Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университетан – 35 шо

Университет – кхиаран новкъахь

  универ

Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан хьехархойн институт схьаелларан хьокъехь болу РСФСР-н Министрийн Советан сацам тIеэцна 1980-чу шеран ноябрь беттан 28-чу дийнахь. Нохч-ГIалгIайчохь кхоалгIа ВУЗ а, СССР-н ши бIе цхьаалгIа хьехархойн интситут а яра иза. 1981-чу шарахь керлачу ВУЗ-хь деша тIеийцира 300 студент.

И схьайиллинчу хьалхарчу дийнахь дуьйна кхузахь болх беш ву физикин-математикин Iилманийн кандидат Юшаев Сайд-Эми. Ассистент, лакхара хьехархо, факультетан декан волуш, белхаш бина цо. 1992-чу шарахь дуьйна проректор ву. Цо дуьйцу:

– Хьехархойн институтан дуьххьарлера ректор а, и схьаелларехь, когахIоттарехь уггаре а доккха дакъа дерг а Умаров Мухари вара. Еххачу хенахь (20 шарахь сов) Нохч-ГIалгIайн АССР-н серлонан министр лаьттинчу цунна дукха дика девзара школашкара хьал. Хьехархой тоьаш бацара, къаьсттина а ярташкарчу школашкахь. Россин регионашкара хIинцца дешна бевлла къона говзанчаш схьахьийсабора, уьш, шайн кхо шо дIа ма-деллинехь, дIабоьлхура. Хила деззачу тIегIан тIехь дешар хилийтархьама меттигера говзанчаш кхио безара. Оцу Iалашонца схьайиллина яра институт. Къоман хиндерг дешарх доьзна хиларх кхеташ а, ша дика вовшахтохархо а, дешаран дика говзанча а хиларе терра, Умаров Мухари кхиамца ларийра йоццачу хенахь тайп-тайпанчу къаьмнийн векалех лаьтташ йолу профессорийн-хьехархойн коллектив вовшахтоха а, дешарна оьшу хьелаш кхолла а. Юьхьанца гатте хиллехь а (хIара гIишло лулахь хиллачу №3 йолчу школина лерина ма ярий), гена хан ялале микрорайонехь схьайиллира керла корпус. Йоккха гIишло яра иза, дешаран а, кхетош-кхиоран а балхана оьшу дерриге а хьелаш долуш. Цига дIакхалхийра естествознанин, физикин-математикин, спортан факультеташ…

Ерриге а республикин дахарехь а санна, ша-тайпа Iаьржа аса хилла дисина хьехархойн университетан дахарехь дIадаханчу бIешеран 90-гIий, XXI-чу бIешеран юьххьерий шераш. ТIеман хиламаш бахьанехь йохийра университетан гIишлош, ткъа уггаре а лазамениг – студенташний, хьехархошний юкъахь кхалхарш хилира. ТIамах бевдда, дуьне мел ду дIасабаьржира дуккха а хьехархой. Дуьххьара долуш санна, дукха халачу хьелашкахь кхузза а юха йоло дийзира, тIеман хиламаша юкъахъяьккхина дешаран процесс. Делахь а, 2000-чу шарахь Республикин куьйгалле хIоттийначу Кадыров Ахьмад-Хьаьжас а, тахана Нохчийчоьнан Куьйгалхо волчу Кадыров Рамзана а дешаран объекташ меттахIиттор а, дешарна оьшу хьелаш кхоллар а шайн коьртачу тидаме эцар бахьанехь, йоццачу хенахь таро хилира школашна дукха чIогIа оьшуш болу хьехархой кечбар дуьззинчу барамехь вовшахтоха. Оцу балха юкъахь шен дакъа дара 1995–2013-чуй шерашкахь хьехархойн институтан ректор лаьттинчу филологин Iилманийн докторан, профессоран Хазбулатов Бекханан а.

