Соьлжа-ГIалахь хилира Псковера делегаци

    Ноябрь беттан 26-чу дийнахь Нохчийчу еара Псковски областера делегаци. Царна хьалхаваьлла вара Псковски областан губернатор Турчак Александр.IMG_9559

    Делегаци Нохчийчу яран коьрта Iалашо яра Псковски областан а, Нохчийн Республикин а зIенаш чIагIъяр. 2000-чу шеран 29-чу февраланий, 1-чу мартаний юкъахь Нохчийчохь террористашца  хиллачу тасадаларшкахь кхелхинчу Псковерчу десантникашна лерина бина иэсан хIоллам схьабелларехь дакъалецира губернатора Турчак Александра. Иза схьабиллира Соьлжа-ГIалин Старопромысловски районан Псковерчу 84 десантникан цIарахчу урамехь. Иштта цигахь дакъалецира Соьлжа-ГIалин куьйгалхочо Динаев Iадлана а, кхелхинчу десантникийн гергарчара а.

–  Вай даима а дагахь латтор ду вайн турпалхойн хьуьнарш. Тхан областан бахархошна хала а, лазаме а хIума ду иза дагалацар. Оха даггара баркалла боху Кадыров Рамзанна, терроризмана дуьхьал дIабаьхьначу къийсамехь эгна болу тхан турпалхой дагахь латторна, – элира Турчак Александра.

Псковерчу дивизин 104-чу полкан 2-чу батальонан командиран Евтюхин Маркан нанас Евтюхина Лидияс массарна а даггара баркалла элира шен кIант а, кхиболу десантникаш а дагахь латторна.

– Кхелхинчу салтийн а, эпсарийн а дай-нанойн а, церан гергарчеран а цIарах боху ас, 15 шо хан яьллехь а, цу бохаман лазам хIинца а тхан дегнашкахь бу. Шен доьзалхочух яьлла муьлхха а нана кхетар ю сох. Кхин цкъа а тIом ма хуьлийла вайн махкахь. Даима а маьрша стигал хуьлда вайна тIехула, –  элира Л.Евтюхинас.

Иэсан хIоллам схьабиллинчул тIаьхьа, Нохчийн пачхьалкхан университетехь а, Архангел Михаилан цIарахчу килсехь а, «Нохчийчоьнан дог» маьждигехь а хилира Псковера хьеший. Цул тIаьхьа, Нохчийн Республикин Куьйгалхочуьнца Кадыров Рамзанца цхьаьнакхийтира А.Турчак. Цигахь регионийн куьйгалхоша дийцаре дира экономикехь, социальни декъехь, культурехь, дешарехь цхьаьна гIуллакхашдаран а, юкъаметтигаш чIагIъяран а гIуллакхаш.

М.КАНТАЕВ

Авторан сурт

 

№134, от, лахьанан (ноябрь) беттан 28-гIа де, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: