Вайн кхерчашкахь йовхо латтийна ца Iаш, юкъараллин дахарехь, медицинехь, дешарехь, иштта кхиболчу белхашкахь къахьоьгуш дуккха а наной бу, вайн махкана а, халкъана а шайгара доккха гIо-накъосталла хуьлуш. Царах ю медицинин декъехь шен декхарш хьанал кхочуш деш йолу Хаджиева Яха.
Да а, вежарий а массо хенахь мехкадаьттан промышленностехь къахьоьгуш хиллехь а, Хаджиева Яхас жимчохь дуьйна къастийна яра лоьран говзалла. Юьхьарлаьцначу Iалашоне кхача 1985-чу шарахь Соьлжа-ГIаларчу медколледже деша яхара иза. Шина шарахь цигара дешар чекх а даьккхина, Къилбаседа ХIирийчуьрчу медицинин институтан «Лечебное дело» факультете деша йоьдуш цхьаъ бен экзамен яла ца дийзира йоьIан – колледж цIечу дипломца чекхъяьккхинера цо. ХIирийн-гIалгIайн къовсаш болабелча оцу институтан студенташ, цаьрца цхьаьна Яха а, Дагестанерчу лоьрийн институте дехьабехира. 1993-чу шарахь кхиамца дешна а яьлла, цIайирзира йоI.
Хаджиева Яхас шен къинхьегаман некъ дIаболийна Соьлжа-ГIаларчу №6 йолчу больницехь, цигахь чекхъяьккхина цо интернатура а. Зеделларг долуш, дика лоьраш-хьехархой бара Яхин. Иттех шарахь цигахь болх бинчул тIаьхьа, масех шарахь Горогорскерчу лоьран-санитарин декъехь куьпан лоьран, Соьлжа-ГIаларчу №3 йолчу поликлиникин коьртачу лоьран заместителан болх бира цо. Кхо шо сов ду Старопромысловски районерчу №3 йолчу клинически больницин поликлиникехь коьртачу лоьран амбулаторни-поликлиникин декъехь заместителан а, поликлиникин заведующин а болх бен.
Поликлиникехь бечарех коьрта бу куьпан лоьран болх. 1993-чу шарахь дуьйна 2012-гIа шо кхаччалц барна, дика бевза Яхина иза. Поликлиникин коьртачу лоьран заместителан болх бечу хенахь а дIа ца тесна цо иза. Горогорскера дуьйна хIинца а дархой богIу и йолчу цуьнан дарбане сатесна. Лоьро шен декхар хьанал кхочушдеш хиларан билгало ю иза. Дийнахь а, буьйса юккъе яхча а шегара гIо эшначунна тIе ца йоьдуш ца Iийна иза цкъа а.
Ерриге а говзаллашна юкъахь сан даго хаьржина, суна дукхабезаш бу хIара болх, самукъа а долуш бан а бо. Поликлиникера къона лоьраш а, Соьлжа-ГIаларчу медколледжера студенташ а кхето гIерта лоьран говзалла чIогIа оьшуш а, сийлахь а хиларх. Цхьанна а со бахьанехь дарба хилча, цунах самукъа а долуш яьхна. Дарба дарал совнаха, дархошца дика юкъаметтиг, диканиг хила лаар, кхин дуккха а ду лоьрана оьшуш дерг», – бохура Яхас.
Школехь, медколледжехь, институтехь хьехнарг дерриге а дагадогIу Яхина. Поликлиникехь шен куьйга кIелахь волу хIора а белхахочуьнца лараме ю, поликлиникин коьртачу лоьро, дукха кIеда ю хьо, олуш болх беш ю. «КIеда елахь а, ас аьлларг до лоьраша. Массо а хьанал къахьоьгуш ву. Халахеташ делахь а, аттачунна марзбелла, Iама ца луурш а бу, массо хенахь а дIадуьйцуш хила деза царна. Теша лаьа хенаца царна къахьегар марзалург хиларх. Институтехь дика доьшуш хиларх, практика иза кхин ду. Массо хенахь а Iамош, хила беза къона лоьраш Цхьаболу къона лоьраш шайн ма-хуьллу къахьоьгуш бохкуш бу.
Кехаташца бан безаш болх дукха бу, – кхидIа а дуьйцура Яхас, – ян еза программаш алсамъевлла. Электронни карташ юкъадаха беш болх бу. Цкъачунна документаци дукха ю, дерриге а цхьана хорша дирзича атта хиларе сатуьйсу. Куьпан лоьран болх коьрта бу тхан. Халахеташ ду цу декъехь зеделларг долу лоьраш кIезиг хилар. Кхуза балха схьаэцна болу къона лоьраш Iамо беза, уьш Iамийна бевлича цIахь совцу, церан метта кхиберш богIу, уьш Iамо безаш хуьлу. ХIора дийнахь айхьа дан дезарг хьанал кхочуш деш хилча, болх цхьана хорша нислой, дика дIабоьду.
Я.Хаджиева ша зеделларг долуш, дика лор елахь а, поликлиникехь дукха хенахь дуьйна болх беш волчу лоьрах дага а йолуш, цуьнгара пайдениг схьа а оьцуш болх беш ю. Шена тIевеаначунна елаелла-екхаелла дуьхьал йолий, цуьнан гIуллакхе хьожу иза. Адамалла йолуш, хьаша-да везаш ю Яха. ЙоьIан шо кхачале берийн да а кхелхина, ши бер кхиийна Яхас: кIентан 22 шо, йоьIан 12 шо ду. Царна а марзйина цо лоьран говзалла – кIант стоматолог ву, йоI а лор хила лууш ю.
Л.ИБРАГИМОВА
Авторан сурт
№134, от, лахьанан (ноябрь) беттан 28-гIа де, 2015 шо