Вай юьйцучу лаккхарчу дешаран учрежденино шен кхиаран новкъахь бинчу белхан беркате жамI лара догIу 2015-чу шарахь Россин Федерацин дешаран а, Iилманан а министерствон сацамца цунах Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн универститет яр. «Дешаран учрежденин еккъа цIе хийцаялар дац иза, – бохура С.-Э. Юшаевс,– дешаран а, Iилманан а белхан чулацам хийцабалар ду. 2013-чу шарахь дуьйна Университетан ректор волчу Халадов Хожа-Ахьмада а, профессорийн-хьехархойн коллективо а боккха болх бина оцу Iалашоне кхача гIерташ. Университетехь болх бан йолаелла шен лицей, 2013-чу шарахь дуьйна болх беш ю грантийн а, дуьненаюкъарчу зIенийн а отдел, диссертацеш чIагIъяран кхеташо схьаелларна беш кечамаш бу. Дешаран учрежденин статус лакха яккхаро (институтах университет яро) дешаран а, Iилманан а белхийн дикалла лакхаяккхарна билггал йолу таронаш кхуллу. Вуьшта аьлча, хьехархойн институт схьайиллина 35 шо кхочучу шарахь цуьнан дахарехь керла, жоьпалле мур дIаболалуш бу-кха».

 

Дахарехь беркате лар

Ламаст хилла дIахIоьттина муьлххачу а дешаран учрежденин (юкъарадешаран я лаккхарчу дешаран башха а доцуш) белхан мах хадош, юбилейца доьзна хилча-м муххале а, цуьнан арахецархойн (выпускникийн) кхиамех дийцар. Ша схьайилличхьана хьехархойн университето арахецна герггарчу хьесапехь 20 эзар сов говзанча. Республикехь наггахь школа хир яц кхузахь дешна хьехархо воцуш. Университетан арахецархойх 60 сов стаг ву «Нохчийн Республикин хьакъволу хьехархо» сийсаллин цIе лелош. Масала, Абдулкадырова Бирлант (Эрсанара юккъера школа, Веданан район), Амчиева Луиза (Дочу-Борзера юккъера школа, Грозненски район), Арсанукаева Роза (А.-Хь.Кадыровн цIарах йолу №1 йолу гимнази, Соьлжа-ГIала), Асханов Руслан (Аргун гIалара №3 йолу юккъера школа), Атаева Насипхан (Сары-Су юьртара юккъера школа, Шелковски район), (Байсагурова ПетIамат, Джалкхера №1 йолу юккъера школа, Гуьмсан район), Джабаев Зеламха (ГIансолчу юьртара юккъера школа, Нажи-Юьртан район), Джамалуев ЛомIела (Хоси-Юьртара №1 йолу юккъера школа, Курчалойн район), Селимсултанова ПетIамат (Энгель-Юьртара №2 йолу юккъера школа, Гуьмсан район), Тепсуркаева Куржан (НикIи-ХитIара юккъера школа, Курчалойн район), Харикова Сацита (Эха-Борзера юккъера школа, Соьлжан район), Юсупова Рамнат (Курчалой-Эвлара №1 йолу юккъера школа), Хасаров Рамзан (№54 йолу юккъера школа, Соьлжа-ГIала), иштта дIа кхин а.

Нохчийн Республикин къинхьегаман, белхан меттигаш нисъяран, социальни кхиоран министр Ахмадов Мохьмад, Нохчийн Республикин дешаран, Iилманан министр лаьттина (хIинца «Рособрнадзоран» куьйгалхочун заместитель) Музаев Анзор, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин куьйгалхочун заместитель Нагаев Iадлан, Соьлжа-ГIалин мэран заместитель Бурсагов ИбрахIим, педагогикин Iилманийн доктор Базаева Фатима, психологин Iилманийн доктор Ахмедова Хьапта… Цара массара а хьехархойн университетехь дешна. Университетехь билггал а дозалла до охьатохархлатарехула дуьненан чемпионаш, СССР-н хьакъболу спортсменаш Хасимиков Салман, Орцуев Хьасан, Бисултанов Асланбек, Пекинехь дIаяьхьначу Олимпиадин чемпион Альбиев Исламбек, кхин дуккха а бевзаш болу спортсменаш кхузахь дешна хиларх. Технолого-экономически а, искусствийн а, педагогикин, психологин а, физически культурин, спортан а факультетийн деканаш Домбиев Хьасан, Базаева Фатима (вай лакхахь хьахийра иза), Алиева Сацита, Батукаев Абу НПХьУ-хь дешна а, хьехархой а, Iилманчаш а санна, университетехь кхиъна а бу. Доцца аьлча, Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университетехь деша а дешна, бахаман тайп-тайпанчу дакъошкахь шайн меттиг карийна, дахарехь беркате лар юьтуш, къахьоьгучу нехан яха цIерш кхин дуккха а хир яра. Лаккхарчу дешаран учрежденин белхан дика жамI ду-кха иза а.

