Ислам динна а, нохчийн халкъана а зуламе болу хьехамаш вайн махкахь баржо г1ерта вахабизман идеологаш. Коьртачунна и хьехамаш кегийрхошна лерина хуьлу. Цундела Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана билгалдоккху маьждигашкахь, хьуьжаршкахь бечу хьехамех тоам бан мегарг цахилар. Кхетаман балхана мелла а алсам кегийрхой юкъаозорхьама кест-кеста къамелаш а, цхьаьнакхетарш а дІадахьа деза. Нохчийчоьнан ерриге а ярташкахь довзийта, емалдан деза вахабиташа деш долу зуламе гІуллакхаш. И болх вовшахтохарехь, д1абахьарехь коьрта маь1на лело декхарийлахь бу яртийн маьждигийн имамаш, 1еламнах, 1едалан, бакъонашларъяран структурийн, дешаран системин белхахой.
Кадыров Рамзана дукха хан йоццуш республикерчу нуьцкъаллин структурийн а, муфтиятан а белхахошца д1адаьхьначу цхьаьнакхетаршкахь хьалхах1иттийна декхарш кхочушдеш, вахабизмана, терроризмана дуьхьал къийсам латторехь бахархошна юкъахь д1ахьочу кхетаман балхах лаьцна Нажин-Юьртан к1оштан администрацин куьйгалхочо Гарбаев 1абдул-Керима иштта дийцира тхан шеца хиллачу цхьаьнакхетарехь:
– Массара а тамаша беш, хазлуш, толуш ду вайн республикин ярташкара, г1аланашкара хьал. Деш дерг дерриге а адамийн дуьхьа ду, церан дахар уггаре а хьалха машаре, могаш-таза, зовкхе хилийтархьама. Дуьххьалд1а вайн республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана т1е тидам бахийтарца, г1о-накъосталла до баккхийчарна, таро йоцучарна. Деша, сада1а, спортехь дакъалаца аьтто бу кегийрхойн. Цкъа а ца хиллачу кепара парг1ато, маршо ю бусалба дин лело. Кхузахь билгалдаккха дог1у цхьаъ: дин лело парг1ато ю бохург данне а дац цунах кирхьа а дина, оцу дино хьоьхучунна нийсса б1останехьа дерг лело, даржо бакъо ю бохург.
Вайна хууш ду, бусалба динан хьехамаш емал а беш, иштта хила деза, вуьшта хила деза бохуш, шайна хета хьехамаш баржош лелаш, цхьа нах хилар. Оцу новкъахь къаьсттина каде, эхь ца хеташ хьийза вахабизман идеологаш. Х1ун диканиг хьоьху цара? Цара емалбо, вайн дайша къобалбеш, тахана лерчу дийне схьабеана бусалба динан хьехамаш. Цара дуьйцург дог1уш дац я вайн динца, я вайн г1иллакхашца, ламасташца.
Суна юха а билгалдаккха лаьа, мел холчу шаьш х1иттарх вайн дайша, даима уггаре а хьалха дин, г1иллакхаш, ламасташ лардина хилар. Цунна къеггина масал ду, Юккъерчу Азехь, Казахстанехь, цхьа а тайпа бакъонаш йоцуш 13 шо зама йоккхучу хенахь динна, г1иллакхашна тешаме хилла нохчийн къам дисар.
Вайна дагадог1у муьлхачу къомах, муьлхачу динах бу ца хуучу цхьана наха, «ц1ена бусалба дин лардо шаьш» бохуш, вайн махкахь нах хьийзош, царна сингаттам латтош, лелийнарш. Цу хенахь царна уггаре а хьалха дуьхьал велира оцу муьрехь республикин муфти хилла волу Кадыров Ахьмад-Хьаьжа. Цо д1акхайкхийра уьш вахабиташ хилар, цара дуьйцург, лелориг бусалба динца, нохчийн г1иллакхашца, ламасташца дог1уш цахилар, д1ахаийтира ша цаьрца шен ницкъ ма-кхоччу луьра къийсам д1ахьуриг хилар. Цу хенахьлерчу республикин 1едало г1одаккхар бахьанехь буьззина х1аллакбаза бисира керла бевлла «динан дай».
Тахана, Интернет, мобильни з1е кхиъначу муьрехь, каде хьийза вахабизман идеологаш. Шайн хьехамашца уьш 1аткъам бан г1ерта кегийрхошна. Халахеташ делахь а, нисло цара дуьйцучуьнга ладуг1уш, цара бен хьехамаш къобал беш берш. Дуьххьал д1а цара беш болу харц хьехамаш бахьана долуш оьху цхьаболу кегийрхой Шемахь д1ахьочу т1емашкахь дакъалаца. Цхьаболчу кегийрхойн телефонаш т1ехь хуьлу динах болу харц хьехамаш, шайн рог1ехь уьш д1асабаржо г1ерта уьш. Шеко йоццуш, шен чолхе т1аьхьенаш йохьуш г1уллакх ду иза.
