Ненан де уггаре а беркатечу, сирлачу денойх цхьаъ ду. Нана вайна массарна а уггаре а гергара, уггаре а хьоме, уггаре а мерза адам ду. Цо вайна комаьрша схьало шен безам, деган йовхо, аьхналла. Ненан экамечу белшаш тIе оьгуш ду шайн берашкахь гIиллакх, оьздангалла, эхь-бехк, ийман, Даймахке безам кхиоран чолхе декхарш.
Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентана, Россин Турпалхочунна дезара Мухьаммад Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) аьлла долу: «Ялсамани ненан когаш кIел ю» – боху дешнаш юх-юха а алар. Оцу дешнашна тIетийжарца цо дагадоуьйтура нанас вайн дахарехь, бусалба динехь, юкъараллехь лелош долу доккха маьIна.
Ахьмад-Хьаьжас социальни политикехь даима а уггаре а коьртачех лорура ноналла а, бералла а лардаран программаш кхочушъяр. Цо хьехначу некъа тIера дIаса ца хьаьвзаш, тешна хиларца хьалхахьа доьлхуш ду вай. Тахана республикехь кхочушъеш ю ноналла а, бералла а лардаран тайп-тайпана социальни программаш. Iедалера гIо-накъосталла хуьлу дукха бераш долчу а, гIийла бохкучу а доьзалшна, шайн белхан декхарш кхочушдеш кхелхинчу бакъонаш ларъяран белхахойх бисинчу зударшна, церан берашна, церан наношна.
Махкана а, халкъана а эзарнаш турпала, хьанала кIентий кхиийначу нанойх дозалла до тахана Нохчийн Республико, халкъо. Уьш, и кIентий, къоман турпалхой хилла дIахIиттина, цара шайн дахарш дIаделла Даймахкахь машар, беркат, токхо хилийтаран дуьхьа.
Тхан хьомсара Наной!
ХIокху дийнахь суна дIахаийта лаьа ас шун боккха, доза доцу сий-ларам беш хилар, кIаддалар доцуш аш шайн ноналлин декхар кхочушдарна, шун дегнийн аьхналлина, дегнийн йовхонна, дахаран чолхечу хьелашкахь тхан гIолаца, дог-ойла ир-кара хIотто шуьгахь хьуьнар хиларна.
Даггара лаьа шу дуккха а дехийла! Бераша, берийн бераша шайн кхиамашца даима а даккхийдедойла шу, машар а, синтем а, беркат а лаьттийла шун хIусамашкахь.
Ирсе хуьлда шу!
№134, от, лахьанан (ноябрь) беттан 28-гIа де, 2015 шо