 

Деша кхойкху Хьехархойн университето

Тахана университетехь болх беш 7 факультет ю: гуманитарни факультет (декан–педагогикин Iилманийн доктор Мусханова Йисита); физикин-математикин факультет (декан–технически Iилманийн кандидат Джамбетов Iилман); технологин-экономикин факультет (декан–педагогикин Iилманийн кандидат, доцент Домбиев Хьасан); искусствийн факультет (декан– педагогикин Iилманийн доктор Базаева Фатима); естествознанин факультет (декан–биологин Iилманийн кандидат Магомадова Раиса); физически культурин, спортан факультет (декан–педагогикин Iилманийн кандидат Батукаев Абу); педагогикин, психологин факультет (декан–педагогикин Iилманийн кандидат, доцент Алиева Сацита). Цул сов, заочни кепара дешаран факультет ю (декан–историн Iилманийн кандидат Киндарова Яха). Карарчу шарахь очни а, заочни а кепара деша тIеэцнарг 1903 стаг ву. Цхьана метте 2–3 а, цхьацца говзаллашкахула 5–6 стаг а волуш хиллачу йоккхачу конкурсах чекхбевлларш бу уьш, чIагIдо 1989-чу шарахь дуьйна университетехь болх беш йолчу филологин Iилманийн доктора, нохчийн меттан кафедрин куьйгалхочо Навразова Хьавас (1996-чу шарахь дуьйна кху шеран апрель бутт кхаччалц гуманитарни факультетан декан лаьттина иза). Хьехархойн университете деша бахка луурш иштта дукха хиларан масех бахьана далийра Хьавас:

Хьалхарниг. Деша дIаэцар цхьана а кепара озабезамца доцуш, абитуриентийн хааршка хьаьжжина (ЕГЭ-н, кхин тIе экзамен яла езачохь, цуьнан жамIаш а тидаме оьцуш) хилар.

ШолгIаниг. Ерриге а факультеташкахь дика вовшахтоьхна хьехархойн корматалла йовзийтаран (профориентацин) болх. ХIора район университетан зеделларг долчу белхахочунна тIечIагIйина ю. Хьехархой, студенташ, исбаьхьаллин самодеятельностан дакъалацархой юкъахь болуш, вовшахтоьхначу йоккхачу тобанца школашка дIа а доьлхуш, факультеташ, цигахь йолу говзаллаш, йовзийтар хуьлу хIора шарахь. Оццу Iалашонца, дешархоша шаьш дIалур йолу экзаменаш къастоле хьалха, универститетехь дIахьо «Йиллинчу неIарийн де» («День открытых дверей») гIуллакх. Оцу дийнахь дешархойн а, церан дай-нанойн а таро хуьлу университетан дахар ма-дарра довза. ТIеэцаран экзаменашца а, дешаран хьелашца а, студентийн Iер-дахарца а доьзначу муьлххачу а хаттаршна дуьззина жоьпаш ло факультетийн а, кафедрийн а, студентийн юкъараллин организацийн а куьйгалхоша. Республикин тоьллачу школашкахь схьайиллина базови кафедраш. Хинболу абитуриенташ билгалбахаран Iалашонца дIахьо дешархойн олимпиадаш.

