Терахьаш а, бакъдерш а

Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн институт схьаелларан хьокъехь сацам тIеэцна Россин Федерацин Министрийн Совето 1980-чу шеран ноябрь беттан 28-чу дийнахь.

                                                ***

   1981-чу шарахь 6 говзаллехула деша тIеийцира 300 студент.

***

   1995-чу шарахь дуьйна университето арахецна 15 089 говзанча (тIеман хьелашкахь архив хIаллакьхиларна, цул хьалхара терахьаш билггал хаа йиш яц).

***

   Университетехь 8 факультет а, 20 сов говзалла а ю.

***

   Карарчу шарахь деша тIеэцна 1 903 стаг. 2015–2016-чуй дешаран шарахь университетан ерриге а факультеташкахь доьшуш ву 7 018 студент.

***

   Аспирантурехь доьшуш ву 172 аспирант.

***

   Университетехь хьехархочун болх беш ву 421 стаг, царах 55 Iилманийн доктор а, 202 Iилманийн кандидат а ву.

***

   Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн институтах Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университет яран хьокъехь Россин Федерацин дешаран а, Iилманан а министран омра арахецна 2015-чу шеран сентябрь беттан 4-чу дийнахь.

 

№134, от, лахьанан (ноябрь) беттан 28-гIа де, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: