Россин зенитно-ракетни комплекс – С-400 Шемахь тIеман гIуллакхна дIахIоттийна. Цхьана хенна 12 Iалашонна тохар дан ницкъ болуш ю иза. Цо лардийр ду хIинца дуьйна Шемахь долу Россин кеманаш.
***
Россин летчик кIелхьара ваьккхинчу меттехь хиллачу террористашна ондда тохар дина Россин кеманаша а, ракетийн комплексаша а. Цигахь хилла террористаш хIаллакбина.
***
ТIаьхьарчу кхаа дийнахь Шемахь йолчу «Иблисан пачхьалкхан» гIеранашна 450-зза сов тохарш дина Россин кеманаша, оцу мехкан бархI провинцехь хиллачу гIеранашна даккхий зенаш деш.
***
Хонкарца йолу юкъаметтигаш а, зIенаш а хедийна Россис, совцийна инвестицийн программаш кхочушъяран гIуллакхаш.
***
«Боко-Хьарам» боламан экстремисташ Нигерерчу цхьана юьртана тIелетта. Цигара 18 маьрша стаг вийна цара, чевнаш йинарш шозза алсам бу.
***
Азербайджанан коьртачу шахьарна уллехь террористашна дуьхьал леррина операци дIахьош лаххара а виъ террорист хIаллаквина, кхелхина бакъонаш ларъяран органийн ши белхахо а.
***
Желтойчоьнан пачхьенехь митинг дIаяьхьира пенсионераша. Цара Iедале лоьху пенсеш тIетохар. «Кхаа бIе еврох хене довлалур дац тхо», – дIахьедира цара.
***
Украинерчу Iедалан эскарша юха а Луганскан халкъан республикин дозане тIеоьзна шайн танкаш.
***
ГIирмера электросерло дIаяккхарца Украинин Iедало дIагойту шаьш экстремистийн гIо лоцуш, церан лаамна тIаьхьадозуш хилар.
***
КIирандийнахь Парижехь дIахьур ю экологин хьал дийцаре дарна лерина йолу дуьненаюкъара конференци.
***
В.Путинан а, Ф.Олландан а цхьаьнакхетар хилира. Цара дийцаре дира терроризмана дуьхьал цхьаьна къийсам дIабахьаран хьокъехь долу гIуллакхаш.
***
ТIаьхьарчу цхьана кIирнах Россин дуьненаюкъара валютийн тIаьхьало 0,1 процентана алсамъяьлла.
№134, от, лахьанан (ноябрь) беттан 28-гIа де, 2015 шо