  Кхоалг1аниг. Дешарна оьшу дерриге а хьелаш ду тахана университетехь: аудитореш, яккхий лекционни залаш, Iилманан лаборатореш, методкабинеташ, компьютерни классаш, актови а, спортан а залаш, шен фондехь ахмиллион гергга экземпляр книга йолу йоккха библиотека, уггаре а коьртаниг – лаккхара говзалла йолу хьехархой. Тахана университетехь доьшуш верриге а 7018 студент ву. Профессорийн-хьехархойн коллектив 421 стагах лаьтта, царах 55 Iилманийн доктор ву (Джамбекова Тамара, Аслаханов Сайд-Iали, Хасбулатова Зинаида, Ахмедова Хьапта…), 202 Iилманийн кандидат ву. Универститет схьайиллинчу хьалхарчу дийнахь дуьйна кхузахь болх беш ву философин Iилманийн кандидат, профессор Гадаев Ваха, педагогикин Iилманийн кандидат Басханов Сурхо, филилогин Iилманийн кандидат Буралова Раиса, лакхара хьехархо Боршов Георгий, коьрта бухгалтер Юнусова Яха, дуккха а кхин а. Хьехархошна юкъахь кIезиг бац хIара университет чекх а яьккхина, тахана студенташца кхиамца болх беш берш а. Тхоьца къамелаш хиллачара дуккха а цIерш ехира, тхан уьш цхьанаметта яхар ца нислахь а. Гуш ду хьакъ долччу тIегIан тIехь студенташца Iаморан а, кхетош-кхиоран а болх дIабахьа хьуьнаре профессорийн-хьехархойн коллектив кхузахь вовшахкхетта хилар.

Хазахеташ дара хьалха шайца болх бинарш биц цабар а. Баркаллица дагалоьцу кхузахь еххачу хенахь университетехь къахьегна волу филологин Iилманийн доктор, профессор, Нохчийн Республикин Iилманийн академин академик Чокаев Кати (карарчу хенахь воккха хиларца доьзна балхана юкъараваьлла иза), бакъдуьнена бирзина Iилманийн кандидаташ Акаев Iадлан, Азиев Сурхо, Ачараев ИбрахIим, Солтаханов Элбек, Гойтемиров Муса, Межидов Джамал, Дикаев Бексолта.

Iилма

 

Университетан белхан мехала дакъа ду Iилманан-талламан белхаш бар. ХIора шарахь дIахьо тайп-тайпанчу тIегIанан (региональни, ерригроссин, дуьненаюкъара) Iилманан-талламан 10 сов конференци. Цул сов, университетехь болх бечу Iилманчаша жигара дакъалоцу республикехь а, Россин кхечу регионашкахь а, дозанал арахьа а вовшахъеттачу Iилманан конференцешкахь. Ламасте дирзина хIора шарахь Iилманан фестиваль дIаяхьар. Цхьана батта чохь фестивалан гурашкахь вовшахъетта конференцеш, горга стоьлаш, Iилманан семинараш, олимпиадаш, гайтамаш, Iилманан белхаш бовзийтар, йиллина лекцеш, гоьбевллачу Iилманчашца цхьаьнакхетарш. Луларчу регионашкарчу ВУЗашкара къона Iилманчаш а, студенташ а кхойкху фестивале. Шо-шаре даларца алсамбуьйлу цуьнан дакъалацархойн барам. ТIаьххьарчу фестивалехь дакъалаьцнарг 3 000 сов стаг вара. ХIора шарахь Iилманан конференцешна, семинарашна 700 сов доклад кечйо университетан студенташа, царах 100 гергга статья конференцийн жамIашкахула арахоьцучу гуларшкахь зорбане а йолу.

НПХьУ-хь кхиамца болх беш аспирантура ю. Цигахь доьшуш ву 172 аспирант. Царна тIехь куьйгалла до университетехь болх беш болчу тоьллачу говзанчаша, оьшуш меттиг хилча, кхечу Iилманан учрежденешкара говзанчаш а кхойкху. Аспиранташа жигара дакъалоцу ВУЗашна юкъарчу Iилманан конференцешкахь, шайн статьяш зорбане йоху «НПХьУ-н хаамаш», «НПХьУ-н геланча», иштта кхечу журналашкахь.