Оцу дерригено вуон 1аткъам бо вайн юкъараллехь долчу хьолана. Цундела ларамаза дац республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана вахабизман идеологина вайн мехкан лаьтта т1ехь цкъа а меттиг хириг цахилар, цунна дуьхьал луьра къийсам д1абахьа безаш хилар, иза д1ахьуриг хилар юха а д1акхайкхор. Ша д1адаьхьначу цхьаьнакхетаршкахь цо билггал декхарш х1иттийна 1едалан бакъонашларъяран органийн, белхахошна, 1елимнахана хьалха.
Цо билгалдаккхарехь, юьртан администрацин куьйгалхочунна, полицин участкови уполномоченина, маьждиган имамана хууш хила деза юьртахь долу хьал, бовза беза харц хьехамаш бийраш, я оцу хьехамийн 1аткъамна к1ел бирзинарш, харц новкъа бовла дог-ойла хьийзарш. Уьш бевзар бу леларца, духарца, дег1ан куц-кепаца, ламазан кепаш лелорца. Ишттачеран х1ораннан дай-наношца, тайпанан хьалхарчу нахаца, оцу стагаца шеца д1абахьа беза кхетаман болх, бусалба динан нийса хьехам муьлхарниг бу билгал а доккхуш. Х1ора кхето веза, цакхетарг я, кхета а ца лууш, ша лелориг нийса некъ бу бохуш, д1аг1ерташ верг жоьпе озо веза.
Вайн коьрта 1алашо ю цхьаъ ваьккхина а зуламах к1елхьараваккхар, билгалдаьккхира республикин Куьйгалхочо.
Вуьшта аьлча, Кадыров Рамзана хьалхах1оттийна вахабизмана дуьхьало йина ца 1аш, цуьнан орамаш вайн мехкан лаьтта т1ера бухдахаран билггал йолу программа. Иза кхочушъяр х1ора доьзалера, х1ора юьртара д1адоло деза.
Вахабизман хьехамаш баржош, уьш къобалбеш билгалбевлларш башха хаабелла бац районехь. Делахь а цхьацца вахабизмана дуьхьал бан болийна билггал болх.
Уггаре а хьалха д1аяьхьира яртийн администрацийн, организацийн, учрежденийн, школийн директорийн, полицин участкови инспекторийн, яртийн имамийн кхеташо. Цигахь дакъалоцуш хиллачу Нохчийн Республикин муфтин заместитела Хирахматов Хьамзата дийцира вахабизман идеологаша бечу хьехамийн зуламах, довзийтира царна дуьхьал къийсам д1абахьарехь хьалхалаьтта декхарш.
Кхетаман белхан эвсаралла лакхара хилийтаре кхачархьама пайдаэца беза тайп-тайпанчу кепех. Билггал а, ойла т1ейохуьйтур йолуш, чулацаме а хила деза кегийрхойн аудиторехь ден къамелаш. Мехала ду х1оранца а шеца болх д1абахьар а.
Оцу кеппара д1аболийна оха меттигашкахь болх. Дуккха нах гулбина деш цхьаьнакхетарш дац. Вуьшта, юьртан маьждиган имамехула, участкови уполномоченехула хьалххе билгалбоху шайца профилактикин къамел д1адахьа деза кегийрхой. Билгалйинчу хенахь тхо цхьаьнакхета юьртахь, цига кхойкху билгалбаьхна кегийрхой, церан дай-наной, эшахь, тайпанан хьалхара стаг. Оцу цхьаьнакхетарехь дакъалоцуш хуьлу Россин МВД-н районан отделан хьаькам Гучигов Нажуд, юьртда, юьртан маьждиган имам, полицин участкови уполномоченни. Луьра, чолхе ца хуьлу тхан къамелаш. Коьртачунна вовшех кхетарца доьрзу и цхьаьнакхетарш. Суна юха а билгалдаккха лаьа, оцу цхьаьнакхетаршка кхойкхуш берш духарца, сибатца, дог-ойланца, ламазан шатайпа кепаш лелорца къаьсташ берш бу.
Цхьаьнакхетарш хилла иттех сов юьртахь, районан ерриге а ярташкахь д1ахьур ду уьш. Ала деза цхьаьнакхетарш деккъа къамел хилла дуьсуш цахилар. Имама, участкан уполномоченнис тергамехь латтаво оха шеца къамел дина волу х1ора жима стаг.
Д1ахьочу белхан хьалхара жам1аш вуон дац. Оха къамел динчул т1аьхьа хьежамашца, дог-ойланца, духарца, маьждигехь ламаз дарца хийцавелла ала мегар ду царех х1ора а.
Къамел дерзош, суна кегийрхойн тидам юха а т1ебахийта лаьа вахабизман идеологаша дуьйцург, лелориг, бусалба динна, нохчийн г1иллакхашна, ламасташна зуламе хиларна. Цара ца хьоьху пайдениг. Амма хьоьху кегийрхой дакъазабохуш дерг, церан дайшна, наношна, вайн юкъараллина бале, зуламе хиндерг.
Ша шеконехь верг, цакхетарг хатта х1ора юьртахь имам ву, шортта 1еламнах бу, к1орггера 1илма долуш. Цара дуьйцург нийса, пайдехь хилла карор ду муьлш бу, шайгахь х1ун 1илма ду ца хуучара телефон чу, Интернет чу кхуьйсучу харц хьехамел.
А. Мартункаев,
Н. Даудов