Оьзда а, хьуьнаре а Хеда

   ХIун хир ду дахарехь ненал хьоме, деза? ХIумма хуьлийла а дац. Мел ховха, кIеда, мерза дош ду-кх «Нана». Муьлхачу а халчу хенахь, ша ца кхоош, шен доьзална гIодан кийча ю иза. Цуьнан дуьхьа муьлхха а халонаш лов  цо. Шен могашалла ца кхоош, аганан гIожа тIе корта а буьллий, хийла буьйсанаш йоху нанас. Цуьнан безам бух боцуш бу, ткъа къинхетам – доза а доцуш. Цундела, олуш хир ду-кх: «Ялсамани ненан когаш кIелахь ю»,– олий.Хеда

Нохчийн наной даима а хилла шайн хазачу гIиллакхашца, къинхетамца, къинхьегамна тIера хиларца къаьсташ. Шайн доьзал Даймахкана пайдехь, дай-наношна муьтIахь хила Iаморал, царна Iуналла деш, уьш кхиорал совнаха, чохь гIуллакх деш, кхача кечбеш, хьаша-да тIелоцуш, бошмаш, даьхни  лелош хилла цара.

Вайн заманахь мелла а кхечу агIор го дахаран сурт. Халахеташ делахь а, хIинца зударшна туьканара эцначух бен чам ца кхета. Бошмаш, даьхни лелорна башха тIера а бац. Юьртахь а наггахь бен ца хаало цу гIуллакхана тIера йолу зуда. Амма Хеда царах яц. Иза вайн денанойн, ненананойн заманарчу зударех тера ю. Дала деллачунна хастам а, пусар а дан хаьа цунна. Къона елахь а, шен хIусамдена, Русланна ондда гIортор хилла, хьаналчу рицкъаца доьзал кхиош схьадогIуш ду и шиъ.

Баталова Хеда 1988-чу шарахь Устрада гIалахь дуьнен чу яьлла. Церан доьзалехь 1 кIант а, 1 йоI а кхиъна. Хеда доьзалехь хьоме, цхьаъ бен йоцу йоI ю. Амма иза иштта делахь а, цуьнан дас, нанас (Олхазара а, Ровзана а)  ийманехь, гIиллакхе, халонех ца къехкаш, оьзда кхиийна шайн йоI. Юкъара дешар чекх а даьккхина, Нохчийн пачхьалкхан университетехь доьшуш а йолуш, Грозненски районерчу Чурт-ТогIи юьртахь рицкъа а нисделла, МусиповгIеран нус хилира цунах.

Карарчу хенахь 3 доьзалхочун (1 кIант, 2 йоI) нана ю Хеда. Лелош бежанаш а, керт а ю цуьнан. ХIора а метр латтанах пайдаэца хаьа Хедина. Туьрк, Iаж, хьамц, цIен комарш (малина), кемсаш, помидор, наьрс, хох, саьрамсекх, цIен а, кIуон а бурч, доцца аьлча и дерриге а Делан беркат лелош ю-кх жима зуда. Цул сов, ша лелочу дохнах доккха беркат хуьлу агIо лело хаьа Хедина. ТIуо, кIалд, даьтта, шура цкъа а оьцуш дац цо. Цундела, Хедин хIусамехь муьлххачу хенахь а бовха хьокхам а, тIуо-берам а хуьлу, веанчунна дала даьтта, морза, шура, иштта лула-кула кховдо хасстоьмаш а хуьлу.

ХIума тегарна тIехь а говза ю  нана. Шен мукъа хан  эрна ца йохуьйту цо, кхин дIоггара говзалла яцахь а, ламазан а, чохь лелон а зударийн кучамаш тоьгу Хедас. Ша лаккхара дешар дешна ю бохуш цхьана а дийнахь куралла ца еш, гIуллакхах ца къехкаш, Дала деллачунна хастам беш, цунах беркат дан хууш  еха иза. Лулахь езаш, марзахоша лоруш нус ю Хеда. Доцца аьлча,  бакъйолу нохчийн оьзда зуда, нана ю-кх иза.

З.САГАЕВА

Суьрта тIехь: Баталова Хеда шен доьзалшца цхьаьна

 

№134, от, лахьанан (ноябрь) беттан 28-гIа де, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: