чемпионате дакъалаца вахча, хьалха Рустамана санна, сагатдира нанас. Цхьанхьа баханчуьра цIабогIуш бара хIорш, Адамах дуьненан чемпион хилла аьлла Амнате телефон тухучу хенахь. Оцу суьйранна Адам т1елаца кечамаш бира цара. Iуьйранна Амнат арахьаьжча цецъяьллера, лулахоша уьйтIахь йина цIано а гина (хIетахь квартирехь Iаш бара уьш). Иза кхийтира шен кIентан толам шайн доьзалан толам хилла а ца Iаш, махкана а юьхькIам хиларх. Иштта, берриге а лулахошца цхьаьна даздира цара Адама толам баккхар. Цул тIаьхьа, Хьасанах, Хьусенах а хилира дуьненан чемпионаш. Россин Федерацин Президента В.В.Путина делла Баркаллин кехат ду Хьасанан. Вайн республикин Куьйгалхочо хIоранна а делла Баркаллин кехаташ. Цара яьхначу кубкаша ах чоь дIалаьцна, дипломаш дагардина ца валлал дукха ду.
Рустам тэквондохула шозза дуьненан чемпион ву (цхьацца бахьанца хьалхе йитира цо спорт), шолгIа кIант Адам тайп-тайпанчу кепара латаршкахула ворхIазза дуьненан чемпион ву, Хьасан кикбоксингехула доьазза дуьненан чемпион, Хьусен кикбоксингехула – уьссазза дуьненан чемпион. Спортаца шайн дахар доьзна аьлла ца Iаш, массо а кIант университетехь дешна ву. Амнатана уггаре а хазахеттарг 2013-чу шарахь вайн республикин Куьйгалхочо Адамна «Нохчийн Республикин дуьхьа хьуьнарш гайтарна» мидал ялар ду. Ала деза, 2000-чу шарахь дуьйна Амнат Нохчийн Республикин Къинхьегаман а, белхан меттигаш нисъяран а Министерствехь къинхьегаман а, социальни кхиоран а отделехь болх беш ю.
З.ЛОРСАНОВА
Авторан суьрта тIехь: Халиева Амнат
№134, от, лахьанан (ноябрь) беттан 28-гIа де, 2015 шо