Нана, нохчийн нана хьол деза, хьол сийлахь, хьол хьоме хIума дац-кха хIокху дуьненахь! Хьо ду-кх тхан ирс, тхан беркат, тхан зовкх. Хьоьца йоьзна йолчу ойланал мерза хIума дац. Къинхьегамо шагдинчу хьан куьйгал ховха хIума дац. Яхалахь тхуна массо а ханна, нана, тхан хьоме нана. Далла сужда дина ваьлча, хьо хьакъ яр-кха хьайна суждане ваха. Вайн Элчано – Мухьаммад Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) баьхна-кх: «Ялсамани ненан когаш кIел ю». ТIаккха муха гIур вацара хьуна суждане.
Нана, нохчийн нана, тхан турпала нана. Цхьа нохчи хIокху дуьненахь мел ву сий, ларам хир бу хьуна хьан. Нана къинтIера ялалахь тхуна тахана хьан экаме дог оха кIезиг хьастарна, хьан эца ма-деззара дог ца эцарна. Тешалахь, догIур ду хьуна оха хьо хьайна хьакъ болчу хастаме хьалаайъина де.
Нана, тхан хьоме нана!..
№134, от, лахьанан (ноябрь) беттан 28-гIа де, 2015 шо