Iилманан-талламан белхаш жигара бахарна дика гIо хуьлу Университето тайп-тайпана гранташ яхарх. Грантех, конкурсех хаамаш гулбеш а, шайн белхахошна уьш бовзуьйтуш а, конкурсашкахь дакъалаца заявкаш кечъярехь гIо деш а, боккха болх бо грантийн а, дуьненаюкъарчу зIенийн а отдело. Оцу Iалашонца отделан белхахоша дIахьо семинараш, консультацеш, кхечу ВУЗашца, Iилманан учрежденешца уьйраш чIагIъярна тIехьажийна гIуллакхаш до. Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университето цхьаьна гIуллакхаш даран хьокъехь барташ бинчу Iилманан учрежденешна юкъахь ю: Фрайбургера хьехархойн институт (Германи), Гоце Делчеван цIарах йолу университет (Македони), И.Джавахишвилин цIарах йолу Тбилисера пачхьалкхан университет (Гуьржийчоь), Абайн цIарах йолу Казахстанан къоман хьехархойн университет, Къаьмнийн доттагIаллин Россин университет, ГIобанхойн (Кубанский) физически культурин, спортан, туризман университет, Донан пачхьалкхан технически университет, иштта кхин а. Оцу барташца билгалдина ду цхьаьний Iилманан-талламан белхаш бар а, студенташца хийцамаш бар а. Цунна цхьа масал ду карарчу дешаран шарахь университетан филологин факультетехь доьшуш США-н кхоъ гражданин хилар. Нохчийн мотт Iамор ю церан Iалашо. Кхин цхьа дIадолор ду университетехь – кхочушъян йолийна «Хьуьнаре студент» («Одаренный студент») программа. Цуьнан Iалашо ю Iилманан балхана хьуьнаре студенташ билгалбахар а, цаьрца шайцца къаьсттина болх бар а.

Дукхах йолчу факультеташкахь болх беш ю студентийн Iилманан юкъараллаш а.

 

Кхетош-кхиоран балхана – коьрта тидам

Университет чекхъяьккхина, школе воьдуш волу хьехархо, ша хаьржинчу говзаллехула кIорггера хаарш хиларал сов, дешархошца кхетош-кхиоран болх вовшахтоха кийча хила а веза. Оцу Iалашонца шаьш бечу балхах дийцира тхуна университетан кхетош-кхиоран декъехула проректора, педагогикин Iилманийн кандидата Ажиев Ахьмада. Уггаре а хьалха цо билгалдаьккхира студенташца беш болу болх Республикин Куьйгалхочо чIагIйинчу ийманехь кхетош-кхиоран юкъарчу Концепцин буха тIехь дIахIоттийна хилар. Сих-сиха хуьлу Iеламнахаца цхьаьнакхетарш. Ламасте дирзина яккхийчу тобанашца студенташ зераташка бигар. Кегийрхошкахь къинхетаме хилар кхиоран Iалашонца хIора шарахь дIахьо «Диканан кIира» («Неделя добра»). Оцу кIиранчохь студенташ буоберийн а, берийн-заьIапхойн а учрежденешкахь хуьлу. Цхьацца совгIаташца, концертан номершца, даггара дечу къамелашца церан дог хьосту. Жигара дакъалоцу студенташа, «Дахаран хи» («Река жизни») цIе тиллина, дIахьочу Доноран дийнахь цIий даларехь а. Къоман ламасталлин культура а, искусство а йовзийтарехь доккха маьIна леладо «Студентийн бIаьсте», «Дашо гуьйре» фестивалаша. Церан гурашкахь дIахьо хелхарийн, иллиалархойн, дикаешархойн къийсадаларш, къоман духарийн, даарийн, студенташа дехкинчу суьртийн гайтамаш, университетан театран спектаклаш (ишттаниг а ю кхузахь шен хенахь Россин Федерацин халкъан артиста Дудаев Мусас вовшахтоьхна), КВН-н клубийн къийсадаларш, дуккха а кхин гIуллакхаш. ЦIархазмана а доцуш, шуьйра билгалдоху тайп-тайпана дезденош: Мохк ларбархочун де, Машаран де (16-гIа апрель), Толаман де (9-гIа май), Нохчийн меттан де, Россин де, Нохчийн зудчун де… Къаьсттина шуьйра билгалдоккху Нохчийн меттан де. Гуманитарни факультетан дIадолорца дийнна шарахь дIахьо цунна лерина гIуллакхаш: литературин суьйренаш, яздархошца цхьаьнакхетарш, дикаешархойн къийсадаларш, сочиненийн конкурсаш, нохчийн маттехула олимпиадаш. Карарчу шарахь дукха гIуллакхаш вовшахдиттира Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIамехь Толам баьккхина 70 шо кхачарна лерина.

