Нохчийн Республикин Парламентан 10 шо кхачарна лерина цхьаьнакхетар дIадаьхьира Соьлжа-ГIалахь.
Цигахь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан, Россин Пачхьалкхан Думин депутат Делимханов Адам, Нохчийн Республикин Парламентан спикер Даудов Мохьмад, Къилбаседа Кавказан федеральни округан субъектийн Законодательни гуламийн векалш, иштта кхиболу хьеший.
Республикин Куьйгалхочо юбилейца декъалбира нохчийн парламентареш. Республикехь денна а хуьлуш болчу кхиамашкахь Законодательни гуламо доккха дакъалоцуш хилар а билгалдаьккхира цо.
– Парламент когахIоьттина яьлла аьлла, дозаллица кхайкхам бан йиш ю вайн! Дуккха а пайде законаш тIеэцна цо кху 10 шарахь. Оцу законаша республикина шен бакъонийн бух юхаметтахIотто а, кхоччуш Россин субъект хила а аьтто бина. Кхузахь болх беш бу шайн балхаца шаьш Даймахкана муьтIахь хилар а, лаккхара говзалла а гойтуш болу говзанчаш. Ала догIу, депутаташа законаш дахарехь болх бина ца Iаш, хIора дийнахь бахархошца а болх беш хилар. Ас даггара декъалдо шу юбилейца! Дала балхахь кхиамаш баха аьтто бойла шун, ирсе дахар а лойла шуна, – элира Р.Кадыровс.
Иштта Республикин Куьйгалхочо дагалецира июнь баттахь кхелхина волу Нохчийн Республикин Парламентан хьалхара Председатель Абдурахманов Дукхуваха. Цуьнан хьуьнарш а, дика амалш а билгалъехира Р.Кадыровс.
– Таханлерчу дийнахь Баштин Дукхуваха дагалаца луур дара суна. Республикехь парламентаризм кхолларехь, иза кхиорехь дийцина цаваллал къахьегна цо. Шен мохк а безаш, лела а хууш, майра а волуш, ша бечу белхан лаккхара говзанча а волуш стаг вара иза. Вай даима а дагахь латтор ву Баштин Дукхуваха, – билгалдаьккхира Нохчийн Республикин Куьйгалхочо.
Цул тIаьхьа, юбилейца доьзна Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана «Нохчийн Республикин дуьхьа хьуьнарш гайтарна» а, «Кадыров Ахьмад-Хьаьжин – 60 шо» а мидалш елира Парламентан спикерна Даудов Мохьмадна. Парламентан вице-спикершна Закриев Салманна а, Юсупов СаьIидна а «Кадыровн орден» елира.
Даима а Парламентана гIо-накъосталла дарна Даудов Мохьмада баркалла элира Кадыров Рамзанна. Нохчийн Республикин Куьйгалхочо а, бахархоша а шайна белла тешам ларбарехь парламентареша ницкъ ца кхоош, къахьоьгург хилар д1ахаийтира цо. Шен къамел дIадерзош, 600 шо хьалха дина долу Къуръан делира цо Нохчийн Республикин Куьйгалхочунна.
Нохчийн Республикин Парламент юбилейца декъалъеш бистхилира Къилбаседа Кавказан федеральни округан субъектийн парламентийн векалш. Массара а безамна цхьаьна сурт доккхуш дIадерзийра цхьаьнакхетар.
И.ХАСАХАНОВ
Авторан сурт
№134, от, лахьанан (ноябрь) беттан 28-гIа де, 2015 шо