ВУЗан дахарехь гуттар а йоккха меттиг дIалоцуш хилла спорт. Болх беш ю охьатохархлатаран, футболан, волейболан,езачу атлетикин, яйчу атлетикин секцеш. Университетан спартакиадица цхьаьна, сих-сиха вовшахдетта ВУЗашна юкъара а, Соьлжа-ГIалин Ленински районерчу школашца а тайп-тайпана къийсадаларш (турнираш). Бевзаш болчу дуккха а спортсменашна кхиаран майда хилла лаьтта университет. Терахьашца аьлча, 45 дуьненаюкъарчу спортан мастер а, 250 спортан мастер а, бIеннаш спортан мастершка кандидаташ а кхиийна кхузахь. Карарчу хенахь къаьсттинчу тидаме эцна ду студенташ ГТО-н норманаш дIаяларна юкъаозор. Мехала ду аудиторил арахьара гIуллакхаш вовшахдеттарехь а, дIадахьарехь а шаьш студенташа жигара дакъалоцуш хилар. Оцу Iалашонца хIора факультетехь а вовшахтоьхна студентийн шаьш-шайна урхалла даран комитеташ.

Юкъараллин дахарехь студенташа боккхачу лаамца дакъалоцуш хиларан кхин цхьа бIаьрла масал далийра тхуна А.Ажиевс. ХIокху аьхка юкъарадешаран юккъерчу школашкахь ЕГЭ-н экзаменаш дIалуш юкъараллин тергамхойн жоьпаллин декхарш кхочушдира университетан 15 студента. Мичхьарачу школашкахь аьлла хета шуна? Санкт-Петербурган! Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министерствехь леррина кеч а бина, хьовсийнера уьш мехкан «шолгIачу» столице. Шайн декхаршца дика ларийна, республикина юьхькIам болуш, цIа бирзира студенташ Санкт-Петербургера. Цунна тоьшалла дора церан болх Сийлаллин грамоташца а, Баркаллин кехаташца а билгалбаьккхина хиларо.

Шен къамел дерзош, А.Ажиевс элира:

– Студенташца бечу балхахь чIогIа маьIне ду ректоран студентийн юкъараллин жигархошца цхьаьнакхетарш. Уьш семестрехь шозза хуьлу. Оцу цхьаьнакхетаршкахь студентийн таро ю дешарца а, юкъараллин дахарца а, Iер-дахарца а доьзначу муьлххачу а хаттарна университетан куьйгалхочуьнгара дуьззина жоп хаза. Дагадовларан кепехь дIахьочу оцу цхьаьнакхетарша дика Iаткъам бо Iаморан а, кхетош-кхиоран а белхан дикалла айъарехь.

Дерзор. Юкъарадешаран, юккъерчу, лаккхарчу дешаран дикалла айъарехь Iаламат дукха ду юккъерчу школин хьехархочух дозуш. Кхузахь буьллу хинболчу студентийн хаарийн бух. Цундела мехала ду кIорггера хаарш долуш, хьехаран методика евзаш, шен къоман а, мехкан а патриот волуш хьехархо кечвар. Иштта хьехархо кечварна оьшу дерриге а хьелаш ду тахана Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университетехь. И хьелаш кхин а толург хиларх тешна, бертахь, кхоллараллин шовкъаца къахьоьгуш профессорийн-хьехархойн коллектив ю. Тхуна дуьсуш дерг «Даймохк» газетан редакцин цIарах Университетан коллектив юбилейца даггара декъалъяр ду.

Дала тIаьхье беркате йойла!

Хь.АБОЛХАНОВ

 

№134, от, лахьанан (ноябрь) беттан 28-гIа де, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: